ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн мохк "бегийна" долу "Батукаевн гIуллакх" теллина яьлла гIиргIазойн полици


ГIиргIазойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла теллина яьлла "криминалан баьчча" Батукаев Iазиз харцонца набахтера аравалийтар

Бехктакхаман кодексерчу "Коррупци" артиклца айдина хилла гIуллакх, теллина а даьлла, кхаьчна ГIиргIазойчоьнан инарла прокуратуре. Цигара иза кеста кхочур ду кхеле.

Полицино бечу хаамца, бехкебечу хьаькамийн терахь ду 19. Царех 14 стаг резахилла шайн лаамехь тоьшаллаш дан, таллам дIабахьа аьтто бан. Оцу 19-ннах 18 ваьлла шайна бехк тIехьош хIиттийна документаш дешна.

ГIиргIазойн исторехь уггаре дукха дуьйцучех ду ала тарлуш ду "Батукаевн дов". Полицин релизо бахарехь, 451 тептарх лаьтта бехктакхаман гIуллакх. Жоьпе ийзочу нахалахь ву президент лаьттинарг а, могашаллин министр Iийнарг а, шераш хьалха даккхий гIуллакхаш карахь лелла кхин а массех стаг а. Ткъа дов айдайтинарг ю Жогорку Кенеш – парламент. Тоьшаллаш дала талламчашна тIе цаварна, президент Iийна Атамбаев Алмазбек лаца Iедало ерриг а полици а тIехь гIаттийра. Массех дийне делира иза лоцуш Кой-Ташехь иккхина тIематасадалар.

Нохчо, тутмакхийн эла шех олуш волу, алссам зуламаш дарна набахтехь кхобу Батукаев Iазиз хенал хьалха набахтера аравоккхуш а, сихха кеманца ГIиргIазойчуьра Нохчийчу водуьйтуш а цунна аьттонаш барна бехкебечаралахь, президент Iийна Атамбаев воцург, могашаллин министр хилла Сагинбаева Динара а, вице-премьер лаьттина Атаханов Шемал а, инарла прокурор Iийна Салянова Аида а, кхиберш а бу.

Лаьцна латтош волу экс-президент Атамбаев Алмазбек реза ца хилла бехк шена тIеэца. "Коррупци", "Зулам деш дакъалацар" ю цунна дуьхьалъяхна артиклаш.

Атамбаевс Батукаев набахтера араваккхарх лаьцна яржийна информаци бух боцуш ю аьлла даржийна деношкахь цуьнан кIанта Атамбаев Кадырбека.

«Батукаев набахтера араваккха лууш ша хиллехь, хIун хала дара Атамбаев Алмазбекна, низамо шен лучу бакъонах пайда а оьцуш, цунах къинхетам бан? Низам дохо а ца дезаш, лоьрашкахула, харц анализашца некъ баккха а ца оьшуш, Атамбаевн бан ма бара Батукаев арахеца некъ", яздина Facebook машанехь Атамбаев Кадырбека.

"Батукаевн девнца" доьзна Интерполехула лаца кхайкхина ву ГIиргIазойчоьнан къоман кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо лаьттина Табалдиев Бусурманкул. Иза карийна вац цкъачунна. Цхьаболчу журналисташна хетарехь, Туркойчу дIавахана иза, дийцарехь, бу иза Хонкарахь гина нах.

Айдинчу девнан декъахь массех бутт хьалха лецира, Батукаев набахтера мукъаваккхарна бехкевеш, Нарын гIалара кхелахо Эрматов ЖаIпар а.

Батукаев набахтера мукъаваккхар дагалоьцуш, ГIиргIазойчохь Лакхарчу кхелан куьйгаллехь хиллачу Джамашева Ферузас Маршо Радион гIиргIазойн "Азаттык" сервисе дийцира, шена "криминалан эла" набахтера мукъаваьккхинийла ца хиира иза ГIиргIазойчуьра дIавахча бен, аьлла.

«Ас цуьнан хьокъехь ца дина цхьа а омра. Ца аьлла ишта де я вуьшта де. Деккъа дIа оцу хенахь Лакхарчу кхелах жоп луш яра аьлла, со жоьпалле ийзор нийса дац. Батукаев махкара дIавахначул тIаьхьа бен а ца девзина суна хьал, депутаташа иза дийцадаьккхалц. Яра со кхелех жоп луш-м, амма махкахь уьш мел дукха ю, массарна тIехь бIаьрг латтийна ер ярий со? ХIора кхелахочух жоп цхьаьнга дехар – иза нийса дац", - аьлла хета Джамашевана.

2013-чу шеран бIаьста, вон цамгар кхетта ву аьлла йолчу лоьрийн экспертизанна тIе а тевжаш, Нарын гIалин кхело мукъаваьккхира набахтера Батукаев Iазиз – ГIиргIазойчохь вина а, кхиина волу нохчо. Ша арахоьццушехь, кеманца Нохчийчу дIавахара Батукаев. Иза харцонца мукъаваьккхина набахтера, аьлла гIара айира мехкан парламенто. Цкъа айдеш, тIаккха дIакъовлуш латтийра Батукаев набахтера араваккхарх долу дов. Кхушара юхаайдина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG