ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремльна мехала ца хилира Кадыровна инарла-лейтенантан чин далар


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Инарла-лейтенантан погонаш елла Соьлжа-гIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна, хаамбина официалан зорбанан гIирсаша. СовгIат дIаделла Къилбаседа-Кавказан гонашкарчу Къоман гвардин эскарийн куьйгалхочо Захаров Сергейс, яздо Кавказ.Реалиино.

Кадыровна чин даларх хьалхо хаамбира Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Оцу юкъанна Кремлан официалан сайтехь а, йа бакъонан информаци порталан сайтехь а цу хьокъехь Оьрсийчоьнан президентан указ зорбане даьккхина дац хIинца а.

Хаам хиллачу шолгIачу дийнахь Кремлан официалан векало, пресс-секретаро Песков Дмитрийс журналисташна жоп делира оцу хьокъехь Путинан указ шена гина дац аьлла. Цунна жоп лучу Кадыровс дIахьедира, "мегар дара жимма дог эца, йа гIиллакхехь комментарий йан, хIара хьайн "указ ца гина" олучул а.

Лакхара эпсаран декъана чинаш гуттар а доькъу урхаллин куьйгалхочо йа лакхарчу эскаран коьртера хьаькамо, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь, шен цIе яккха ца лиъначу, Оьрсийчоьнан тIеман эксперто.

Цуьнан дешнашца, билламечу "тIеман партерчу" Кадыровна а, билламечу "машаран партера" Песковна а, Мединскийна а юккъерчу конфликтана юьстаха хилар гайту пачхьалкхан куьйгалло.

"Цхьана агIор, Кремло Кадыровна погонаш елла, тIом дIабахбе бохуш, цо кхайкхамаш бечу юкъанна, вукху агIор – Золотовс а ца дина иза, йа цуьнан ворхI гIовсех цхьаммо а, цо оцу церемонин мехалла лахйо", - элира къамелдечо.

Инарла-лейтенанта Захаров Сергейс иштта погонаш елла Къилбаседа Кавказехь Росгвардин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсана Делимханов Алибекна – Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адаман вешина.

  • 2009-чу шарахь, хIетахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Медведев Дмитрийс 33 шо долчу Кадыров Рамзанна инарлин чин делира – милицин инарла-майор. 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера Росгварди дехьавелира.
  • Зазадокху-беттан 4-чуьра дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-калехь дIахьедо, Оьрсийчоьнан эскархойн а, иштта Нохчийчьурчу МВД-н полкан дакъоша а, Росгвардино а юкъаерзийна украинхойн Мариуполь, кеста схьайоккхур ю бохуш. Оцу юкъанна, оьрсийн тIемалоша карарчу хенахь гIалин цхьа декъехь бен дола деш дац, ткъа украинхойн "Азов" полкан эскархоша жигара Iалашъеш ю кхинйолу кIошташ а.
  • Пхьалкхера дIавахначу тележурналистан Ургант Иванан патриотизмех аьллачунна тIехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна. Дуьххьара дац, Кремлан векало олучунна Соьлжа-ГIалара комментареш ен, амма – иштта сийсазе дуьххьара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG