ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Комбата ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина нохчашка а, гIалгIашка а арахьарчу легионах дIакхета аьлла


ЧIебирлойн Муслим
ЧIебирлойн Муслим

Оьрсийчоьнна дуьхьала украинхойн къомо бечу тIамах схьакхета аьлла, кхайкхамбина шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима нохчашка а, гIалгIашка а. Цуьнан кхайкхам фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане баьккхина Нохчийчоьнан экс-президентан Масхадов Асланан кIанта Анзора.

"Доллу маьршачу, прогрессиван адамаллин кхолламан йист йоккхуш ю тахана, хIора маршо езачу стеган бакъо яц юьстах Iен, - яздина ЧIебирлойн Муслима. – Оха кхайкхамбо цаьрга, Украинан президентан Зеленский Владимиран сацамца кхоьллинчу арахьарчу легионах схьакхета".

Цо бахарехь, и вовшатохаралла ерриг а муьтIахь хир йолуш ю ВСУ-на, ткъа хIора шен лаамехь схьакхеттачун, хьеннан вахархо, муьлххачу къомах иза велахь а, бакъо хир ю легалехь Украинехь хан яккха.

Иштта ЧIебирлойн Муслима кхайкхамбина «оьрсийн салтийн барзакъца Украине нах байъа баьхкинчаьрга", кадыровхошка а, кхечу кавказхошка а, " карадуьйла, шайн синош кIелхьардаха а, "бехйина цIераш цIанъян а".

Хьалхо Кадыров Рамзана видео зорбане яьккхира, юьззина амуници тIехь йолчу Росгвардин ницкъахоша марш еш, Украинехьа тIемаш бечарна, иштта Нохчийчуьра схьабевллачарна а кхерамаш туьйсуш. Цул хьалха цо бакъ ца дора, нохчий Киевн агIончийн могIарехь бу бохург.

Цул совнах Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, Украинера тIом бусулбанашна декъал бен болу тIом бу, цу тIамехь кхелхинарш "шеко йоцуш, шахIидаш хир бу" аьлла.

  • 2014-чу шарахь кхоьллина ю Шейх Мансуран цIарах батальон Донбассехь. Иза вовшахтухучу хенахь цуьнан могIарехь дуккхахберш нохчий бара.
  • Стохка Стигалкъекъа-баттахь Украинан президенто Зеленский Владимира тIечIагIдира омра, Кавказера схьаваьллачу 700 гергга вахархочунна дуьхьал санкцеш йохуш, бара царлахь хьалха а, хIинца шейх Мансуран цIарахчу батальонехь хилла виъ тIемало а. Санкцийн тептаре баьхначу, Украинера боцчу бахархошна депортаци ян могуьйтура оцу указо.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь ЧIебирлойн Муслима дийцира, шен мостагI мила ву а, Кадыров шена дош хIунда ца хета а, Нохчийчуьра байинчу ницкъахойх Москвано дIахьедечу терахьех теша стенна мегар дац а.
  • Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоь тIелетира Украинан дозанашна. Зазадокху-беттан 9-чохь – дейттолгIа дей-буьйсий ду тIемаш лаьтта. Доллу шинарин дийнахь оьрсийн эскархоша герзаш деттара Николаев гIалина, лелхийтарш хезара Киевехь а, Сумыхь а, кеманашца тохарш дира Украинан кхечу гIаланашна а, ярташна а. Украинхойн иччархоша хаамбина, Харьковна гергахь оьрсийн инарла-майор, 4I-чу эскаран буьйралла дечун гIовс Герасимов Виталий верах. Официалехь и хаам тIечIагIбеш Оьрсийчоьнехьара информаци яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG