Массийта шо хьалха Соьлж-ГIалин йистехь Iедалан чоьтах бира дийнаташ чохь кхобу кхерч. Меттигерчу зудабераша, тIехь Iуналла доцучу цицигех а, жIаьлех а къахеташ уьш шаьш латтийнера. И гIуллакх гIарадаьлча, царна леррина хIусам йинера Нохчийчоьнан куьйгалхочун омрица. Цхьанна тIе а диллинера цо, оцу дийнаташна юург-мерг латтор.
Тахана 100 жIаьлий, 120 сов цициггий ду цигахь кхобуш. Ша дерриге, лазийна, цомгаш я дIакхоьссина ду. Цаьрга хьожуш а, оьшург латтош а тахана кхо йоI ю.
Хьалха ма хиллара, схьакхоьхьуш ду шайга наха цицигаш а, жIаьлеш а, аьлла дийцира «Дахаре сатийсам» аьлла цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Зумаева Элитас.
Зумаева: «Шайн кхаба а, хьажа а таро яц олу цхьаболчара. ХIинца хIара цициг гой хьуна? ТIе машен а тоьхна хьаша а хьаьшна, цхьаъ дIавахана. Ког а дIабаьккхина кхуьнан, цIога а дIадаьккхина. ХIара порода йолу цициг ду. Иза а лазийна ду. ЦIоганна тIехь чкъор дац. Оха кхайкха а динера хIара. Амма схьа ца эцна.
-Ткъа башхалла юй порода олучу а, кхечу а цицигашна юкъахь? Амалш муха ю церан?
Зумаева: «Цхьатерра яц амалш. Порода ерг ша адам санна, доккха дог долуш хуьлу. Ткъа хIорш мискачеран баркалла чIогIа ду. Ахь тIе куьг хьаькхча, хьуна туьйранаш дуьйцуш хуьлу уьш. ХIоранна шен-шен амалш ю, амма къа цхьатерра хета кхарах».
Арахь, шай-шайн къастийна вольераш чохь жIаьлеш ду. Цомгаш дерш царна дарба хиллалц цIа чохь латтадо. ХIинца дарба деш ду букъ кагбина жIаьла. Тхо неI а йиллина чухьаьвсича, пенах дIа а тебна, ша мохехь патар санна, дегош дара и жIаьла. Схьахетарехь, адамех чIогIа бала лайна цо, элира Зумаева Элитас.
Зумаева: «Цхьа шо ду тхоьгахь хIара жIаьла долу. ДIа ца доьлла. Иштта эгадо-кх иза. Цуьнан бIаьра хьаьжча а тоьу-кх».
Цомгаш дийнаташ мехий а тухуш дайъа хIунда ца дойъу бохурш а хуьлу шайга боху Зумаева Элитас. Шайна мел хала хиллехь а, цхьа дийнат цу кепара дийна дац шаьш. Дала кхоьллина са шайн бакъо яц дIаэца, элира цо.
Зумаева: «Дукхахболчара олу наб кхоьтуьйту маха а тоьхна, ден хIунда ца доь аша. Оха цхьа а ца дийна иштта. Тхан бакъо яц иза дан. Тхо хьовсур ду цунна мел оьшу».
Цицигаш долчохь тийна хиллехь а, жIаьлеш долчохь йоккха гIовгIа яра. Шайна цабевзарш гича, гуттара а летара уьш. Схьагарехь, адамашна йолу шайн оьгIазло тхуна тIехь йостура цара.
ЖIаьлеш а, цицигаш санна, кхочу шаьш долчу, аьлла кхин дIа а дийцира Зумаева Элитас.
Зумаева: «Цхьа бIе жIаьла ду тхан. Мел йолу вольер а юьзна ю. ХIора жIаьлин кхоллам а тайп-тайпана бу. И жIаьла топ тоьхна ду. Цхьана жIаьлин тIаьхье ца хилийта операцех 5-6 эзар сом дала деза. ВорхI жIаьлина яйтина оха, ткъа вукхарна ахча ца тоьу».
Ала догIу дийнатийн и кхерч Iедало бинехь а, Iедалера ахчанца латтош бац, иза луш доцу дела. Иза хIунда нисделла иштта шайна ца хаьа боху Зумаева Элитас а, цуьнан накъосташа а. ГIаддайначу оцу дийнаташна гIо деш берш дукхахьолахь могIарера нах бу. Дог лозучу цара латтадо тоъал ахча а, кхидолу оьшург а.