И дешнаш дешначу минотехь цхьаболчарна моттаделла хир дара кху кепара. Кадыров Рамзан балхара дIаволу. Кремло Нохчийчохь президентан маьрша харжамаш кхайкхабо. Цигахь дакъалоцу дуккха а бевзаш болчу а, боцучу а наха. Толам боккху халкъо хаьржинчу стага.
Амма ша политикера дIаволу олуш Кадыровс, массо а парг1ат воккхуг кхин дIа а элира. Цо дуьйцург хиллера цкъа мацца а хин дерг. Политика йита дагахь хиллера иза "терроризмаца къийсам дIабирзинчул тIаьхьа".
Амма цкъачунна «республика юхаметтахIоттош ю, хьелаш кхуллуш ду, терроризмаца къийсам дIаберзош бу, суна хетарехь, и хаттар дIакъевлича, тIаккха хаттар хIуттур ду, маца хаза дIагIур ву со аьлла», тIетуьйхира Кадыровс.
Амма нагахь Рамзан юьстах ваьллехь а, Оьрсийчоьнан низамца а догIуш, халкъа харжам бан йиш яцара шена куьйгалхо хоржуш. И гIуллакх хийцаделира кху беттан 2-чу дийнахь.
Цу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг таIийра республикийн куьйгалхой а, губернаторш а бахархоша хаьржина ца Iаш, меттигерчу парламенташна харжа бакъо луш долчу низаманна.
Иза шалха хиларо хаттар кхуллу, муха хир бу и харжамаш олий. Амма говзанчашна хетарехь, керла низам хьакхалуш хир ду Къилбаседа Кавказерчу республикех.
Сихаллех тIеэцна а, Путин Владимира тIечIагIдина а долчу харжамех лаьцначу низам тIехь дуьйцург шалха тида мегар долуш ду. Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхой хоржуш бу, харжамхоша кхаж а тосуш.Амма оьшуш меттиг балахь парламенташа харжа а мегар бу уьш.
И бохург ду Оьрсийчурча республикийн куьйгалхой а, губернаторш а, ма дарра аьлча, хьалха санна дIахIиттор бу Кремло бохург. Делахь а и гIуллакх къовса лаам болуш цхьа а вац.
Цул сов, политологшна хетарехь, харжамийн низаманна тIехь и хийцамаш бина Къилбаседа Кавказ бахьана долуш. Иштта ойла ю, масала, Москох йолчу политикан технологийн центран экспертан Макаркин Алексейн.
Макаркин Алексей: «Уггара а цуьнан гуш йолу Iалашо ю Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь харжамаш бар дIадаккхар. Иза оьшуш ду бах цхьайолчу республикашкахь конфликт эккха мегаш хиларна и харжамаш бахьана долуш.
Масала, нагахь, массо а наха дакъа а лоцуш, Дагестанехь харжамаш дIабахьа гIортахь, цигахь дов дала мега бах, суьйлишна а, даргинцашна а юкъахь. Суна хетарехь, и кхерам дукха бястийна бу, делахь а, и кхерамаш болуш бу. Цундела, суна хетарехь, цу кепара, сих а дина, и низам тIеэцар доьзна ду Дагестанехь кестта хир болчу харжамашца».
Кхузахь кхин цхьа тIегIа а ду, цу гIуллакхан бохуш, кхин дIа а дуьйцу Макаркин Алексейс.
Макаркин Алексей: «Цу низамехь яздойла дацара, иза билггал цхьайолчу республикехь хьакхалуш ду аьлла а, уьш ягар ян а. ХIунда аьлча тIаккха иза конституцица богIуш боцу сацам бу аьлла, тIеоьцур бара. Цхьолчу республикашна дискриминаци еш болу сацам санна тIеоьцур бара иза махкахь. Иза даре дар хир дара вайн тап-тайпана хьажар ду тайп-тайпанчу республикашка бохург.
Цундела дац цигахь дуьйцуш муьлхачу субъекташкахь дIабохуш бу бахархоша дакъа лоцуш болу харамаш бохург. Суна хетарехь, цу субъектийн цIераш йохуш цахилар доьзна кхин цхьана бахьаница.
Нагахь республикашкахь а, я кIошташкахь, харжамаш бан ца оьшу, иза дукха кхераме гIуллакх ду, вай ваьш хоржур ву вайна куьйгалхо аьлла хетахь федералан центрана, я шена губернаторна, тIаккха оцу низамах пайда эца мегар ду.
Масала, цхьана федерацин субъектехь лоруш волу стаг гучуволу, Кремална цигахь куьйгалхо хилийта лууш воцу. Масийтта аьтто бу цунна новкъарло ян.
Масала, муниципалан цаца бу и тайпа кандидат дIаваккха. Амма нагахь цу тайпа кандидатан аьтто балахь муниципиалан цацанах чекхвала, цуьнгхьара кхаж таса мегаш болу депутаташ хилахь, тIаккха аьтто хир бу харжамийн кампани дIа а яьккхина регионан куьйгалхо, ма дарра аьлча, хIотто.
Нагахь вай тидаме эцча вайн низамашдахаран зеделлачуьнга, къаьсттина губернаторий корпус вовшахтухучу агIора гуш ду, Кремл даиман а шена аьттонаш бан гIерташ хилар.
Масала, губернаторш дIахIиттош болуш, цхьа хIума дара. Нагахь президенто кховдийна йолу кандидатура меттигерчу парламенто дIататтахь (Оьрсийчура политикехь хуьлуш дерг схьаэцча, иза инзаре хIума хир дара) делахь а, и тайпаниг нислахь президента буьсуш масийтта аьтто бара.
Я кхин кандидатура хьалхаттата, я низамаш доху орган дIасахеца. Вуьшта аьлча, Кремал шен дуккха а аьттонаш бита лууш ю, цхьацца сацамаш беш. ХIинца тоьхна зил бу - муниципалан цаца. Цу цацано оппози юьстах йита аьтто ло аьлла хетало. Амма масане хуьла аьлла, Кремлна лиина харжамаш дIабаха аьтто шена бита».
Ткъа цу гIуллакхо новкъарло йийра яц Оьрсийчохь хила деззара политикан дахар дIахIотто. Даиман а ер ма яц Оьрсийчоь цу кепара, дукха хIуманех дозуш долу политикан дахар дIакхеххьа аьлла, шега хаьттича Макаркин Алексейс иштта жоп делира.
Макаркин Алексей: «Хаий шуна, проблема дукха атта ю. ХIу ду "хила ма деззара политикан дахар" бохург? Цхьаболчерна хетарехь, хила ма деззара политикан дахар 2011-чу шеран ГIура-бутт тIекхачале хилларг ду. Хила ма деззара дара. Газетехь бакъ далахь а критика еш яздан йиш яцара Iедалехь йолчу партин векалех лаьцна. Иза мегаш дацара.
Ткъа хIинца шайх бIобулуш хиллачу депуташна критика еш ю, уьш сийсаз беш бу, церан Iилманан белхаш толлуш ду, уьш беламе бохуш бу, сийсаз беш бу газеташкахь, лоьхуш ду, цара "хьахо дицдина долу долахь долу рицкъ. Иштта дIа кхин а.
Цундела хаттар ду латIахь дерг хIу ду, лартIахь доцург хIу ду аьлла. Цхьаболчарна хета, нагахь регионан куьйгалхо хоржуш хилча иза дика ду, цо демократин процессаш кхиайо аьлла. Вукхерна хета иза муххале а во ду, иза лартIахь дац, цхьа 20, 30, 50, 100, 200 шо даьлча вай цунна тIекхача а мега, аьлла.
Ткъа хIинца цу тIегIантехь ду аьлла ца хета царна. 90-чу шерашкахь хиллачо дитина дуккха а во хIума ду, цундела къепе а, вертикал а еза вайна аьлла хета царна. Президентана терго ян бакъо яла еза, криминалан гонашкара стаг ца харжийта аьлла хета царна.
Цундела лартIахь дерг хIу ду, хIу дац къастош вай тидаме эца деза Оьрсийчохь маслаIат бухехь а долуш цу проблеме хьежар цахилар.
Масала, кхузаманахьлера Франци вай схьаэцча, харжамаш дIабаха беза, цхьаъ Iедале кхачийта мегар дац аьлла, мохь бетта цхьаъ волавелча, президентан харжамашкахь дакъалацийта мегар дац цхьанга аьллча, иза аномали ю.
Вайн кхоччуш кхечу кепара политикан култура ю. Малхбузенехь йист яьккхина долу хаттарш вай долчехь къуьйсуш хула юх-юха а. Масала, царах ду, оьший те бахархошна харжамаш бан бакъо яла, муха тIеэца веза Сталин, оьшуш юй те вайна демократи, цуьнан метта паччхаь хилча, я онда куьг хилча муха хир дара боху хаттарш.
Вуьшта аьлча, вай хIинца а и хаттарш дийцаре деш ду. Цундела лартIахь дерг муьлхарниг ду, доцург муьлхарниг ду бохург дозаш ду хIора а стаганна хетачух. Нагахь вай кхузаманахьлера демократин агIора цу хаттаре хаьжахь, бакъду, нахера харжам бан йолу бакъо дIайоккхуш долу низам тIеэцар во ду.
Нагахь авториторизман агIончашна хетарг, кхузаманахьлера демократи зуламе ю Оьрсийчоьнна бохург юьхьара а лаьцна хьажча, иза муххале а дика ду».
Кхузахь хаттар кхоллало, Кадыров Рамзанна оьшуш дарий те и низам олий. Макаркин Алексейна хетарехь, Кадыров лууш вара, массо а харжамхоша дакъа а лоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан харжамаш дIабахьа. Иза шеко йолуш вац ша тоьлург хиларх. Макаркина дийцарехь, тIаккха цуьнан аьтто хир бара ша халкъо хаьржина ву ала.
Макаркин Алексей: «Ма дарра аьлча, и низам цунна пайдехь хуьлийла дац. Иза пайдехь ду, Кремлца барт а бина, Iедале кхача дагахь болчу кхечу республикашкарчу элитан декъашхошна.
Кадыров Рамзанах лаьцна аьлча, цунна пайдехь хир дара ша халкъо хаьржича. Кхеташ ду, хIинца волчу Оьрсийчоьнан президенто куьйгалхо Кадыров Рамзан хIоттор хиларх. Амма кхин дIа хIу хир ду хьанна хаа».
Амма керла низам бахьана долуш ша реза цахилар гайта дагахь вац Кремлна Кадыров Рамзан аьлла хета Макаркин Алексейна.
Макаркин Алексей: «Амма оццу хенахь, Кадыров Рамзан дагахь вац Iедалшца, Кремлца девне вала. Иза даиман а кхеташ хуьлу мегаш дерг хIу ду, мегаш доцург хIу ду бохучух. Цо наггахь а ца долуьйта шегара политикан гIалат. Нагахь цо шегара гIалат далийтахь а, цуьнан гIалат иза тIех ортодокс волчу стеган гIалат хуьлу.
Цуьнан гIалат хуьлу мелхо а ницкъах пайда эца беза бохуш волчу стаган гIалат. Цундела цо дукха атта тIеоьцур бу харжамаш дIабахьарх лаьцна болу муьлхха а Кремлан сацам".
Вай массо а ду Далла къеллахь лелаш. Вайна Цо мел хан тоьхна хуийла дац. Цхьа дагахь доццург а хилла, Путин Владимир Iедалера дIавалахь муха хир бу Кадыровн кхоллам? Цо хIу некъ хоржур бу аьлла хета хьуна?
Макаркин Алексей: «Хаац. ТIаккха керла долчуьнца дIатарвала хьажа мега иза. Иза чIогIа тарлуш стаг ву, баккъалла а аьлча. Цхьа парадоксан позици ша дIалоцуш иза кхеташ хуьлу, цо дуьйцург оьшуш хиларх а, иза ала догIуш хиларх а. Нагахь ша цхьана кхечу агIор вахана аьлла шена хеталахь, иза юхаволу. Иза дуьхьал гIерташ ца хуьлу, ша дуьйцург тIедаккха гIерташ.
ДагадогIу суна. Иза хьалаволуш дага деанера цунна Соьлж-ГIалана шен де цIе тилла. Амма Кремл цунна реза ца хиллий хиича, цо йитира и идея. Цундела, суна хетарехь, гергарчу хенахь цуьнан цхьа яккхийн проблемаш хир яц".
Массо а хIуман шен бIаьсте а шен гуьйре а ю. Кадыров Рамзан Нохчийчохь куьйгалхо волу дикка хан ю. Иза мьлхачу муьрехь ву? Схьагарехь, дуккха а шерашкахь куьйгалхо вуьсур ву иза Нохчийчохь?
Макаркин Алексей: «Хаий шуна, иза куьйгалхо хир ву, Iедалш а, Кремл а ша оьшуш хиларх тешо цуьнан аьтто мел болу. Цуьнан тешо аьтто балахь республикера хьал шех дозуш хиларх лаьцна, ша дIаваьлча цигахь къелла а, бохам а, тIом а бера бу аьлла.
Таханлерчу денна и рол кхочуш еш ву иза. Нохчийчура Iедалшка во хаамаш ца кхочу. Во бохург шен чулацам болуш ду. Цигахь адамийн бакъонашца долу хьал а, политикан конкуренцица долу хаьл а дика ду бохург дац иза. Уьш мелхо а Кремл бала болу хIуманаш дац. Ткъа во информаци ю цхьаъ вийна, цхьаъ эккхийтина бохург. Цу кепара хаамаш Нохчийчура наггахь а бен ца хуьлу.
Цундела Рамзан тIеоьцуш ву Кремлехь, цигара хьал шен карахь латто аьтто болу стаг санна. Ткъа иза хийца дагадагIахь цигахь цаоьшу хIуманаш хила мегаш ду.
Амма Рамзан республикан дозана арайолуш йолу жигаралла гайта волавелча, масала, шен Iаткъам ГIалгIайчу кхаччалц шорбан иза гIоьртича, реакци хуьлу Кремлера, тIаккха иза юхавола.
Амма юха кхечу агIор цунна тIекхача гIоьрта иза, ГIалгIайчоьнна тIеIаткъам бан. Юха а гIуллакх ца хуьлу. Амма Нохчийчохь Кремлна а, федералан Iедална а цунна алтернатива ца го.
Цундела, вай Кадыров Рамзан муьлхачу муьрехь ву аьлла, дуьйцуш хилча, иза гIеметта хIоттаран, шен лакхене кхачаран мур бу ала мегар ду. Таханлерчу дийнахь, иштта хила мегаш ду иза».
Нохчийчоьнан куьгалхочуьнан дарж дитича мича гIур ву Кадыров Рамзан аьлла, хаттар хIоттахь цунна жоп цкъачунна дац бах Москох йолчу политикан технологийн центран эксперто Макаркин Алексейс.
Макаркин Алексей: «Кремлехь болх беш дукха халонца го суна иза. ХIунда аьлча, Кремле дехьа ваккхалур вара кхечу тайпана волу стаг, президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта хIотта реза хилла волу Дагестанан президент Магомедов Мохьмадсалам. Амма цу хенахь дуьйна иза гуш а вац, хезаш а вац.
Рамзан федералан Iедалхо санна дуьхьал хIотто чIогIа проблема йолу гIуллакх ду. Министр, я президентан администрацин декъашхо иза хир ву ала хала ду. Иза кхин тайпа ду.
Цундела кхин дIа цуьнан белхан дахар доьзна ду Кремлца а (мел лаьттар ду тахана долу Iедал), иза доьзна ду мел латталур ду цуьнга Нохчийчура хьал шен карахь бохучуьнца а (тахана гуш ду, иза дан иза аьтто болуш хилар).
Вуьшта аьлча, иза доьзна ду дуккха а факторшца. Ткъа кхин дIа хIу хир ду, еххачу хенахь, муха дIайоьрзур ю цуьнан режим (кхеташ ду и тайпа режим даиман а хуьлийла доций) ... ткъа иза муха дIаоьрзур ю бохург алсамо седажайна хоьжучу нехан гIуллакх ду политологийн долчулла а».
Нагахь санна шен лаам а, хилла Кремл дуьхьала а ца хилла Кадыров Рамзана Нохчийчохь харжамаш дIабаьхьча, цо толам бокхург хиларх шеко йолуш яц Кремл. Цуьнан къеггина тоьшалла ду Нохчийчохь кху тIаьхьарччу иттех сов шарахь хилла кхаж тасарш.
Дукха хан йоццуш Маршо Радионо шен сайт тIехь а бира цу хьокъехь болу таллам.
Церан жамIаш Кадыров Рамзан реза хир волуш дацара. Кхожехь дакъалаьцначу 600 сов стагах цунна шен кхаж дIабала кийча бара 2 процент бахархой.
Керлачу нихамца хIора парламентехь йолчу партин аьтто хир бу, шен, кхаане кхаччалц, кандидаташ а хаьржина, уьш, царах цхьаъ президенте чIагIвайта, хьалхататта.
Цул тIаьхьа, президенто кхо стаг а хаьржина, юха парламенте кхоже юьллур ю церан кандидатураш. ТIаккха депутаташа кхаж теснарг хир ву республикан куьйгалхо, я губернатор. РогIера цу кепара харжамаш хир бу Оьрсийчохь кху шеран Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь.