ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а шен дарж дита лууш ву Кадыров


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

ДIадаханчу кIирандийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а гайтира ша Оьрсийоьнан регионийн куьйгалхойх уггаре а тоьлла ньюсмейкер хилар. Федералан телехьожийлехь шех лаьцначу программехь цо дIахьедар дира шен даржера дIавала лаьа шена аьлла. Ша санна болу нах оьшуш бара, тIом бан а, къепе хIотто а, ткъа хIинца ша дерриг нисделла, цундела хийцамаш бан беза хан тIекхаьчна хета шена, бохуш вара иза

Оцу сахьта и дIахьедар хаамийн массо а агенталлашкахула даьржира. Дуккха а эксперташа луьстуш ду иза, Кремлан лаамца аьлла ду бохуш. Оьрсйичоьнан президентан зорбанан секретаран Песков Дмитрийн а дан дийзира цу хьокъехь дIахьедар.

Цо, шен балхаца догIуш ма хиллара, кхетийра Кадыровс аьлларг.

–Кадыров Рамзана дуккхаза аьлла ду, ша Путинан агIонча ву. Иза шена тIе ма диллара кхин дIа а болх бан дагахь ву. Кхидерг ца боху цо, - аьлла Песковс.

Кадыровс динчу дIахьедарна кIеллахь тидам бан оьшуш хIума ду аьлла хеташ яц Нохчийчура юкъаралла. Нах боьлла цунах а, цо кест-кеста дечу дIахьедарех а. Соьлж-ГIаларчу вахархочо Юсупов Вахас иштта элира цуьнах.

Юсупов: «Рамзан балхара дIавер ву бохуш суна а хезна. ХIара дуьйне цхьатерра дац. Балхара дIа а волу, дIа а воккху. Иза жима а ву, кхеташ а ву. Белхан меттигаш а ю цунна. Цунна мотт хьоькхучара хIун дийра ду ца хаьа. Царах къахета-кх суна».

Наур кIоштарчу Ибрагимов Ахьмадан шеко яц Кадыров оцу даржера дIавер вац аьлла. Иза Путина чIагIдинчу Iедалан доккха дакъа ду, цундела цуьнан пурбанций бен цуьнан иза дан йиш яц, элира цо.

Ибрагимов: «Путин мел ву дIа а воккхура ву, вуьтура а ву. Иза дIаваьккхича а, цул цIена верг хIоттор ву аьлла а ца хета суна и Iедал мел ду. ДIавер ву бохучух со тешаш вац. Паччахь санна ма вай иза. Мича гIур ву иза дIаваьлча? Москох гIур ву?».

Нохчийн политолога Бено Шамала теллина Кадырова Рамзана аьлларг. Иза тахана дIавалийта йиш яц Нохчийчоьнан аьлла хета цунна.

Бено: «Цо аьлларг, ша тIом а сацийна, къепе а хIоттийна, шега далуш дерг дина аьлла хета суна. Суна таханлерачу дийнахь иза дIавала хьалхе ду аьлла хета. Цуьнан меттана цуьнан гонера цхьа а ца хета суна».

ДIадаханчу шарахь а аьллера Кадырова Рамзана, ша балхара дIавала воллу аьлла. Митингаш йира наха, цхьацца Iедалан дайша тIедожош аьллера цуьнга, хьо дIавохуьйтур вац шаьш аьлла. Схьагарехь, наха а, цара а де аьлларгдина , балхахь висира Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG