ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адамна Донецкан сийлахь вахархо цIе йелла боху хаам фейк йу аьлла


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу кIантана Кадыров Адамна гIалин сийлахь вахархочун цIе луш дIалаьцначу Донецк гIалин оьрсийн администрацин куьйгалхочо бина сацам зорбане баьккхина телеграм-каналаша. ТIаьхьо Оьрсийчоьно хIоттийначу Донецкан администрацино дIахьедира, шайн сайт украинхойн хакерша йастарх, хIинца чIагIдо, совгIат дарх хаам – фейк йу бохуш.

Администрацин сацам Москварчу хенаца суьйранна пхи сахьт долучу заманчохь зорбане хIоттийра "Mash на Донбассе" , "Осторожно, новости" телеграм-каналаша. Цу тIехь йаздора, цIе йелла цунна "жигара вахархочун позици хиларна, Донецкана а, Соьлжа-ГIалина а йукъахь культурин йукъаметтигаш кхиош дакъалацарна а, Оьрсийчоьнан Федерацин масштабашкахь Донецк гIалин имидж айбарна а".

Каналаша чIагIдора, документ Донецкан оьрсийн администрацин сайтехь зорбане даьккхинера бохуш. Кавказ.Реалиин сайтан аьтто ца белира сайтехь и карон, амма Кадыров Адам вара сайтан агIонехь "сийлахьчу бахархойн" тептарехь; тIаьхьо оцу тептарера дIавайира иза.

Москварчу хенаца бархI сахьт долучу заманчохь сайтехь хаам гучубелира, сайт йастарх хоуьйтуш, чIагIдарехь – ЦИПСО-н агIоно (Украинан информацин, психологин спецоперацийн ТIеман ницкъийн Центр). "Mash на Донбассе" канало чIагIдо, тIечIагIбинчу хаамашца, Кадыровна сийлахь цIе йаларх информаци – фейк хиларх, цунах лаьцна йаздо иштта пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло а.

Делахь а, совгIат дарх хаам пачхьалкхан "Чечня Сегодня" информацин агенталлин сайт тIехь хIара керланиг зорбане доккхучу заманчохь а, болуш бу.

  • ГIадужу-беттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Iели, хIетахь 14 шо долу Адам шайн йишица, 23 шо долу культурин министрца Iайштаца хилира "ДНР" олучу территори тIехь. Цунах лаьцна шуьйра дийцира Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь – цо чIагIдора, шен кхиазхоша-воIарша билггал тIамехь дакъалаьцна бохуш. Критикаша и монтаж йу элира, тIаьхьо зорбанан министро Дудаев Ахьмада а бакъдира и.
  • ГIадужу-беттан 29-чохь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан урхалхочун 16 шо долу кIант Кадыров Адам дукха хан йоццуш кхоьллинчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан "куратор" хIоттийна, оцу батальонан седа белира цунна хьалхо. ТIеман министраллина йукъадогIучу цу декъахь цо хIун болх бийр бу, - хууш дац.
  • Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла.
  • Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама дIахьедира, Кадыров Адам "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхо" хIоттийна аьлла. Оцу заманчохь 15 шо дара цуьнан.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 65 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан тIегIанера скандалашна йукъахь. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцура, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG