Ростов-ГIаларчу тIеман кхело таIзар дина Дагестанерчу Коркмасов Рагимна шогачу хьелашкарчу колонехь даккха ворхI шо хан а тухуш, хьалхара кхо шо набахтехь токхуьйтуш.
Иза бехкево, низамехь йоцу тоба кхоллийтарна шена вевзачу накъосте, хаамбо "Интерфаксо". Хьалхо хан яьккхина ву иза колонехь оьккхуьйтург дIайиллина латторна. Коркмасовс кхелехь дарединера, билгалдоккху, шен бехк хилар.
Дагестанехь Кизляран кхело бехкбиллира меттигерчу вахархочунна Абдусаламов Арсланна, экстремистийн символика яржорна - Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан байракх.
Иштта Махачкаларчу Советский кIоштан кхело бехк тIечIагIбира Агаев Шахбанна, инстаграмехь террорхойн "Исламская партия Туркестана" организацин флаг зорбане яккхарна. Административан жоьпалла тIедожийначу цунна лаххара таIзар дира — эзар сом гIуда.
Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.