Америко санкцеш йухаэцахь, украинхойн йийсархой дIалур бу ша элира Кадыровс, амма тIаьхьо "троллинг" йара иза бохура; Даймахкахь гIело хьегийтинчу нохчочунна тховкIело йаларх сацам бийр бу Эрмалойчоьнан кхело; Кадыровн говр лачкъор толлуш гIо дехна Чехин полицино. Цунах лаьцна а, и доцчух а дуьйцур ду оха Маршонан 45-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Америко санкцеш дIайахахь – украинхойн йийсархой дIалур бу Кадыровс
Политикан скандала йукъахь нисвелла йуха а Кадыров Рамзан, бахьана делира хIинца – шен доьзалхошна тоьхна санкцеш Американ Цхьанатоьхначу Штаташа йухаэцахь, ша украинхойн йийсархой дIахоьцур бу цо аларх. Дечкен-беттан 5-чохь дIахьедира цунах лаьцна Кадыровс Соьлжа-ГIалахь ницкъаллин структурийн белхахой дIахIиттийначохь. Эзар эскархо тIеман гIирсаца майданахь дIахIоттийнера цу дийнахь, царна хьалха Кадыров волчу Америкера веана хIордан пехотехь гIуллакх дина, Оьрсийчоьнехьа позици хиларца гIараваьлла, пачхьалкхан пропагандо шайн Iалашонашкахь пайдаоьцу Риттер Скотт вистхилийта.
Стенна веанера Риттер Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу – хууш дац. Кадыровс пайдаийцира цунах, махкарчу нехан бакъонаш хьешарна а, Украинана дуьхьал тIеман агресси йарна тIетарна а шена а, шен доьзална а дуьхьалйаьхначу санкцех лаьцна карладаккхархьама.
Йуьхьанца Кадыровс латкъамбира шен Риттерца хиллачу цхьанакхетарехь, шена хетарехь, харцонца дозанаш деттарна, цул тIаьхьа – дечкен-беттан 5-чохь дIахIоттийначу эскарна хьалха украинхойн 20 йийсархо тIехь волу видео гайтира цо. ДIахьедира, уьш дIабала кийча ву ша, нагахь санна, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа шен нанна а, йоьIаршна а, хIусамнанна а дуьхьалйаьхна санкцеш йухаэцахь.
Цаьрца цхьаьна цо хьахийра Зазу цIе йолу шен говр а, амма цунах лаьцна тIаьхьо дуьйцур ду вай.
Украинхойн тIеман йийсархой санкцеш дIайохург хийца Кадыров кийча хиларх дийцира пачхьалкхан зорбанан гIирсаша, царна тIаьххье резадацарца реакци йира Орсийчоьнан "тIеман корреспонденташа" а: шена пайденна "адамаш духкуш" ву аьлла, бехкбиллира цара Нохчийчоьнан урхалхочунна. Эххар а Кадыровн йухавала дийзира: шен телеграм-каналехь ша лелийнарг "троллинг" йара элира цо.
Карладоккху, дуьххьара Американ санкцеш йехира Кадыровна дуьхьал 2017-чу шарахь кест-кеста Нохчийчохь адамийн бакъонаш цо хьешарна, иштта къизаллаш лелорна а, кхел йоцуш нах хIаллакбарна а. Орсийчоьно 2022-чу шарахь Украинехь шуьйрачу барамашкахь тIом болийначул тIаьхьа Вашингтоно кхин а тIе шордира Кадыровн хьокъехь шаьш диттина дозанаш. Санкцийн тептаре йазбира цуьнан доьзалхой – нана, кхо хIусамнана, кхо йоI. Нохчийн куьйгалхочунна резабоцчарна хетарехь, оцу дозанаш тохаро чолхе доккху махкал арахьарчу активийн цуьнан доладар.
Дуьххьара санкцеш йехира Кадыровна дуьхьал Евроберто 20I4-чу шарахь – ГIирмина аннекси йар цо къобалдарна.
Нохчийчохь Iазап хьегначунна тховкIело йаларх сацам бийр бу Эрмалойчоьнан кхело
Ереванан административан кхелехь тIаьххьара кхеташо хилла Нохчийчуьра вахархочун Мукаев Салманан гIуллакхехула, шена тховкIело ца йалар ду цо къуьйсуш. Нохчийчохь Мукаевна тIехь гIело латтийна, цуьнан боьршачу нахаца уьйраш йу аьлла, кхоллайеллачу шеконашца. Цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх ду, цо бакъо йоцуш тIеман гIирс латтийна аьлла, амма и гIуллакх бух боцуш ду, шайггара долийна боху цо.
ДIайаьхьначу кхеташонехь кхело ладуьйгIира адвокате, тIеийцира цуьнгара тоьшаллаш, ишта адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело бина сацам а. Кху беттан 29-чохь шаьш тIаьххьара цуьнан хьокъехь дина хьесап довзуьйтур ду аьлла, де билгалдаьккхина цара.
Мукаевн адвоката Петросян Асмика бахарехь, лаккхара шансаш йу олийла дац, хIунда аьлча, оцу гIуллакхан политикан аспект а йу. Сацам шаьш реза долуш ца хилахь, апелляци йийр йу, цул тIаьхьа ЕСПЧ кхеле а девр ду бохура цо, ткъа и гIуллакх толлучу оцу йукъанна цо Iалашвийриг Эрмалойчохь вуьсур ву.
Карладоккху, Соьлжа-ГIалахь харцонца бехкаш дехкина, гIело хьегийтина Мукаев Салман Эрмалойчохь ву, Оьрсийчу дIавала кхерам а лаьтташ. Меттигерчу Iедалхошкара йа мухIажаран статус а, йа Европе дIаваха бакъо йаккха а аьтто ца болу цуьнан, ткъа Оьрсийчу дIалахь – ша вен тарло боху цо.
Кадыровн говр лачкъор толлуш гIо дехна Чехин полицино кхечу пачхьалкхашка
Стохка зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан говр лачкъор толлуш йу Чехин полицин. Таллам беш гIо дехна кхечу пачхьалкхашка, карарчу хенахь цаьргара жоп даре хьуьйсуш бу, хаамбина Чехин полицин пресс-гIуллакххоша.
"Дуьненайукъарчу бакъонехь йукъахь болхбаран гурашкахь дIахьош ду бехкзуламан гIуллакхаш, тхо масех пачхьалкхе девлла, тхайн дехар кхочушдаре хьуьйсуш ду, масех батте дахло жопдалар дукха хьолахь. Оцу йукъанна дийнатан ДНК билгалйаккха генетикан экспертиза йу дIахьош", - аьлла ду официалан жоьпехь.
Карладоккху, Зазу Чехин малхбузехь Крабчице эвлахь божалахь латтош йара. ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа 20I4-чу шарахь говр лаьцна йитинера. Доккхачу декъанна говр Евробертан махкара арайаккха йиш йолуш йацара, ткъа говраш хохкучехь цо бина пайда Кадыровн чоьта тIе дIахьажон а ца мегара.
16 шо долу говр лачкъор гучуделира 2023-чу шеран зазадокху-баттахь. Цуьнан мах хадийра полицино диъ бIе эзар чехийн кронашкахь (1,5 миллион сом хуьлу и Оьрсийчоьна Коьртачу банкан курсаца лерича).
Кадыров Рамзана дIахьедира, Зазун мах мел лахара а 10 миллион долларшкахь бу аьлла.
Ши бутт баьлча Кадыровс хаамбира, говр лачкъор хьехнера шена украинхойн къайлахчу сервисаша, уьш Чехин полицица бертахь хиллера, и гIуллакх дийриг – 18 эзар долларш дехнера аьлла. Кадыровн дIахьедар тергал дан ца лиира хIетахь Чехин полицина, цара тIетуьйхира, къоладар толлур ду шаьш аьлла.
Кхин а ши де даьлча, 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан I7-чохь, Зазу Нохчийчу кхачийра. Кадыровс видео хIоттийра, Соьлжа-ГIалахь говр схьайалош дуьхьал ваьлла. Регионан куьйгалхочо чIагIонаш йора, говр лачкъош гIо дина бохучу Украинан къайлахчу сервисийн векалшна лур ду аьлла ахча ша дIа ца делира бохуш.
МухIажар Албаков маьршаваккхар тIедожийна нохчийн диаспораша
Бельгихь, Австрихь митингаш хилира дечкен-беттан 10-чохь Нохчийчуьра мухIажарна Албаков Исламана тIехIуьттуш. 20I9-чу шарахь дуьйна Бельгера депортацин набахтехь латтош ву иза, оцу йоллу хеначохь иза шайга схьавалийта хьийза Оьрсийчоь, цо бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанехь дакъалаьцна бохуш, бехкаш дохкуш. Оцу йукъанна Францин кхело хьалхо бух боцуш ду аьллера цунна дохку бехкаш.
Акцешкахь дакъалоцуш хилла I00 сов нохчийн диаспорашкара векалш. "Брюсселера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин гIишлона хьалха хIоттийначу митингехь 40 сов стаг вовшахкхеттера, церан карахь дара Исламехьа гIо доху плакаташ. Цуьнан вашас Албаков Джохара дIабийшира бина кхайкхам, оха полицин векалшка дIакхачийра иза", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцига "Дуьненан зударий машарехьа бу" бакъоларйаран организацин куьйгалхочо,"Европера машаран хIусам" йукъараллин векало Газиева Фатимас.
"Европера машаран хIусаман" куьйгалхочун гIовса Мамишов Лачина тIетуьйхира, Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало Газиева тIелецира, иштта дош делла чоьхьарчу г1уллакхийн министраллин векалшца бакъонашларйархойн цхьанакхетар вовшахтоха, Албаков Исламах лаьцна информаци дIакхачайайта.
"Венера Бельгин векалтана хьалха дуьхьалонан акци дIайаьхьира оха, тхаьш Исламехьа хилар дIахоуьйтуш. Нохчаша а, украинхойн мухIажарша а дакъалецира цигахь", - дийцира Кавказ.Реалии сайте къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикин Австрера векало Дунаева Розас.
"Европера машаран хIусам" организаци дагахь йу иштта Швейцарера, Украинера, Данера Бельгин векалташка дехар дан, Албаковн гIуллакхан тергойе аьлла.
Бельгера депортацин набахтехь латточу 39 шо долчу Нохчийчуьра вахархочун Албаков Исламан могушалла де дийне эшна йогIу, бIаьрса дайначу новккъа ду цуьнан. Оцу йукъанна кхачам боллуш лоьрийн дарба ца до цунна аьлла хаамбира хьалхо бакъоларйархоша цуьнан доьзална тIетевжина.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: