ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкх" тобан пропагандисте бехк кховдийна Америкехь


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Юстицин министралла, Вашингтон
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Юстицин министралла, Вашингтон

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Федералан прокуратуро хаам бина шотдийнахь, Юстицин министралло бехк кховдийна хиларх лаьцна, "Исламан пачхьалкх" терроран тобанна гIо дарна Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхера схьаваьллачу Канадин махкахочуьнга Халифа Мохьаммаде. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Юстийин министралло зорбане яьккхинчу пресс-релизехь, яздо Американ Аз зорбан гIирсо.

Бехк буьллуш динчу жамIехь чIагIдеш ду, Халифа Иракъехь а, Шемахь а тIеман конфликт дIайоьдуш "Исламан пачхьалкхехьа" тIемашкахь жигара дакъалаьцна хиларх а, пропагандистан болх беш а хиларх лаьцна. Цо дуьйцуш хилла дерриг дуьненна "Исламан пачхьалкха" закъалтана лецначу нехан коьртеш дохуш, шайна юкъахь амеркахойн журналист Фоули Джеймс а волуш.

Юстицин министро дийцарехь, Халифа Иракъехь а, Шемахь а "Исламан пачхьалкхан" лаам гойту "коьрта элемент" хилла, ингалсан маттахь болх бечу зорбан гIирсаш бечу белхан.

Халифа лецира Американ Федералан талламан бюрон (FBI) агенташа. Шотдийнахь Вирджиния штатан Малхбален гонан кхело официалан кепара бехк кховдийра цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG