ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров - Москван жIакки ". Туркоша Дудаев вазвар ца тайна Соьлжа-ГIалахь


Кадыров Рамзан а, Эрдоган Реджеп а. Коллаж
Кадыров Рамзан а, Эрдоган Реджеп а. Коллаж

Туркойчуьрчу, сов йоккха а йоцчу Кёрфез гIалахь Нохчийчоьнан Ичкерин президентан Дудаев ЖовхIаран цIарх майда схьаеллар емалдина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цунна тIаьххье президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин векала Захарова Марияс а. Ден деза, кхераме дIахьедарш новкъа дац Оьрсийчоьнан, Туркойчоьнан юкъаметтигашна, цара талхадойла дац нохчийн туркошца долу гергарло, аьлла хета тергамчашна.

Парк схьаеллар тидаме оьзнийла хоуьйтуш, ГIуран-беттан 21-чохь дIахьедар даржийра Кадыров Рамзана, "туркойн Iедало Оьрийчохь зуламаш лелийна террористаш тIекIабо", аьлла.

"Ас юхьдуьххьал боху Туркойчоьнан президенте ЭрдогIан Реджепе: некъ къастабе! Я шуна ган а гуш террористашкахь йолчу пачхьалкхан статус ло, я аш Оьрсийчоьнца массара а кхетош йолу, цIена юкъаметтигаш лелайо, букъ тоьхча, шайн кхетамаш хуьцуш а ца лелаш. Ткъа лехаме белла бандиташ, дIаевлла хIуманаш шена чу а гулъеш, царна парггIат гуламашка бийла, майданашна эзарнаш нах хIаллакбарна бекхеболчу террористийн цIерш тахка аьтто а луш Туркойчоь мел еха, оха тхайна бакъо ло цунна изза жоп дала", - боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Кадыровс луш долу жоп ду Соьлжа-ГIаларчу меттигна Туркойчоьно вен а кхачийна, къинхетам беш, валлалц кхаба набахте хьажийначу курдойн Къинхьегаман партин лидеран Оджалан Iабдуллин цIе тиллар. Курдойн сепаратистийн хьалханча бехкево дуккха а нах байъарна, тъа Курдистанан Къинхьегаман парти лору экстремистийн а, террористийн а дккха пачхьалкхашкахь, шайлахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Европан Цхьанакхетаралла а. Бакъду, Оьрсийчоь яц оцу мехкийн декъахь.

"Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу гIуллакхийн министралле а до ас дIахьедар: тахана туркойн Iедало дийриг – иза бIешерашкахь яхчаеллачу Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигашна кхераме ду. Тидаме эца деза иза, дипломатин агIор иштаниг дан мегаш доцийла хаийта деза", – хьоьху Кадыровс.

Оцу дIахьедарх дош аьлла Кремлан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс. "Террористаша бола а бина, шен махкахь ши тIом лаьттинчу Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо" бохург кхето хала дац, Москва и санначу гIулчашна "резайоцийла хIинцале дIахаийтина" Хонкарна дипломатин хьостнашкахула, аьлла ю Песковс йина комментари.

Шо хьалха, Кадыровс Францин президентан Макрон Эммануэлан агIор маьттаза къамел хьажийча, луьро хилира оццу Песковн къамел: "Субъектийн куьйгалхойн гIуллакх дац арахьарчу политикан юкъагIерта, цара лелош дац арахьара гIуллакхаш, цара тIе ца оьцу сацамаш", - бохура цо.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн векала Захарова Марияс а йина Дудаевна Туркойчохь хIоллам хIотторах лаьцна комментари (цхьаболчу хаамийн гIирсаша парк схьаелларх хIоллам хIоттор аьлла. – Ред.). Иштачу монументашна "ша резайоцийла дIахаийтина Москвано", аьлла цо.

Ловзарш, спорт, Ичкерех бисина дагалецамаш

Кёрфез Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь, Мармаран хIоржан Измитерчу аймица лаьтта, веа цигахь 165 эзар стаг. Юьртабахам, даьхний лелорца, индустрица евзаш ю и агIо, жима хин порт а ю цигахь.

Исс бутт хьалха йолийра Дудевн парк ян, ткъа белхаш бирзича, меттигерчу Iедалан сайто гайтира цигахь хилла синкъерман барам. Дакъалецира парк схьайоьлуш муниципалитетан куьйгалло, кIоштийн гоно, нохчийн диаспорин векалша, могIарчу бахархоша.

Туркойчуьра Дудаевн цIарах парк
Туркойчуьра Дудаевн цIарах парк

15 эзар квадрат-метр ю майданан аре, 9,5 эзар метр ю цуьнан беш, йина берашна ловза меттигаш, спорт лло а, садаIа а объекташ. 200 дитт, 15 эзар кол а йоьгIна. Шакъастийна Iоллам бу нарлин Дудаев ЖовхIаран дахаран некъаш буьйцуш.

"Иза таханлерчу диаспорина эшна ца Iа. Хиндолчунна а оьшу иза. Дудаев ЖовхIара доккха дакъа диллина нохчийн къоман синкхетаме, схьабллина къоман маршонан некъ. Массо а стереотипаш юьстах а йитина, цо гайтина, маьрша хилча аьтто болийла лулахошца а, дуьненца а гергарло лелон", – боху ша цавовзийтар дехначу Ичкерин Iедалан Туркойчуьрчу координатора.

Цунна хетарехь, Кадыровс леррина до деза-даккхий дIахьедарш, "Путинан юьхь ларйо цо иштта". Хьовсал шу, Путин ма ца вуьйцу, адмийн бакъонаш цо хIьоьшшушехь, нах бойъушехь, тIемаш латтошехь. Кадыров ву хьалхалелхаш, цуьнан букъ ларбеш", – элира координатора.

Амма иза тешна ву Кадыровн дIахьедаро туркойн-нохчийн юкъаметтигашна тIеIаткъам бийриг цахиларх а, нохчашна Дудаев даима а веза лаьттарг хиларх а.

"Кадыров Везачу паччахьан губернатор санна лела"

"Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара сингаттам кхето хала дац. Цунна везаш воцчу политикан цIарх парк схьаеллар иза ша лигитимехь вацар гойтуш нисло. Оьрсийчоь а яц дера туркойн оцу гIулчах кхеташ. Амма керла хIума а дац цигахь. Шо хилла а ца Iа Стамбулехь Дудаев урам болу", – билгалдаьккхира политолога Гасанов Камрана.

Цунна а хета, Кадыров мел чIиркъе хьавзинехь а, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш телхар яц аьлла.

Иттех меттиг ю Туркойчохь Нохчийн Республикин Ичкерин хьалхарчу президентан цIе лелош. Паркаш, урамаш ду Дудаевн сий деш Стамбулехь, Анкаран уллерчу Алтындагехь а, Токатехь, Гексунехь, Кайсери, Сакарьи, Дарыдже, Измит, Афьонкарахисаре гIаланашкахь а.

Нохчийн маршонан лидеран цIе лелош лаххара а ши маьждиг а ду Туркойчохь - Конье гIалахь (Cevher Dudayev Camii), Текирдагехь (Şehit Dudayev Camii). Цундела тамашена хетало Дудаев вазвеш хIинца парк а еллар дийца даккхар.

Ирча ду Москван жIаккино, хьал маьттаздоккхуш, 30 эзар стаг вийначу Оджаланан цIе Соьлжа-ГIаларчу объектна туьллур ю бахар

"Сан дог кхаьрда Нохчийн Республикан куьйгалхочо КадыровРамзанадинчу дIахьедарх. Иза а, вийна волу, муфтий лаьттина цуьнан да Кадыров Ахьмад а Iедале маьршачу харжамашкахула ца кхаьчна, ца евшина даржашка нохчийн къоман лаамца. Шен дена а санна, Москван лаам Нхчийчоьнан лаамелх лакхара бу цунна. Нохчийчохь диктатура эккхийтина, цхьанех а возуш воцу политик вац, Кадыров - Везачу паччахьан губернатор ву", – аьлла хета Стамбулерчу Коджаэли университетан дуьненаюкъарчу зIенийн декъан куьйгалхочунна, туркошлахь вевзаш волчу политологна, профессорна Кайа Ульгер Ирфанна.

Кадыровс Дудаевн майданан хьокъехь дина къамел оьза доцуш лору проессора Ульгера.

"Вуно дукха нохчий беха Туркойчохь, цара шайн лидер лору Дудаев. Цундела нийса ду муниципалито шен бахархойн цхьана декъо къоман турпалхо лорцчу стеган цIе парканна, урамна тиллар. Ирча ду Москван жIаккино, хьал маьттаздоккхуш, 30 эзар стаг вийначу Оджаланан цIе Соьлжа-ГIаларчу объектна туьллур ю бахар. Цуьнан кхетам иштта белахь, бакъдолчух хаьдда адам ду иза. Оцу дIахьедарна тIехьа лаьтташ Путин а, Крмль а елахь, оцо а гойту Кадыров церан тайниг хилар", – элира Стамбулерчу профессора.

Туркойчохь тIех гIарабаллал хилам а бац иза

Кадыров Кремлах возуш вуйла хаьа туркошна, цундела цуьнан дIахьедарш ца кхуллу негатив, туркоша ларамбо нохчийн, билгалдоккху Ульгера.

"Туркойн, нохчийн вежараллехь даьхна, деха ши къам ду. Масала, нохчо Гюреш Доган Туркойчоьнан Инарла штабан буьтйранча лаьттина. Цундела тхо вуно реза дац Кадыровс динчу къамелна. Оха бехк буьллу цунна, хаа деза Кадыровна ша истори юкъа Москван нийIсархо санна гIур вуйла", – аьлла бу туркойн Iилманчас-политолога къастийна мах.

Уьлгеран къамелца ца догIу " Туркойчоьнан де" цIе йолу телеграм-канал лелочу, "Московский комсомолец в Турции" газетан коьрта редактор волчу Ниязбаев Яшарна хетарг.

"Туркойн прессехь дукха хаамаш ца гина суна оцу хьокъехь. Шина газетехь – динца доьзна долчу – дешна ас Кадыров емалвеш. Дудаевн цIе парканна тиллар – иза сов даккхийчех хIума дац. Туркойчохь тIех гIарабаллал хилам а бац иза. Цхьана жимчу гIалахь тIеэцна сацам, гарехь, муниципалитето ларамбо цигахь бехачу нохчийн", – элира журналиста.

Цунна гарехь, тарло Кадыровс Нохчийчохь Оджаланна хIоллам хIотто мега аьлла динчу къамелна дуьхьал Туркойчоьна Iедалера дIахьедар дан а.

Дудаевн цIарах майда схьаеллар могIара хилам санна довзийтина туркойн газеташа. Цхьана хаамйн гIирсо дагадахкийтина Дудаевн дешнаш: Туркойчоь сатийсаман чIурам бу тюркийн а. исламан а дуьненна, аьлла ду уьш.

1991-1996 шерашкахь статус духьено къобал янза йисинчу Нохчийн Республикан Ичкерин президент лаьттана авиацин инарла-майор Дудаев ЖовхIар. Нохчийчохь тIом боьдуш, 1996 шарахь кхелхина иза, Оьрсийчоьно ракета тоьхча. Дудаевн цIе лелайо урамаша кхечу пачхьалкхашкахь а. Ду уьш, масала, Амманехь, Львовхь, Гораджехь, Ивано-Франковскехь, Хмельницкхехь, дуьнентIерачу дуккха а мехкийн гIаланашкахь. Цуьнан цIе лелайо Варшаверчу майдано, Вильнюсерчу бешо, Ригерчу урамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG