Кадыровн цIарахчу фондо кхачанан сурсаташ декъна Украине бахначу ницкъахойн доьзалшна. Нохчийчоьнан Гуьмсан кIоштан Джалка олучу юьртара бахархошна кхаьчна уьш.
ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан хаамца, сурсаташна юкъахь даьтта, дуга, бежнийн жижиг, шекар а дара.
"ТIаьххьарчу деношкахь Джалкера Украине дуккха а шайн лаамехь нах бахана. Цул сов, меттигехь вайн эскархоша лелочунна куьйгалла деш республикан урхалхо Кадыров Рамзан ву", - билгалдаьккхина телехьожийло.
Цул хьалха Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь долчу телеграм-каналаша видео яржийра, махкара "шайн лаамехь" Украине боьлхурш новкъабохучуьра яьккхина – коврана тIаьхьахьоьжучу зударийн белхарш хеза цу тIехь. Гоне ерзийначу меттигехь лаьтташ бу уьш, царна хьлаха герзашца нах а бу. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIамехь дакъа лаца хьежош бу, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьаьна. Йозуш йоцчу хьасташкара информаци бакъеш тоьшаллаш дац.
Кадыровс дукхазза дийцира шен телеграмерчу каналехь Нохчийчуьрчу бахархоша Украинерчу тIеман тийсадаларшкахь дакъа лацарх. Иштта, чIугIоьртинчву юьххьехь видео гучуелира Гостомелерчу № 3018 йолчу тIеман декъан кертана тIе "Юг" батальонан эскархоша оьрсийн а, иштта Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу а байракхаш а тухуш.
"Юг" батальонан хьалханчас Межидов Хьусайна оцу хенахь дIахьедира, тIемалоша украинхойн эскархойн кхо тIелатар юха а тоьхна схьаяьккхина объект. Украинан тIеман ницкъаша видеон бакъ хилар тIелецира, амма цара тIечIагIдо, тIеман дакъа схьадоккхуш летарш хилла дац - кадыровхой яьсса объектан керта баьхкина.
Иштта, Зазадоккху-беттан 19-хь Кадыровс дIахьедира, нохчийн эскархоша Рубежное гIала "кIелхьарайоккхуш ю", аьлла. Къовсаман киртиг кхин хила ца хилира: украинхойн эскарша тIелатар юхатуьйхира.
Кадыровс масийттаза дIахьедина, тIеман тийсдаларш доьлхучу меттигехь ша а хилла, бохуш. Украинехь яьккхина ю боху видеош арахийцира цо. Масала, цхьахйолчу видео тIехь иза а, нохчийн эскархой а боданечу жимачу хIусамчохь бу, схьадиллина карт тIехь долчу стоьлан гонаха лаьтташ. Иза дIаязйина меттиг билгал ца яккхало.
Украинан къайлахчу сервисаша тIе ца чIагIдира Кадыров тIемаш боьлхучу меттигашна йисте кхаьчна хилар. Кремлехь а ца даладо иза цигахь хиларан тоьшаллаш. Нохчийн оппозицин 1ADAT боламехь элира, и видео хIоттийна кеп ю, республике юхаеанчу меттигерчу "Юг" а, "Север" а Росгвардин батальонийн тIемалошца дIаязйина а ю аьлла.
Окху кIиранах Кадыровс юха а дIахьедира, ша, дийцарехь, Мариуполь гIалина йисте веана, аьлла. Цо бахарехь, дIалецначу кIошташка кхаьчна иза, 8-чу эскаран куьйгалла дечу инарла-лейтенантаца Мордашевич Андрейца а, "ДНР" шех олучун куьйгалхочуьнца Пушилин Денисца а цхьанакхетар хилла шен, оьрсийн оппозицин политик Немцов Борис вер кечдарна шеконашкахь волу дарбан цIийнехь Iуьллу, лазийна Геремеев Руслан волчу хьажа-хIотта а вахана ша.
- Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх.
- Кавказ.Реалиино хеттарш динчу нохчийн жигархошна а, политологашна а хетарехь, Украинерчу тIамах Кадыровс пайдаоьцу шена пиар еш, ткъа Кремло "майра кадыровхойн" васт леладо Киевна психологин тIеIаткъамбеш а, чоьхьара пропаганда лелош а.
- Тахана Киевн кIошт ерриг Украинан Эскаран ницкъийн каракхаьчна. Зорбанаша а, украинхойн тIеман векалийн а хаамашца, Киевн гергарчу Буча гIалахь байъинчу нехан декъий ду урамашкахь Iохкуш, гучудаьлла дукха нах цхьаьна д1абоьхкина каш а, оьрсийн эскархой дIабахначу гIаланашкара дукха маьршачу инфраструктурин объекташна минаш ехкина. Одессана керла кеман тохарш дина, Донецкан, Луганскан кIошташна тохарш дар дIатуьйш дац.
- Кадыров Ахьмад цIарах йолчу фондана дуьхьала Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскан глобалан актан" бух тIехь санкцеш ю яьхна (адамийн бакъонаш хьешарна бехкебечарна тIаьхьабовлархьама лелайо иза Вашингтоно). Организаци масийттаза бехкейора "шен лаамехь-нуьцкъаха" фондана сагIийна ахча кхехьийта нах декхаре барна, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура.