ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаджимурадов Iайнди: ШайтIанан хьаша сох ма вехьа, хьехамча!


Жайна, поэзин васт
Жайна, поэзин васт

Нохчийчохь дуккха а бу юкъараллан тергоне кхачаза бисина яздархой, байтанчаш. Хьакъ доллу ларам ца беш битинарш а бу царалахь. Церан могIара ву ала тарло поэтах Хаджимурадов Ιайндех. Амма иза нийса дац олий хетало цуьнан байташ ешча.




Теркйист кIоштара Хажмурадов Iайнди ткъе итт шо сов зама ю литературан йийсарехь волу, ткъа журналистикехь цо къахьогу 40 шо а хир ду. Iайнди юххера вевзачу цхьаболчу журналисташа дийцарехь-м иза дуьнентIе а ваьлла, цхьана буйнахь къолам а, вукху буйнахь кехат а долуш!

Шеко а йоцуш, хьасане а, чукаре а ву Iайнди исбаьхьаллин литератураца а. Цо зорбане яьхна «Безаман IиндагI»,»ДоIа», Марчо», кхийолу а жарганаш йоцуш, хаддаза араюьйлуш ю цуьнан ирташ "Орга», "Вайнах" журналашкахь а, «Даймохк» газетехь а.

Махкахошлахь цуьнан байталла тергамза йиснехь а, Iер-дахарх, дуьненах, адамийн юкъаметтигех, Iаламах - массо а декъехь ойланаш йойтуш, синкхетам партал ца буьтуш, ека Хажмурадовн дуккха а байташ. Цуьнан синхааман турпалхо шен къомах, махках мел дозаделлачу хIуманна сема а, саготта а ву.

Цхьана дешначу стага-моллас байтанча шайтIанан хьаша веш дина къамел хезча, язделла хIара дехаре могIанаш.

Даймахках лозу дог, байташкахь гайтича,
Мискачу сан халкъах довха дош кхоьллича,
Харцонна юхь –дуьхьал,бакъ мел дерг диттича,
ШайтIанан хьаша сох ма вехьа, хьехамча!

Сайн нохчийн сийлахь цIе ас цIийца ларйича,
Сайн йишин еза цIе жовхIарех тарйича,
ВорхI ден цIе, лам санна, сан иэсехь лаьттича,
ШайтIанан хьаша сох ма вехьа, хьехамча!

Ненан йиш сан лерехь,дIатен ца тигича,
Даймахке сан безам коьртаха бийлича,
Мискичийн гIайгIанаш сан цIийца кхихкича,
ШайтIанан хьаша сох ма вехьа,хьехамча!
Нохчийчоь -- поэт Хаджимурадов Iайнди

Таханлерчу дахаран, кхузаманан теш хIуьтуш санна, йоккхачу тоьпо лерса къардан яьккхинчу гIовгIанах тера къиза, амма бакъдолчун теш хилла, декаш хетало синхааман турпалхочо нене ден хIара къамел.

Ма вон воI хилла со хьуна, сан нана,
Кхин хила йиш йоцуш, дукха вон хилла.
Со бен кхин ирс доцуш яьхначу хьуна,
Цкъа а хьан суьйренах Iуьйре ца йина.

Ма вон воI хилла со хьуна, сан нана,
Кхин хила йиш йоцуш, дукха вон хилла.
Дел дукха мохк беза Iамийначу хьуна,
Цкъа а дош ца карий довхачех суна.

Хажмурадов Iаьйндин синхааман турпалхочо заманах еш йолу ойланаш яц мух-мухха а. Цуьнан сихаллех кхиа гIертарал сов, цо ойла йойту, де-дийне мел дели бохург санна, сий довш лаьттачу нохчийн меттан а, гIамарлахь хи санна, худалуш, дайлуш, довш лаьттачу, историн тIегIан тIе хуьйшучу нохчийн шатайпаналлин а.

Ма сиха дIадолу хьо де,
Ма сиха долу де-дийне.
Селхана шовданехь лаьттинарг,
Тахана бер карахь ма яра.

Селхана буьрканех левзинарг,
тахана дозанехь ма вара.
Ма сиха дIадели хьо де,
Ма сиха долу де-дийне.

Сан дедас дийцина туьйранаш,
Ас кIентан кIантана ма дуьйцу.
Сан нанас кхехкийна хьолтIамаш,
Историн тIегIан тIе ма хуьйшу.

Къайле а йина, хьуламехь ца дуьтуш, луьра, амма бакъ мах хадабо синхааман турпалхочо тахана махкахь тергаллучу хьолан а. Цунна лазаме ду и бакъдерг, делахь а цо аьшпаш боттар, харцо чIагIьяр санна туьду нийсаниг хьуламехь латтор а. Цундела гIарадоккху цо, къаьхьа делахь а, бакъдерг.

Лайн тIаззаш тоьллачу хенахь, ЖIаьлийн доь дебначу махкахь,
Элийн кеп яйначу дийнахь, Къийгийн дов лаьттачу арахь,
Жано Iу вацочу басахь, Варрийн мохь Iоьхучу жоьлехь,
ЖIаьлийнун хиллера даьржаш. Ненах сте хиллера хуьлуш.

Хажмурадов Iайндин поэзина хийра яц безаман а, Iаламан а биста кхаччалц кхийолу теманаш а.

Тега ца ло сайн ойланашна марчо,
Даккха ца ло сайн гIайгIанашна лахьта.
Дара волу сайн ойланашна парчо,
Йотта воллу сайн гIайгIанашна тахьта.

Массо хаза ойла хьоьха хьарчийна,
Массо еза гIайгIа хьох дIахадийна,
Тега волу со, сан Нохчийчоь, хьуна,
Чо чехка верта - даржо хьан ирсана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG