"Лерринчу тIеман операцин" хеттаршна гулйина йолчу оперативан штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, республикехь мобилизаци хир яц аьлла. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "план тIехсов кхочушйина", аьлла кхетийна цо.
Регионан куьйгалхо вистхуьлуш репортаж гайтина ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан сарахь болчу хаамашкахь. ТIеман тийсдаларшкахь 20 эзар стага дакъа лаьцна, аьлла Кадыровс. "Лакхара тIейожийна план" Нохчийчоьно 254% тIехсов чекхяьккхина, аьлла дIахьедина цо. Муьлха план ю юьйцург, хьан, муха тIечIагIйина яра иза, дуьйцуш дац.
Цул сов, Кадыровс бахарехь, Соьлжа-ГIалахь тIамна дуьхьал митинг йан гIоьртина йолчу 40 зудчун гергарчу наханна мобилизаци а йина, Украине дIахьовсийна. Цо иштта кхерам тессина, митинге араваьллачун доьзалера берриг божарий "тIеман хьалхене" дIахьийсор бу аьлла.
Хьалххо цунах лаьцна дуьйцура 1ADAT оппозицин боламан векало Янгулбаев ИбрахIима: цуьнан зерашца, оцу зударийн гергарчарга лаамхо хила реза бу аьлла кехатна куьйг яздайтина.
- Марсхьокху-бутт болалуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинерчу тIамехь дакъа лаца кийча 19 эзар гергга республикан вахархо ву. Салтий тIеман тийсдаларш доьлхучу меттиге дIахьийсоран йоккхачех цхьа майда хилла йолчу регионан куьйгалхочо гуттара а дIахьедо цига хьийсийначу нехан терахьах лаьцна, амма иза бакъ хилар шеконашка дуьллу эксперташа.
- Гезгмашин-беттан 15-хь Кадыров Рамзана дIахьедира, оьрсийн регионашкарчу куьйгалхоша "самомобилизаци" кхайкхо еза, Украинерчу тIаме лаамхой а кечбеш, Кремлехь тIеман хьал хIоттолац ца Iаш. Нохйчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, хIора регионо цхьа эзар стаг мукъане кечвича - "лерринчу операцин Iалашонаш кхочушъяран хаттар уггар йоццачу хеначохь дерзо йиш хир яра".
- Гезгмашин-беттан 21-хь Оьрсийчоьнан Президента Путин Владимира махкахь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийра, ишттачу омрана кIел куьйг а яздира. ТIеман министра Шойгу Сергейс дIахьедира, "юьззина йоцучу мобилизацица" догIуш, 300 эзар стаг дIакхайкха Iалашо ю, амма "Новая газета. Европа" зорбано президентан Администрацина тIе а тевжаш хаамбо, президентан омран кхъайлахчу пунктехь магийна ду миллион стаге кхачалц нах эсскаре дIагулбан.