Нохчийн мотт кхечу маттанашкахьчул дукха аларш-фразеологизмаш хиларца тоьлу, цара иза Iаламат хаз а бина, боху Байсултанов Дауда. Ткъа хΙун ю фразеологизм, стенца базлуш бу цуьнан мах, цо ша довзуьйтур ду.
Дош долош, ас хоуьйту муха велира иза ша хΙинцале а нохчашна вовшахтоьхна болу вуно мехала мохь гулбечу новкъа.
ГΙиргΙазойчохь депортацин гΙелонаш а лайна, Даьттаха юхабаьхкина доьзалш тоьаш бацара юьртана – тΙех дукха беллера нах Сибрехахь. Цундела урамийн, хΙусамийн яккъаш юкъ а елла, кегий варшаш кхиинера Даьттахахь. Ши шо долу Дауд а, цул мелла а воккха волу цуьнан ваша Дадаш а воьдура оцу дайх дисинчу дакъошка, дитташла.
Декъастанахь хΙора хелиг а дагна синкъераме дуйла ненера а, дегара а хууш волу ши ваша, шайн-шайна хьестархьама, доладаха воьллера дитташ а, бецаш а. Ткъа хьох церан хΙун да хуьлу, хьуна церан цΙерш хууш а ца хилча?!
Иштта Ιамийра цара хΙора диттан, бецан, олхазаран цΙерш. Безам, цу шина къона ламанхочун безам ша-кепара, Казахстанера, ГΙиргΙазойчуьра цΙа оьхуш, юхаденлучу нохчийн безам бара. Ткъа безам а ма хуьлий, кхиболу шен битамаш санна, шен цхьа мотт а болуш. ...Нохчий маттахь лела нохчийн безам.
...ДΙало ас дош ма-дарра иза шега Байсултанов Дауде дийцийта.
Оцу бахьанийца, араяла тарлучуьнца дуьстича, кхин а 15-ттех шо ийшира цкъа хилла а йоцу нохчийн фразеологизмийн дуьххьара дошам арахеца. Ткъа ша зорбане даьлларг-м дац БайсултановгIара лехьийначу, вовшахтоьхначу аламийн цхьа дакъа а бен. Шен хене, хьелашка, тароне хьоьжуш, къомана а йовзанза йисина шина вашас хΙоттийначу дошаман юьззина кеп.
Шен ненан мотт хастош хийла стаг волу вайлахь. ХΙун бух бу и хестон, олий, хаттар хΙотталуш хила тарло цхьаволчун оцу хьокъехь. Амма нийса а ву, бакъ а ву нохчийн маттал хаза кхин мотт хир а бац аьлла хеташ вехарг. Ца тешачо кхидΙа а ладогΙа Байсултанов Дауде.
Европехь куьйга пΙелгашца вагарвал а вац нохчех ваьлла Ιилман доктор. Ткъа Нидерландехь и аьтто баьлла Байсултанов Даудан. Кхузарчу шен дахаран шолгΙачу декъавала цунна аьтто белларг дара иза воккха къинхьегамча хилар.
Ιилманна чу а воьлла, чохь къахьоьгучех вац Байсултанов Дауд. 10-11 шо даьлла цо бIеннаш берашна, шайлахь нохчийнаш хилла ца Ιаш, францойнаш а, гΙезалойнаш а долуш, нохчийн мотт хьоьху, дешна девлича царна дипломаш а луш.
Иштта пайда бохьу цо, нохчийн мотт шена лехамашкахь коьрта а болуш, Европерчу меттанийн фразеологизмаш, аларш дустуш довзийтарехь. Цундела гергарлонаш кхобу цуьнца бухарчу Ιилманчаша а.
Делахь а, нохчийн маттаца болхбечун мах нохчочо къастон догΙу . Цундела ло ас дош ненан меттан хазаллах, дела денна воккха а веш, хесто а ца къадлуш вехачу веданхочуьнга, вайна массарна а евзачу «Дайх ала дош доцуш, даймахкахь каш доцуш, дала ла ма лайла вай кΙентий» байтан дега, поэте Яралиев Юсупе.
Йийцарх пайда бац вежарийн БайсултановгΙеран дошам, иза йохка-эца яьккхина а яцахь аьлла хеташ, кхидΙа иштта къамел дира ас Даудца.
Муьлххачу а пачхьалкхехь стаг филологин Ιилманча велахь, шен балхах тоъал са а кхочуш веха. Амма церан могΙарахь бац, бакъ дерриг аьлча, я нохчийн Ιедалшна, я тарончашна тΙаьхьалестийча а оьшуш боцу нохчийн мотт. Амма ахчан дуьхьа вехаш хилча-м Байсултанов Дауд а хир вара Даудах.