ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев реза вац боцу бехк тIелаца


Chechnya - Trial of Ruslan Kutaev
Chechnya - Trial of Ruslan Kutaev

Кутаев Руслана кхелан доьххьарлерачу кхеташонехь, шен бехк тIе ца лаьцна Кхелан доьххьарлера кхеташо, йолаелла дукха хан ялле дIайирзира. Дийцаре даьккхина дара, кхелехь дакъалоцучу шинна агIонан лаамаш а, церан дехарш а.

Адвокаташ оцу хьалхалерачу кхеташонах кечам баран болх олу. Кутаев Русланан тIекхойкхучу агIонера цхьаболу тешш а ца баьхкира кхеле, цундела Iалашонехь хиллачулла сиха чекхъелира и кхеташо, бохуш Маршо радиога дийцира цуьнан адвоката Заикин Петро.

Заикин Петр: «Тахана кечаман коьрта болх дIабаьхьара. Оцу гIуллакхах лаьцна оха кхин башха ца листира. Де дIаделира оха кхеле боьху цхьацца аьттонаш толлуш. ТIекхойкхучу агIонан теш болу нах лебан хан тIекхаьчча, билгалделира уьш, садаIа арабоьвлчуьра кхин юх ца баьхкнийла. Цундела цаьрга хеттарш дан тхан аьтто ца белира».

Кутаев Русланан агIоно, дехар дира, низамашца догIуш ма хиллара, процессехь видео яьккхийта аьлла. Амма, иза, ма лаъара ца магийна кхелхочо. Тамашийна хета шена боху адвоката Заикин Петро, и кхел йиллина лоруш йоллушехь и сацам бар.

Заикин Петр: «Ши дехар дара тхан. Хьалхарниг- оцу кхелехь видео яькхийта аьлла. Тхоьга элира, цхьа жимма бен бакъо ца ло аьлла. Ма дарра дийцича, тIе ца дитира иза. Аудио дIаяздича а тоам бу элира. ШозлогIа дехар дара- цига хаамийн гIирсаш бахкийтар. Иза магийра, амма, видео а йоккхуш дIаяздан бакъо ца елира, теш болу нах а, бехке лоруш верг а левечу хенахь».

Ша Кутаев Русланан дог-ойлан мах лаккхара хадабо цуьнан адвоката. Ша чохь валлашехь, цуо ша санна чохь бахкачу нахана, бакъонаш ларъярхьам гIо деш ду. Иза къонах стаг ву, ша чIогIа вокхве бохура Заикин Петра, цуьнан адвокат ша волуш.

Заикин Петр: «Руслан, ша адам ду, муьлхачу а хьелашкахь, дан хIума кардийра долуш. Талламан изолятор чохь воллушехь, цуо шен бакъонашларъярхойн болх сацийна бац. Тамашийна далахь а, цуо иза мелхо а, жигар баьккхина цу чохь.

Цуьнан аьтто бу цу чохь бахкачаьрца къамел дан а, цаьргара хаамаш схьаэца а. Бакъонашларъярхочо санна цуьнан аьтто бу царна гIо дан, цаьрга шайга ца даллучу агIора. Ша маьрша волчу хенахь леллийнарг деш ву иза. Иза латархо ву. Суна хазахета, ишштачу стагца со Iоттавелла а, цуьнгхьа ас хIара болх дIахьош хилар а».

И кхел яхъяла там болуш ю аьлла хета адвокатан Заикин Петран. Амма, коьртаниг, цуо бахарехь, Кутаев Руслана шен бехк тIе ца лацар бу элира цуо.

Заикин Петр: «Хала ду, хIун хира ду ала. Оха хIинца а лебина бац теш болу нах а, кехатан документаш а дац хIинца а теллина. Цундела, хIун хира ду ала хала ду. Амма, цхьа хаам бу сан ала-Руслана шен бехк тIе ца лоцу.

ТIекхойкхучу агIонна иза чIогIа цецъяьллала хIума дара. Царна моьтту хира дара иза кагвелла. Суна прокуроран йохь гира. Иза хийцаеллера. Руслана куьйгаш вахь ца дахийтина. Иза кийча ву кхин дIалатта. ТIекхойкхучу агIонна иза атта процесс хира йоцийла хаа суна. Руслан ша а ву зеделла, цундела доьхьало ян цунна шена а хаа».

Кутаев Руслан дIалаьцнера Хьалха-Мартан кIоштерачу Гихтахь, шай гергарчу нахехь. Иза дIалоцуш, полисхоша, шайна цуьнан киснахь карийна боху 3 грамм наркотик. Цкъа а узуш а , молуш а хилла воцчу бакъонашларъярхочо иза шен ю аьлла даре дира, амма, дукха хан ялле иза, шена тIеIаткъам а бина, аьлла дара аьлла, емал дира. Кхелан рогIера кхеташо дIахьура ю тIебогIучу баттахь ялхолгIачу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG