Интерполо лехамашкара дIаяьккхина, шен жимачу кIантаца Украинерчу тIамах йада декхаре хилла Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина. Румынихула дехьайолуш лаьцнера иза, цул тIаьхьа масех бутт баьлча цигахь тховкIело йелира цунна. Интерполон лехамашкара иза дIайайъарх хаамбира, мухIажарна гIо динчу Европехь куп тоьхначу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино.
36 шо долу Гериханова Амина лецира румынхойн дозанехь зазадокху-беттан 13-чохь. Бахьана дара, Шемарчу тIамехь цо дакъалаьцна аьлла, Оьрсийчоьно бехкейина, дехар дар. Оцу юкъанна Украине тIамца Оьрсийчоьнан эскарш чугIоьртинчу заманчхь Гериханова Киевехь йеха пхи шо а дара. Румынихь лаьцна йитира зуда, ткъа цуьнан кIант берийн хIусамехь дIатарвира, цигара Европерчу гергарчара шайга дIавигинера.
Масех бутт а бара Герихановн гIуллакхехула кхело листарш дIахьон, цо а, цуьнан адвокаташа а дIахьедора, нагахь санна, иза Оьрсийчоьне дIалахь, цунна йен кхерам латтарх. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь мухIажаро дIахьедира нохчийн ницкъахоша шех "шахIид" ярх.
Экстрадици йеш бинчу сацамна дуьхьал Герихановас чукхачийначу латкъамна Румынин Лакхарчу кхело 30-чохь жоп делира, ткъа мухIажаре шега хаамбира цунах лаьцна лахьан-беттан 4-чохь. ХIетахь дийцадаьккхира иштта зорбанан гIирсашкахь а. Интерполан лехамашкара дIайаккхаро бакъо ло Гериханова Аминина, Австрехь кехаташ кечдечу щен кIантах дIакхета.
- Гериханова лаьцначул тIаьхьа масех беттанашкахь Европан пачхьалкхашкахь бехачу Нохчийчуьрчу бахархоша пикеташ а, митингаш а дIайаьхьира, мухIажар маьршайаккхар тIедожош.
- Гериханова дIахеца аьлла, тIедиллира иштта Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а. Евробертан Iедалхошка вистхилира иза, харц бехкашца лаьцна ю иза аьлла, кхозлагIчу махка дехьайала бакъо а луш, маьршайаккхар тIедиллира цо.
- Лахьан-беттан юьххьехь дийцадаьккхира, Хорватихь иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархой лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас дIахьедира хIетахь, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла.
- Хорватихь лецначех цхьахволчун хIусамнанас дIахьедира Кавказ.Реалиин редакцига, бутт сов Загреберчу депортацин набахтехь латточу шен цIийндена тIе лор а, адвокат а цавитарх.
- Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала.