ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-I9 уьнах велла 52 пациент, кхин тIе цомгаш хилла – I242.
Iедалхойн хаамашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина 27 стаг, Ставропол-махкахь – ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а – виъ-виъ, Дагестанехь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а – кхоккха кхелхина, ГIалгIайчохь - цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-I9 вирусах вахархо I2 360 стаг.
Къаьстина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь, Адыгейхь бу уггар кIезиг.
Ставрополан кIошт + 276 (6I 568 пандеми йолаелчхьана)
Краснодар-мохк + 245 (56 482)
Дагестан + I98 (39 694)
Нохчийчоь+ I29 (I4 703)
ГIалмакхойчоь+ II0 (23 649)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 75 (26 I59)
Кхарачой-Чергазийчоь + 58 (2I 8II)
ГIалгIайчоь + 55 (I7 089)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 53 (I8 I63)
Адыгей + 43 (I5 768)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 295 086 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 2I-чохь, официалан хаамашца, 6 030 240* коронавирус кхетта нах.
*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.