ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел йоцуш 70 сов маьрша украинхо вийна Оьрсийчоьно - Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организаци


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украине тIамца чугIоьртичхьана Оьрсийчоьно украинхойн дIалецначу дозанаш тIехь кхел йоцуш 70 сов маьрша вахархо вийна. Цунах лаьцна дуьйцу шинарин дийнахь адамийн бакъонашкахула йолчу Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) мониторинг йечу Урхаллин лакхарчу комиссаро зорбане йаьккхинчу рапортехь. "Оьрсийчоьнан Федерацино тIамца тIелатар динчу тIаьхьа бахархой лецар" цIе йолуш йу арахоьцийла.

Свобода Радионо йаздарехь, вуьйцург ву 72 борша стаг а, пхи зуда а. Зорбане йаьккхинчу рапортаца а догIуш, мел кIезиг а кхин а цхьаъ лаьцна хилларг кхелхина "тIехь ницкъбина, ирча хьелашкахь латтийна, йа лоьрийн дарба ца кхачийна".

2022-чу шеран 24-чу дийнера 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 23-чу дийне кхаччалц схьаэцначу муьрехь бинчу талламца, ООН-н мониторинган миссин аьтто хилла хаа, 800 сов стаг лаьцна хилар Оьрсийчоьно дIалецначу украинхойн дозанаш тIехь.

Рапортехь иштта дуьйцу, Украино а дуьненайукъара бакъо ларйина цахилар, маьрша бахархой лоьцуш, - амма кIезигчу барамехь.

ООН-н эксперташа шаьш рапорт кечдечу хенахь эзар сов стаге, лецначаьрга, церан гергарчаьрга, адвокаташка, бакъоларйархошка, хьаькамашка хеттарш дина хиллера. Цаьргара хилла информаци кхин цкъа а теллина, тIечIагIйинера оцу меттигашкахь тергойина, документашца а, йиллинчу хьасташкара хаамашца а.

Цкъачунна Оьрчийчоьно комментарий йина йац Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин рапортах лаьцна.

Украинан дозана тIехь тIом боьдучу йукъанна адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна зазадокху-баттахь ООН-н мониторинган миссино рогIера рапорт билгалдаьккхира йалх эзар гергга маьршачу адамашлахь зенаш дина хилар. Царех 1600 вийна. Цул совнах, рапортехь хьахийна кхел йоцуш шина а агIор вийна 40 йийсархо.

  • Украинан Херсонан кIоштара колонишкара тутмакхаш Оьрсийчоьно оккупаци йинчу заманчохь Волгоградан кIошта дIавигира нуьцкъаша. Бакъоларйархоша дIахьедира: Украинан бахархой Волгоградан набахте дIабига цхьана а кепара низамехь бух бацара. Цул совнах, шайна тоьхна хенаш чекхйевлла украинхой цIа бахка йиш йолуш ца хуьлу – уьш латтабо лерринчу хIусамашкахь.
  • Краснодарера тIеман комендатурех цIе таса гIортарна терроризмана бехкевинчу Важдаев Олега дIахьедира, "украинхойн тIедиллар" дара и алийтира шега тIехь гIело хьегийтина – цунна масийттазза ток йеттийтинера настарех серий а хьерчийна. Ша шена бехкаш дахка дийзира Важдаевн, онлайн-туьканахь эцна йолу динан билгало йолу кулон Украинера йаьшки чохь йеанера а олуш. ТIаьхьо цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхехь тоьшалла хилира цунах.
  • 30 шо долу Муслим (цIе хийцина) могIарера вахархочун санна дахар долуш вара, масех шо хьалха шена цкъа мацах вевзаш хиллачу кIантах лаьцна йаздинарг дешшалц. Цхьахйолчу хаамийн нохчийн пабликехь террорхо а, тIемало а ву бохура цунна. Муслимна хаьара, радикалан хьежамаш болуш иза воций, иштта жоп а делира цо хаамна бухахь. ТIаккха тIаьхьабевлира цунна кадыровхой: Муслим цIийнах, доьзалх, балхах велира, Iазапаш лайра цо, дийна а висира иза. Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира цо шех хиллачух лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG