ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къастазчу бахьанашца баларш шозза алсам ду Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дуьненайукъарчу могушалла Iалашйаран организацино информативан доцучу бахьанашца лоруш долу беллачийн дакъа 103,9 процентана, аьлча а, шозза сов лакхара гойту Нохчийчохь, Оьрсийчуьра йууккъерчу тIегIанел а лакхара. Барамал а уггар тIехйийлинчу итт регионашлахь нисйелла Ростовн кIошт – шолгIачу меттигехь йу и, Ставрополь, Краснодар, Астрахань мехкаш ду цунна тIаьхьа.

"Ма-дарра дийцича" проекто Оьрсийчоьнан экономикан школан демографин талламаш тIехь йалийначу аналитикехь ду и йаздина.

Информативан боцу, йа "нехийн" аьлла хиллачух дIайазбина хаамаш бохург ду, билггал стаг валаран бахьана къастийна цахилар. Доккхачу декъана, ду и "билгалза ойланашца лазор", ма-дарра аьлча хила тарло стаг вер, йа шена тоьхна валар, йа цахууш хилла хIуманаш, "билгалйаккхаза цамгар", "къаналлина валар", иштта цхьа могIа кхиндерш а.

"Ма-дарра дийцича" проект тIетевжинчу ресурсан эксперташа билгалдоккху, къастазчу бахьанийн лакхара дакъа хилар дукха хьолахь шина хьелаца доьзна хилар. И деш хила тарло стаг кхалхаран билггал долу бахьанаш къайладахьа Iалашонан гайтамашка терахь далош – масала, "къаналлех валарх" пайдаоьцу, дагца а, пхенашца а йолу цамгарех кхлехинарш хьулбеш. Йа могушалла Iалашйаран системехь гIирсаш тоаме бац, стаг валаран билггал долу бехьанаш зен.

  • Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а стохка алсамдаьллера бераш далар, Росстатан зерашкахь ду и йаздина. Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу республикашкахь и гайтам лакхара нисбелла, Оьрсийчуьра йуккъера барам схьаэцча.
  • Стохка хьалхарчу эхашарахь динчу хьесапашца, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIалмакхойчохь а алсамох дара некъан бохамашкахь беллачийн терахь. Йухадагардича некъан бохамашкахь лазийначарлахь 100 велира. И гайтамаш рекорде бара оцу мехкашкахь тIаьххьарчу масех шерашкахь хиллачуьнга ладоьгIча.
  • ТIедогIучу иттех шерашкахь бахархой лахлур болчу Оьрсийчоьнан 3 регионашлахь нисйелла Ростовн кIошт. Прогноз йу ГIалмакхойчуьура а, Ставрополь-махкара а Къилбаседа ХIирийчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьура а бахархой жимлур бу аьлла. Социалан-экономикан проблемашца йузу и тенденци эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG