Сатийсам кхоллабеллера, эххар а, иштта, цхьана дийнахь массара а марханаш достур а ду-кх бохучуьнга. Амма и сатийсам кхочушхила боьгIна ца хилла, хIунда аьлча, нагахь санна СаIудийн Iарбахь бутт гина бац хIинца а аьлла, бусулбачийн цхьаьна декъо марх дастар кхаари дене теттенехь, Мисрехь а, Туркойчохь а, Оьрсийчоьнан цхьаццайолчу регионашкахь а марха шинари дийнахь даьстира.
Европехь а бара, туркой а, боснихой а санна, цхьаццаболу нохчи цу цхьа де хьалха мархан Iийда диначарна юккъехь. Делахь а, дукхахберш, 30 марх кхочуьйтуш, кхаари дийнахь Iийда дан севцира.
Марх кхабар а, дастар а Европехь бехачу нохчашлахь, ДегIастанахь санна сар-сарахь баккхий доьзалш а, царна тIекхетта марх даста чу кхайкхинарш а болуш, шуьйрачу хьесапехь ца нислахь а, - мел кIезга а, кхузахь адам вовшашна дукхахьолахь ген-генахь дехаш хиларна, - хIетте а, шо шаре мел долу Iадате доьрзуш ду Малхбузерчу вайнахалахь сарахь марха даста, Нохчийчохь санна, бовза-безарш кхайкхар а, зударша марх достучу денна лерина ша-башхачу, дезчу денойн кхачанашца исбаьхьа шаннаш кечдар а.
Иштта, цкъа а ца хиллачу кепара кху шарахь хаало Европерчу дикчу зударша шаьш марха къобалдеш кечбина кхачанаш ватцапехула а, кхечу социалан машанашкахула дIасакхоьхьуйтуш, нохчи Европехь шаьш цIахь хета буьйлабаларан, цара Малхбузехь орамаш хецаран билгало ю иза.
Вайнах Европехь орамаш а хецна, марх дастар ка ма-доллу шуьйра а, исбаьхьа а даста Iемаш хилар кхин цхьана керлачу ламастаца а хаало – тIаьхьарчу масех шарчохь, масала, Венехь бехачу вайнаха марх къобал до де шайн петаршкахь а ца даздеш, цхьаьна, гулахь, Австрин коьртачу шахьаран уггаре а йоккхачу грил-платц олучу, жижиг датта а, мукъа хан яккха а таро лучу Дунай-хин йистехь а даздо.
Цигахь Iуьйранна Iийда ламаз а гулахь деш дIагулбало буьйлало вайнах марх къобал дечу дийнан юххьехь. Кху шарахь а, даханчу шерашкахь санна, и дезде вовшахтоьхнарг Австрерчу нохчийн, гIалгIайн Кхеташой, цунна тIекхетта Венин 10-чу кIоштара нохчийн ТабиIийн цIе йолу маьждиг диллина, иза лелош болу нахий бара. Нохчийн, гIалгIайн Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис дийцира Маршо радионе мархина леринчу вайнехан Iийданах лаьцна.
Мусалатов Шайхи: „Iийда дийнахь вовшахкхетта бу вайнах кхуза Венехь. Вуно дукха бераш а, зударий а, дукха адам ду кхузахь гулделла. ЧIогIа хаза самукъадаларца чекхдолуш ду хIара де, бераш ду буьрках ловзуш, зудабераш бадминтонех ловзу. Берашна кечдина, доькъуш совгIаташ а ду, кхачанаш а бу шортта. Массо а хаза синанхIоттам болуш, вовшийн марханаш къобалдеш, хаза хан йоккхуш ду тхо кхузахь“.
Iаламат дукха бераш а, зударий а бара Iийдане гулбелла. Яра цигахь Венерчу пачхьалкхан ишколашкахь нохчийн берашна ненан мотт хьоьхуш йолу хьехархо Фатима а. Шен дешархошца лерина мархина лерина программа кечйинера Фатимас, цаьрга нохчийн маттахь байташ а, кицанаш а, хазаларш а дуьйцийташ, иштта цаьрца цхьацца ловзарш а кечдеш. Фатимас дуьйцу.
Хьехархо Фатима: „Къарзйелла лаьтташ ю-кх хIара аре, нохчийн бераш ду массанхьа а ловзуш гуш, вуьшта ца гуш буьсунболу бовза-безарш а ги, массеран а вовшийн марханаш къобалдан аьтто а бели, сагIанах кхетар а хили, шортта юург а, молург а ю кхузахь. Яллане а дохко ца аьлла со тахана кхуза еана“.
Кху шарахь уггаре а де деха а, уггаре а шарчохь йовхох хан йолчу а муьрехь нисбеллера мархин бутт. Делахь а, къаьстина Европехь бехачу бусалбанашна башха хало ца хуьлуш бирзи иза, цу беттан дукхах долу денош совтIех тов йоцуш, комаьрша оьхуш догIнаш а долуш дахкарна.
Ткъа и Дала бусалбачарна базбина баийтина болу беттан хьурмат Европехь бехачу вайнаха лакхар деш хилар а, иза чекхбаьлча уьш цхьаьна бертахь, политикан я динан хьежамаш шайн бен-бен хилар диц а деш, зударий, бераш а йистах а ца дуьтуш, вовшах а кхетий, вовшийн марханаш къобал а деш, марзо оьцуш, и де цара цхьаьна доккхуш хилар а Европехь беха вайнах эххар а диаспора хила Iемаш хиларан билгало хетало.