ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров къера хилла Украине бахначу нохчашна юккъехь байъинарш хиларна


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, Украинана тIелеташ декъехь хилла республикера шиъ тIемало вийна, аьлла.

Регионан куьйгалхочо шен телеграмехь пост арахецна, нохчийн тIемалошлахь хилла зенаш дуьйцуш: "Халахетарца олу, Нохчийчуьра дIабахначарна юкъахь байъинарш бу. Шиъ вийна, кхиъ ялханна чевнаш йина".

Чиллан-беттан 26-хь Кадыровс дIахьедира, оьрсийн эскаран декъехь Украинана тIелеттачу нохчийн тIемалошна юккъехь байъинарш бац, аьлла. Киев гIалана генавоцуш волчу нохчочо Бакаев Iелас Кавказ.Реалиига еллачу комментарехь Кадыровн дешнаш - харцдерг ду элира, нохчийн нуьцкъахойн гергарчеран хаамашна тIе а тевжаш. "Цара боху дайъина адамаш таппашкахь тIелоьцуш ду", - тIетуьйхира Бакаевс.

  • Чиллан-бетан 24-чу буса Оьрсийчоь тIамца чугIоьртира Украинана. Оьрсийчоьнан тIелатар бахьана долуш, ООН-н зерашца, мел лахара а велла 102 маьрша вахархо, шайлахь ворхI бер долуш, ООН-ан адамийн бакъонехула волчу Лаккхарчу комиссара бахарехь зераш кхин а дукха хила мега. Украинан Iедалхойн хаамца, тIом болабеллачу пхеа дийнахь 350 стаг вийна, шайлахь 16 бер долуш.
  • Украинан тайп-тайпанчу кIошташкахь дIахьош ду къиза тийсадаларш. Оьрсийн эскарера боккха кхерам лаьтта Харьковна, Херсонна, Черниговна, Суманна, Метропольна а тIехь, шортта тIеман техника ю Киеван юххе гIерташ.
  • Шиъ нохчийн тIеман батальонаш ю – шейх Мансуран а, Дудаев Джовхаран а цIарах – Украина ларъеш, оьрсийн тIемалошна дуьхьало еш дакъа лоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG