ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карахь герз долуш бер тIехь долу видео гучуйаларна таллам болийна Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан прокуратура. Гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан прокуратура. Гайтаман сурт

Социалан машанашкахь йаьржинчу видео бахьанехь таллам болабе аьлла тIедиллина Нохчийчоьнан прокуроро Адаев Арслана. Цу тIехь жима бер гойту, карахь герз долуш урамехула лелаш.

"Карарчу хенахь билгалдоккхуш ду, и хилла меттиг а, кхиазхочун цIе, цуьнан Iуналла деш болчу нехан цIерш а. Низам хедор гучудалахь, низамо бохучу кепехь реакци йийр йу", - аьлла дийцина республикан прокуратуро арахецначу хаммехь.

Ша видео бархI секундехь йу, цу тIерачу беран кхаа шарал кхин сов хир дац - урамехь лаьтта иза багахь тIармаIа йолуш, карахь автомат йолуш. Видео мичахь йаьккхина йу, цуьнга герз муха кхаьчна, хууш дац.

  • 2019 шарахь Нохчийчухула йолчу МВД-но таллам болийра Къилбаседа ХIирийчуьра йахархочо Джикаева М. герз кхуьйсуш гойтуш йолу видеона тIехула, хетарехь, Нохчийчохь йаьккхина хиллера иза. ЙоIана тIехь хиджаб а, полисхон духар а ду гуш.
  • Ставрополан махкарчу Изобильный гIалахь рогIерчу конфликтехь "оьккхуйтург" лелийна бохура цхьамма, тIаккха пхи стаг дарбан цIийне вигира. Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийра, шинна а, кхин а сов наханна тIелатар дарна тIехула.
  • Краснодаран гIалин Фестивалан микрорайонерчу гIишло чохь граната эккхарх комментареш ца йира меттигерчу полицино. Чиллан-баттахь 34 шо долу меттигерчу вехна хиллачу вахархочо граната эккхийтинера - иза йеана хиллера цо шо долалуш Украинерчу тIамера - цига лаамхочун кепехь ваханера иза.
  • "Верстка" хьостано теллина Оьрсийчоьнан гарнизонан кхелийн статистика дескен-беттан чакхенгара - билгаладаьлла, эскархоша фронтера низамехь а доцуш герзаш дарна тIехула бехктакхаман гIуллакхаш совделла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG