Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь видеокхайкхам арахецна, хьалхо ша дарж охьадуьллур ду бохуш дина дIахьедарш харцдеш.
Кадыровс чIагIдо, гезгмашин-беттан 3-хь ша "даржехь вахвелла", "хан тIекхаьчна" бохуш дина дIахьедарш "шуна хетарг хаархьама" динера ша.
Регионан куьйгалхошлахь хилла рекорд йийца хIоьттина хIинца Кадыров – 27 шо хьахадо цо – тIаккха дIахьедо, "оцу рекордал сов вала гIерта ша".
"Аса хIара дарж дIалаьцна сан къомо йа президента соьга дIагIо аллалц", - дерзадо Кадыровс.
Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь эксперташ шеконе диллира Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша даржах хедар ву бохуш ден дIахьедарш.
- Кадыровс республикана куьйгалла до 2007-чу шарахь дуьйна. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо ша республикан куьйгалхочун дарж охьадилла мега бохура, амма оццу гурахь юха а пхеа шарна хаьржира иза. Цул хьалха ша дIаваха тарло бохуш дIахьедира политико 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь.
- Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх коьртачех цхьаъ тIеман пропагандхо хилира, цо сих-сиха йолахой тIаме хьийсорах даредо, президентана Зеленский Владимирна кхерамаш туьйсу. Цул сов оьрсийн эскархоша зарратан герз лелорг хилар тIедитира цо.
- Кадыров масийттаза бехкевора адамийн бакъонаш талхорна, нах лечкъорна, шен критикаш байъарна жоьпалла цунна тIе а дожош. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал Американ, Европан санкцеш ю кхайкхийна.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, уьш оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна хета республикан Iедалхошна. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
- Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентана Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.