Нохчийчоьнан куьйгалхочун воккхахволчу кӀанта, 18 шо долчу спортан министро Кадыров Ахьмада хаам зорбане баьккхина, "оьзда доцчу леларца" болчу нохчийн поп-ММА-н латархошка "тӀаьххьара дIахьедар" ду а олуш. Цо тӀедожийна махкарчу бахархошна оцу лигехь дакъалацар сацаде аьлла.
Шен кхайкхамехь Кадыров Ахьмада иштта хьахийна шен да а – цо дIахьедина, шен дас беш "боккха болх бу гIиллакхаш, ламасташ дендеш, оьздаллехь кхетош-кхиош" нохчий, ткъа цхьаболчу спортхоша "кхерамна кIел хьош ду цуьнан къахьегар" аьлла.
Поп- ММА -корматалла йоцчу спортхоша дакъалоцу лигин сегмент йу. Билггал хьаьнга вистхуьлуш хилла Нохчийчуьра спортан министр, хууш дац. Амма де хьалха Ӏедалехьа йолчу "ЧП Грозный" телеграм-канало зорбане йаьккхира поп- ММА-н латарехь толам баьккхинчун къамел тӀехь видеоролик. Нохчийн маттахь шен трибуни тӀехь ца карийначу дега вистхуьлу иза: "АллахI реза хуьлда хьуна! [Хьажахь,] хӀара эшийна хьуна ас!", - забар йо спортхочо. Цуьнца леташ хиллачара куьйгаш делира, хьовсархой буьйлуш.
- Нохчийчоьнан Ӏедалша дуьххьара дац республикерчу спортхошна нахана хьалха кхерамаш туьйсуш. Стохка гIуран-баттахь Кадыров Рамзана дӀахьедира, нохчийн халкъан мехаллаш шеконе йерзочу меттигерчу спортхошна а, блогершна а дуьхьал "шога болх" бан беза аьлла.
- Лахьан-баттахь Ибрагимовс бехк баьккхира гӀарабевллачу спортан блогершкара Тамаев Асхьабера а, Эмиев Ӏарбигара а "шеконе видеош йахарна" шаьш "луьра болх бийр бу" а олуш. Буьйцург хIун "луьра болх" бара, хууш дац.
- Хьалхо Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.