ТIекхочийла долу линкаш

 
"Кхерамзаллин театр". Домодедово аэропортехь теракт йина 15 шо кхачар
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхерамзаллин театр". Домодедово аэропортехь теракт йина 15 шо кхачар


Домодедово аэропорт, гайтаман сурт
Домодедово аэропорт, гайтаман сурт

2011-чу шеран дечкен-беттан 24-чохь Домодедово аэропортехь, дуьненаюкъарчу рейсашкара нах чубогIу залехь ГӀалгӀайчуьра Ӏожалхочо экхийтар деш терракт йира, 37 стаг вуьйш, кхин а 172 адамана чевнаш йаьш. Муха дӀабаьхьна талламаш, хӀунда чӀагӀдора Путин Владимира, терактана а, Нохчийчоьнна а йукъахь цхьа а зӀе йац бохуш, мел эвсаре лору говзанчаша хӀетахь а хIинца а вокзалашкахь йукъабаьхна кхерамазаллин гӀулчаш а, Кавказ Реалии редакцин материалехь.

Оьрсийчоьнан бахархошна Домодедовехь эккхийтарх лаьцна хиира социалан машанашкахула: цунах лаьцна дуьххьара хаам гучубелира масех минот йаьлча Твиттерехь – аэропортан белхахойх цхьаммо йаздира: "ДоӀа де, #домодедовехь бомба иккхина". Цул тӀаьхьа интернетехь гучуйаха йуьлаелира и терракт гинчара йаьхна видеош. Хьалхарчу канало эккхийтарх лаьцна цхьа сахьт ах сахьт даьлча бен хаам ца бира.

Хиинарг, эккхийтар дина дуьхьалбахна нах лаьтта залехь 16 сахьт 32 минот йаьлча, "Азия" кафена уллехь. Йуьхьанца 35 стаг велла аьлла хаам бира, амма цул тӀаьхьа и терахь хьаладелира 37-не кхаччалц: царна йукъахь оьрсий хилла ца Ӏаш, Таджикистанан а, Австрин а, Йоккхачу Британин а, Германин а, Украинин а, Узбекистанан а бахархой а бара.

Дуьненнайукъара рейсашкара нах схьакхочу залехь, Iожалхочо теракт йина хилар тӀечӀагӀдира Талламан комитето оццу дийнахь, сарахь. Зенаш хилла 210 стаг ву аьлла, дӀакхайкхийра. Цуьнца цхьаьна Оьрсийчоьнан хаамийн гӀирсан публикацешках дуьйцура, теракт йинарг Къилбаседа Кавказера схьаваьлла стаг ву бохуш. Масала, "Коммерсант" зорбано Пачхьалкхан Думан кхерамазаллин комитетан куьйгалхочун гIоьнчана Вахаев Мохьмадна тӀе а тевжаш, йаздира, аэропортехь эккхийтар дарехь дакъалаьцна хила тарло "Кавказ Имарат" тоба аьлла. Амма и верси сиха харцйира хӀетахьлерчу Оьрсийчоьнан премьер-министро Путин Владимира, цо дӀахьедира, Домодедовохь йина теракт Нохчийчоьнца цхьа а зIе йолуш йац аьлла. Талламо дӀакхайкхийра, 30-40 шо долу Европан куц-кеп долу стаг лоьхуш ву аьлла.

Путинан реакци йоьзна йара Оьрсийчохь терроризмна тӀехь толам баккхарх лаьцна официалан дӀахьедарш а, цигахь хуьлуш долу тӀелатарш а бӀостане хиларца,тешна ву бакъонашларъйаран "Мемориал" центран куьйгаллин декъашхо Черкасов Александр.

"Нохчийчохь массо а эшийна ву - вай цигахь Кадыров Рамзан а, низаман Ӏедал ду! Цунах лаьцна дийцира цара хьалхо 2000-чу шарахь, республикехь президентан харжамаш хилча, иштта 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дӀахьош, Бесланера школан тIелатар дар жимма хьалха. Ткъа 2014-чу шарахь Сочехь Олимпиада йара хила йезаш, цигахь а йара кхерамазалла ларъйан йезаш. Домодедовехь хилла теракт -билгало йара, и проблема йерриг а пачхьалкхехь йисина хилар", - элира Черкасовс.

ХӀетахь Талламан комитето толлучу цхьана версица, Ставрополера "НогӀийн ДжамаӀат" тоба хила мегаш йара терактехь дакъалаьцнарг. Оцу тобанан декъашхойх цхьаъ Раздобудко Виталий лехамашка кхайкхийра, амма тӀаьхьо, Домодедовехь теракт йинарг Разбудко ву боху верси бакъ ца хилара.

Коллективан жоьпалла

Теракт йина пхи де даьлча, Талламан комитетан официалан векало Маркин Владимира хаам бира, экхийтар динарг мила ву къастийна – иза 20 шо долу Къилбаседа Кавказера схьаваьлла стаг ву аьлла. "Кавказан Имаратаy" лаккхара амир ву ша олуш волчу нохчийн тӀемалойн хьалханчо Умаров Доккс йаьккхина видео зорбане йаьллачул тӀаьхьа бен ца йевзира Iожалхочун цӀе. Видео тӀехь Умаровс шена тӀелецира хилларг, шен омрица дина ду аьлла.

Кхечу зорбане йаьллачу видео тӀехь, дечкен-беттан 24-чохь – тӀелатар динчу дийнахь – дӀайазъйина йу бохучу видео тӀехь – аэропортехь, Умаровна уллехь хиъна Ӏаш ву ши стаг. Царах цхьаъ, хилла теракт йинарг -20 шо долу ГӀалгӀайчуьра схьаваьлла Евлоев Мохьмад. ШолгӀа стаг- "Кавказ Имаратан" малхбузерчу секторан буьйранча Бютукаев Аслан. Талламан комитетан векалша динчу дӀахьедарца, аэропортехь теракт вовшахтоьхнарг Бютукаев хилла.

"Эккхийтар Евлоев Магомеда дина хилар, тӀечӀагӀдина лара мегар ду. Ӏедалхошна хӀара гӀайгӀане дӀахьедар дара, хӀумма а чекх даьлла, ца хилар билгало гойтуш. Аслан Масхадов (Ичкерин куьйгалхо) а, Басаев Шамил (буьйранча) а хIаллакъбира, ткъа а церан "тIаьхьалонча" Докку Умаровс Ичкери "дӀайаьккхина" 2007-чу шеран гIадужу-беттан 7-чохь, "Кавказан Имарат" кхоьллира. Дагестанехь террорхойн тоба баккъалла а дуьненайукъара хилла дӀахӀоьттира", - бохуш, комментари йо Черкасов Александра.

Официалан версица, теракт йан омра дина Умаров Докс, ткъа терракт вовшахтоьхнарш Бютукаев Аслан а, Абдуллаев Супьян вара, ша-шена эккхийтар динарг -Евлоев Мохьмад. Цуьнца цхьаьна Черкасов шек ву Умаровс баккъалла а аэропортана тӀелатар вовшахтоьхна хиларх.

"Цу хенахь, оцу тобанан маша дӀасайаржийна бара. Масала, Дагестанехь теракташ, цигара терорхоша вовшахтухура, цул тӀаьхьа жоьпалла шена Умаровс тӀеоьцура. Умаров шен амалца “инженер” йа "буьйранча" а вацара, мелхо а, "комиссар" вара. Цуьнан аьтто бацара оперативни урхаллехь дакъалаца, цхьа бахьан далор вай: Ӏаламат хала дара нохчийн-гӀалгӀайн дозанехь мобилан зӀе лелор. ХIунда аьлча, цигахь маьршачу Iалашонца тоьхна мобилан зIе бахьана, ракеташ тухуш а нислора. Дуккха хьолахь, зIе латтош, хаам дIаккхачош, шайна йукъахь цара лелош "курьерца дӀакхачор" йара”, - кхета до бакъонашларъйрхочо.

Бехкебечех 7 стаг, царна йукъахь Умаров Докку а, Бютукаев

Аслан а, федералан лехамашка кхайкхийра, ткъа Къоман антитерроран комитето рапорт йира, ГӀалгӀайчохь терактехь дакъалаьцна кхин а 17 стаг хIаллакъвина аьлла.

Умаров Докка
Умаров Докка

Терроран тӀелатарехь дакъалацарна бехк кховдийра, иштта Евлоев Мохьмадан гергарчарна а, къаьсттина цуьнан 16 шо долчу вешина Евлоев Ахьмадна а, 22 шо долчу йишина Фатимана а, иштта, Iожалхо машенахь гIала дIакхачийна волу йуьртахочунна Аушев Ӏумарна. Бехкебечарна йукъахь вара Хамхоев Башир а, вежарий Яндиев Ислам а, Илез а. Уьш берриш а лецнера.

Бакъонашларъйархочо Муцольгов Мохьмада оцу лацарх "коллективни жоьпалла йукъадаккхаран кампани" цIен тоьхнера: "Муьлхха а кӀезиг-дукха йоза-дешар девзаш волчу стагана хаьа, стаг шен дина зуламан бен жоьпаллехь хила йиш йоцийла, амма тахана дуккха а хӀуманаш хуьлуш ду, йа низамца а, йа нийсонца а доцуш".

Масех кӀира даьлча, Евлоевн йиша а, йуьртахо а дӀахецнера, царна дуьхьал дерриг а бехкаш дӀадаьхна, бехктакхаман гӀуллакх дӀакъевлира. ХӀетахь бакъонашларъйархоша иза тIеийцира дикачу хIумана сатийсамца а, "нийсонан толам" баьлча санна.

Истанбулехь стаг вер

Домодедовохь эккхийтар хиллачул тӀаьхьа лоьхучарна йукъахь вара Альтемиров Рустам а, Амриев Заурбек а. 2011-чу шарахь гезгмашан-баттахь, тӀелатар динчул тӀаьхьа итт бутт баьлча, и шиъ вийра Истанбулехь. Рузбан ламаз дина схьабогIуш, цхьана урамехь вевзаш воцчу стага герз диттина. Цаьрца цхьаьна вийра Умаров Доккан гонах хилла, буьйранча санна вевзаш волу Мусаев Берг-Хьаж а.

Туркойчоьнан прессо, полицин хьостанашна тӀе а тевжаш, Истанбулехь кхоъ нохчийн вер, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн болх бу аьлла жамI дира. Шеконашца лецначех цхьаъ вара Оьрсийчоьнан дипломатин паспорт а долуш, Оьрсийчоьнан вахархо Жарков Александр, и кхоъ стаг вел, масех де хьалха Туркой махка веана. Амма, полицех къайлаваьлла, Туркойчуьра дӀаваха аьтто аьтто баьллера Жарковн, муха къелхьара ваьлла, хууш дац.

И кхоъ стаг вуьйш лелийна герз карийра, кхечу шеконехь хилла Аюпов Надиман отелан чохь, иза а, зулам хилла цхьа де даьлча, махкара дӀавахана хиллера. Меттигерчу журналисташа дийцарехь, стаг вер кечъдина хилла, ткъа кечам бинчарех нохчийн орамаш долу Зиятдин М вара бохуш йазош дара.

Иштта, хаам бора, Оьрсийчоьнна дуьхьал тӀом бина нохчийн тIемлойн цIераш йолуш тептар хIоттийнарг- республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан хилар. Ткъа и тептар цо Кремле дӀаделла, цу тIера нах хIаллакъ байта Iалашонца. Истанбулехь вийна волу Альтемиров а, Амриев а, Мусаев Берг-Хьаьж а хилла цу тептарехь, аьлла хета журналисташна.

Кхел а, йал а

Домодедовехь терракт йина нийсса цхьа шо даьлча – 2012-чу шарахь дечкен-беттан 25-чохь – Талламан комитето дӀакхайкхийра талламан белхаш чекхбоьвла аьлла. Вежарий Яндиев Ислам а, Илез а, 17 шо долу Евлоев Ахьмад а, Хамхоев Башир а бехкевира зулам кечдеш гӀо дарна а, дакъалацарна а. Кхел дӀайолайелира марсхьокху-бутт чекхболуш, дуккха хьолахь, дӀакъевлинчу неӀаршна тӀехьа, амма, талламхоша цIе йаккхинчарехь цхьа а вацара цигахь.

Хамхоевна а, шинна а Яндиевна набахтехь, велла дIаваллалц йаккха хан туьйхира, ткъа Iожалхочунан (Евлоев Мохьмадан) вешина Евлоев Ахьмадана 10 шо хан а. Шен тӀаьххьарчу дӀахьедарехь Яндиев Ислама дохковаьлла хилар хаийтира. Яндиев Илеза а, Евлоев Ахьмада а, Хамхоев Башира а шаьш бехке хилар тӀе ца лецира.

Радикализаци йеш долу бахьанаш, дӀадевла дац

Оццу хенахь, аэропортан куьйгаллхошна дуьхьал айдинера бехктакхаман гӀуллакх, Домодедовехь транспортан кхерамазаллин барамаш кхочуш ца барна. Эккхийтар хиллачул тӀаьхьа сихонца даржашкара дӀабехира МВД-ен йуккъерчу федералан кIоштан транспортан куьйгалхо Алексеев Андрей а, Домодедовехь МВД-ен линейни декъан куьйгалхо Трушанин Александр а – шинна а бехктакхаман гIуллакх долийра, аэропортан дола дечу компанийн лакхарчу куьйгалхошца цхьаьна. 2012-чу шарахь оханан-баттахь и гӀуллакх дӀакъевлира, дерриге а бехкаш дӀадехира.

Амма, кхин а кхо шо даьлча керла бехктакхаман гӀуллакх долийра Домодедово аэропортан куьйгалхошна а, долахошна а дуьхьал, кхерамазаллин барамаш кхочуш ца барна, бехке а бина. Лаьцна латтош вара кхоъ топ-менеджер – Данилов Андрей а, Некрасов Вячеслав а, Тришина Светлана а. Ткъа Бехктакхаман гӀуллакхехь 4-гӀа бехкевеш верг вара аэропортан долахо Каменщик Дмитрий.

Лакхара прокуратуро и бехктакхаман гӀуллакх дӀакъовлар масийттазза дехнехь а, Домодедовон куьйгалхошна а, зен хиллачара йукхахь а, 50 миллионера 700 миллионе кхаччалц, дехаршна компенсаци дӀадала барт бинчул тӀаьхьа бен гIуллакх дIацакъевлира. Дехаршна компенсаци йан леррина фонд кхоьллира. 2015-чу шеран мангал-баттахь фондо ахчанаш дӀадала долийра, амма, Талламан комитето йахна конменсацийн барамел гергарчу хьесапехь 450-зза кӀезиг дара.

Кхерамзалла

Домодедовехь йинчу терактах "Оьрсийчоьнан авиацин транспортан инфраструктуран объекташкахь цкъа а ца хилла инцидент йу" аьлла, йаздора Маршо Радионо. Цунна жоп луш санна, аэропорташкахь а, цӀерпоштнекъан вокзалшкахь а, автовокзалшкахь а кхерамазаллин барамаш чӀагӀбира. Къаьсттина, багаж а, тӀоьрмигаш а талла буьйлабелира, металлодетекторшкахула гӀишлонна чу мел волу стаг чекхволуьйтуш – и бахьана йаккхи рогӀнаш кхоллайала йолайелла, йаздора Газета.ру сайто.

Черкасов Александрна хетарехь, иза кеп хIиттор дара, цундела керлачу системех цо цунах "кхерамазаллин театр" аьллера.

"Эккхийтар мичахь хилча а башхалла йац - нах схьакхочу залехь йа багаже хьожуш лаьттачу нахана йукъахь. Оцу кхерамзаллин барамийн эвсаралла шеконе йу, хӀунда аьлча, хаддаза дӀасалелачарна фильтраци йеш хьо лаьтташ, хала хуьла тидам латто. И кхерамазаллин барамаш, царна йукъахь регионашна йукъахь дӀасалеларийн контроль йаш йолу “Магистраль" система а (регионерчу бахархойн массо а дӀасалеларш дIайазош йолу) иза шадерг -щеконе ду. Иза оппозиционераш а "тешаме боцчу тептарера" нах леха дика йу, амма йац террорхой схьалаца пайде", - элира цо.

Демодедово аэропортехь, дечкен-беттан 11-чохь, 2011
Демодедово аэропортехь, дечкен-беттан 11-чохь, 2011

Цу дуйцучунца реза ву Оьрсийчоьнан структурийн гIишлойн кхерамазаллин говзанча а(федералан репрессин низамаш а, Оьрсийчохь Маршо Радио "лаамаза" хилар бахьана долуш, цуьнан цӀе къайлайакхина). Хьостано дийцарехь, Домодедовехь теракт йинчул тӀаьхьа коьрта хаттар – муьлхачу тIегIанехь кхочуш до кхерамазаллин гӀулчаш.

"ХӀетахь президент Медведев Дмитрийс Москвахь теракт йале хьалха а кхерамазалла чӀагӀъйеш вара. ТӀаьхьо цо дӀахьедира, барамийн дикалла талла йезаш йу аьлла. Масала, металл лоьху гӀирсаш - цхьайолчу аэропорташа уггаре а йорах эцна йара, цхьайолу меттигашкахь шайгахь йолуш йерг а йацара лелош,Iуналла доцуш стаг гӀишлонна чу ваха дуккха аьттонаш бара. ТIаьхькха, боккъала а ойла кхоллало, и дерриге а "кхерамазаллан бахьанаш" "нахана синтем бан" бен лелош ца хилар, боху эксперто.

ТӀаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчохь радикалан тобанийн жигаралла лахйеллехь а, махкахь радикализацин бахьанаш дӀа ца девла, жамӀ до Черкасов Александра.

"2011-гӀа шарахь дуьйна, цхьа керла хIума даьлла – исламан фундаменталисташна Шема джихаде баха аьтто балар. Цул тӀаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчуьра дӀабахара инзаре дукха исламан радикалаш – цхьаберш Туркойчохь дӀатарбелира, шайн синош кӀелхьара дохуш, цхьаберш ИГИЛ-е бахара. Иза бахьана, лахделла радикалхойн жигараллин тӀегӀа. Амма адамаш радикализаци йеш йолу чоьхьара факторш дӀа ца йевлла. Кхерамзалла, кхачам боллуш тӀегӀане йаккха аьтто ца баьлла хIнца а".

  • 2013-чу шарахь 34 шо долчу Наьсарара вахархочунна Яндиев Исламна велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан кхайкхийра Москван кIоштан кхело "Домодедово" аэропортехь эккхийтар кечдарна. 2011-чу шеран дечкен-беттан 24-чу дийнахь эккхийтар хилира Домодедово аэропортехь. И бахьанехь велира 37 стаг. 170-нна чевнаш хилира. Оьрсийчуьра боцурш а бара царлахь Австрин, Украинан, Германин, Британин, Францин бахархой. Цу эккхийтарх долу жоьпалла тIелаьцнера "Имарат Кавказ" организацин лидеро Умаров Доккас.
  • Домодедово аэропортехь теракт кечдаран гIуллакхна тIехула бехкевечу 31 шо долчу Яндиев Ислама Москва гIалин кхеле арз дина Оьрсийчоьнан Федералан ТаIзар Кхочушдаран Урхаллина (ФСИН), талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а долчу хьелашна латкъамбеш.
  • ТIемалой хIаллакбар регионехь дирзина кхушеран Дечкен-баттахь тIаьххьарниг хилла йолу Бютукаев Асланан тобан декъашхой дIабахарца – иза вара, боху Бортниковс, 2013 шарахь терроран " Кавказ Имарат " цхьаьнакхетараллин баьчча Умаров Докка вийча хIоьттина буьйранча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG