ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулан аэропортехь лелхийтарш: иттаннашкахь бу белларш, шайна юкъахь 12 Американ эскархо а волуш


Еарин дийнахь Кабулерчу дуьненаюкъарчу аэропортехь хиллачу шина эккхийтарехь тIаьххьарчу хаамашца велла 60 гергга стаг. Чевнаш йина 140 ву. Динчу зуламах жоьпалла шена тIеэцна "Исламан пачхьалкх" (террорхойн организаци лаьрра, Оьрсийчохь йихкина ю) тобано.

Дуьххьарлера эккхийтар дира аэропортна чувоьдучохь, хаамбо CNN телеканало, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министраллан шина белхахочунна тIетевжина. ШолгIаниг – аэропортана гена доццучу Barron хьешан цIенна хьалха.

Къаьсттина дукха нахана чевнаш йина хьалхарчу эккхийтарехь. Бу царлахь Американ эскархой а цхьана.

Юьхьанца дуьйцура, виъ велла бохуш, тIаьхьо Пентагоно тIечIагIдира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 12 тIемало валар.

Аэропорте чувоьдучохь эккхийтар дина терорхочо-Iожалхочо. Билггал терроран тохарехь беллачийн терахь довзийтина дац. Дуккхахболу белларш – эвакуацин рейсашна тIекхача дегайовхо йолу афганхой бу.

Терактах лаьцна КIайчу цIийнехь вистхилла Американ президент Джо Байден. "Кхин адамаш кIелхьарадохучу са ца кхоадечу миссин турпалхой бу" байина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIемалой аьлла цо. Американ а, кхечу мехкийн а бахархой Афганистанера арабохуш гIо деш бара америкахойн тIемалой Кабулерчу аэропортехь. Байдена бахарехь, тIаьххьарчу 11 дийнахь эвакуаци йина 100 эзар сов стагана.

Теракт динарш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна карор бу, бекхам а бийр бу аьлла президенто Байдена. Кабулера эвакуаци кхин а дIахьур ю, карара бутт бале шайн эскархой Афганистанера арадоху планаш юхалистина яц шаьш аьлла цо.

Афганистанера Американ эскарш Марсхьокху-беттан 16-чохь арадахарна йинчу критикана жоп луш аьлла Джо Байдена, шайн бахархой йа тIемалой Афганистанехь байарна Штаташа маса а, шога а бекхам бийр бу аьлла.

Конгрессмено Коллинз Дага, Американ векалийн палатерчу цхьаъ бен воцчу мозгIара, кхайкхам бина Байдене, сихо йе аьлла.

"Оха "Талибане" къаьсташ дIахьединера, муьлхха а тIелатар, муьлхха а тхан ницкъашна кIелояр, аэропортехь йа тхан балхана юкъагIортар дуьхьал ницкъбоккхуш доьрзур ду аьлла", - яздина Коллинза шен твиттерехь.

Пачхьалкхера дIабаха аьтто хиларе хьоьжуш, эзарнашкахь афганхой бара аэропортна гергахь.

"Кхерамзалла а, маршо а езара оцу нахана. Уггар а чолхечу хьелашкахь дина сийдоцу тIелатар ду иза", - аьлла хиллачух Германин канцлера Меркель Ангелас.

Норвегин арахьарчу гIуллакхийн министро Ине Мари Эриксен Сёрейдес дIахьедина, аэропорта чугIортийла цахиларна цхьана ханна нах арабахар сацадо ша аьлла.

  • Марсхьокху-бутт юккъе баьллачу заманчохь "Талибан" (Оьрсийчохь йихкина ю) боламо Афганистан шен контроле ерзийра. Кабулан аэропортера эвакуацин рейсаш йолийчхьана Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, церан агIончаша а махкара араваьккхина, тIалибаша хIаллаквен волу 90 эзар сов стаг. Кху беттан 31-чохь америкахойн тIемалой арабевр бу Афганистанера, тIаккха хаа ду, эвакуацин рейсаш ерзийний.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG