Дуккха а дийцина Къилбаседа Кавказерчу зударийн хьолах лаьцна: уьш нуьцкъала маре бахийтар, лечкъор, "сий дайарна" йерах а, доьзалехь царна тIехь ницкъ барх а. Къилбаседа Кавказан регионашкахь зударий маьрша ца хилар, божарий маьрша хиларна ду бохург дуй-те?
Текст: "Окно"
"Йа хьо мичахь Ӏан везаш ву а, йа мила йалор йу а, ахь къастош дац"
ГӀалгӀайчохь вехаш волу Адам (цӀе хийцина йу) даима а кхерсташ лелар дезаш хилла ву. Жима волуш Европе дӀаваха ойла йолуш вара иза, амма дIаваха дагахь кечам бина ваьллачу хенахь, цуьнан ойла хийцайелира.
- Нанас соьга элира: "Ас хьуна доьхкуш дац, амма суна баккъалла а ца лаьа хьо дӀавахийта". ТIаккха, со дӀа ца вахара. Суна са паргIат хир дацара, нана йитина дIаваха. Дуккха а кӀентий болуш доьзалш бу, царна атта ду, цхьаъ дIавахча - бухахь кхин а вуьсу. Ткъа деца-ненаца Ӏен стаг ца хилча, кхин а хала хуьлу. Ас шен да а, нана а дӀатесначу стагаца йа бизнес, йа доттагӀаллин йукъаметтигаш лелор йацара: суна и стаг, тешаме ца хиларан билгало йу иза. ХӀинца суна сайна а ца лаьа дӀаваха. Со кхузахь, ГӀалгӀайчохь, Ӏаш ву. Со хIинца воьлла кхузарчу системех а.
– Къен йолу ГӀалгӀайчоь даим аренца къахьоьгуш даьккхинчу ахчанца йехаш йара. Советан заманахь дуьйна тхан дай Оьрсийчу ахча даккха лелаш хилла бу. Ша ГӀалгӀайчохь хӀетахь йеш-арахоьцуш хIуммаъ а йацара, йа дIоггара хӀинца а йац. Оьрсийчуьра тоьллачу клиникашкахь белхаш бина, говзалла йолу ГӀалгӀайчуьра лоьраш бевза суна, амма цхьана муьрехь церан дай-наноша цаьрга аьлла: "Тхан могашалла хIинца ледара йу, ткъа шу стенгахь ду?" Нагахь санна, и бераш - оьзда доьзалера нах белахь - уьш цIа боьрзура. И нах бахьана долуш лаьтташ йу ГIалгIайчуьра могушалла Iалашйаран система а, и кхин дерг а. Хьо гӀалгӀа велахь, хьан бакъо йац хьайггара сацам бан, хьо мичахь Iан везаш ву а, айхьа мила йалор йу а",- билгалдоккху Адама.
ХӀора цхьаьнакхетарехь, муьлхха а синкъерамехь, хьуна захалонаш хьехор ду
Дас-нанас бохучунна тIера ца валар - дIа ца воьдуш цхьа висар хилла ца Iа. Оьрсийчоьнан европахойн агIор лоьрийн дешар дешна ву Адам, цигахь оьрсийн йоӀ йезаеллира цунна, амма иза маре йига ца хIоьттира, хӀунда аьлча, нанас къобалдийр доций а хуаш. Адама гӀалгӀайн зуда йалийра – цо дийцарехь, республикехь и тайпа хIума, кегийрхошца кест -кеста нислуш ду.
– Сан доттагӀчун, Оьрсийчохь цхьана университетехь доьшучу хенахь вуно оьзда, хьекъале, хаза тIехьийза йоӀ йара, Iилман кандидат а, бусалба динца дог ойла а йолуш. Амма хIара гӀалгӀа вара, ткъа иза оьрси. Цуьнан гергарчарна хиъна, доккха дов делира церан: "ХӀан-хӀа, хьо гӀалгӀайн зуда а йалийна, ГӀалгӀайчохь Ӏийр ву!" бехира. ДоттагӀ йоӀаца дӀа а къаьстина, цӀа вирзира, бохуш дуьйцу Адама.
Адамна масалш хаьа, кхечу къаьмнийн зуда йало гергарчаргара пурба даккха аьтто баьлла меттигаш, амма махкахь иза наггахь бен хуьлуш дац. Цуьнца цхьаьна ГӀалгӀайчохь зуда а ца йалош виса лууш волу стаг вуьтур вац тесна, бохура къамелдечо.
"Цунна зуда а ца йалош, цхьалха виса лаахь, иза вуьтур ву, амма йукъаралло бен Ӏаткъам лан дезар ду цуьнан. ХӀора цхьаьнакхетарехь, хIора барамехь цунна захало кхийдор ду. Цунах лаьцна хир йу доттагIийн йоллу забарш а, цуьнан гергарчу нехан бӀаьрхиш а…И дерриге лан чӀогӀа хала ду, - дуьйцу цо.
ГӀалгӀайн ламасташ а, йукъаралло а дехкарш до божаршна говзалла харжарехь.
Суна ГӀалгӀайчоь- Оьрсийчохь уггаре маьрша меттиг йу
– ГIалгIайчохь тIе ца йуьту говзаллаш а йу. Масала, кӀантана мел чӀогӀа артист хила лаахь а, дукхахболчу доьзалша иза драматургин училище деша вохуьйтур вац - "хьарам" ду, "бакъволчу къонахчунна товш дац" бохуш. ХIинцалц схьа парикмахеран говзалла "божарийн" лоруш йацара, амма тӀаьхьарчу шерашкахь динан компоненто шен болх бина. Бусалба динан низамшца, стеган а, зудчун а вовшех куьг кхетийта магийна дац. Дукхахболу божарий реза ца хуьлу зударшка шайн месех куьгаш деттийта, цундела дуккха а кӀентий бу хIинца парикмахер болх беш, дуьйцура Адама.
Цо тидам барца, тӀаьхьарчу 10–15 шарахь ГӀалгӀайчоьхь исламан цуьнан ден хенарчу нехан жимма маларх ца кхетахь, вовшашца къамел ца тасалора. Ткъа хӀинца, цуьнан кӀентий хила мегар долуш, "цкъа а малар малаза, цигарка а озаза, зина а даза" кегийрхой бу ." Баккхийчара, боху цо, кегийчаьргара масал схьаоьцу. Цул совнаха, йитинчу зудчуьнца, йа кхечу къомах волчу векалца захало дан бакъо луш долу бусалба дин, дуккха а маршо луш ду гӀалгӀайн Ӏадател а: нагахь санна хьалха иза дехкар хиллехь, хӀинца и дехкар дийцаре дан йиш йолуш ду.
Адама дийцарехь, ГӀалгӀайчуьрчу къонахчо массо а хенахь ойла йан йезаш хуьлу шен йоккхучу цӀарах: нахана йукъахь муха лела веза, муха къамел дан деза, духар муха хила деза. И ца дан йиш йу, амма "йукъаралло хьо гӀалгӀа лорур вац". Делахь а, къамел деш верг тешна ву, ламастан йукъаралло дозанаш тохахь а, дика агIо а йу цу хIуман аьлла:
– Нагахь санна, суна ган ца луу стаг сан керта веъча, сан иза аракхосса йиш йу. Суна хIума эра дац, сан чуьра наха суна гIо лоцур ду. "Бакъдерг аьлча, суна хетарехь, Оьрсийчохь уггаре а паргӀат меттиг йу- ГӀалгӀайчоь", - боху Адама.
"Безам ца лоьху, да-нана резадан хьийза".
Ткъе итт шо долчу нохчочун Рустаман (цӀе хийцина йу) Къилбаседа Кавказехь, бусалба дино йукъараллина а, божаршна а Ӏаткъам барна, шен хьесап до. Кхиазхо волуш, даггара бусалба динца ойла йолуш вара иза, шен дас-нанас ша хьуьжре КъорIан Ӏамо хьажийча, дуьхьал вацара иза. Бакъду, цкъа цига кхаьчча, цабезам кхоллабелира цуьнан: цхьа вониг дича, куьйгах хIума йеттара, урокаш чекхъйаьлча, кхин а тIаьхьа виса везаш хуьлура. Амма цуьнан да-нана а чIогIа лууш дара цигахь кхин дIа а дешийта. Рустама дийцарехь, нуьцкъала динах кхетош-кхиоран низам ду Нохчийчохь.
Кхоъ шо даьлча хьуьжаре дӀа а тесна, тӀаьхьо Соьлжа-ГӀаларчу университете деша хӀоьттира иза. Цигахь цунна бевзира бакъонашларъйархой, церан кхайкхамца иза вахара Оьрсийчу а, Украине а, Чехе а. Цигахь шен нийсархошца йукъаметтигаш лелайора цо, цаьрца дуьстича, бусалба динца шовкъ йолу нохчийн классера бераш цунна "гIогIа беда" хетара. Дуккхачара, бусалба динан низамца а догӀуш, маж лелош йара, мекхаш дӀа а даьшна, шегара бехкаш дохуш хуьлура бохура, ахь хIунда ца лела йо хоьттуш. Республикехь божаршна тIехь леррина терго латтайо, муьлха духар леладо хьожуш.
– Суна дагадогӀу, шекъанан басахь джемпер а йуьйхина, со йукъарчу школе веана. Соьца цхьана доьшу бераш дилийра сох, цхьацца забарш а йеш – "эмочка" бохуш, йоӀах олура – "эмо". Хьехархочо бехк баьккхира: "Кхечу басахь свитер эца йиш йацара хьан?" – дуьйцу Рустама.
Цунна хетарехь, Нохчийчохь, божарша "цхьабосса" духар леладо – мокха, Ӏаьржачу басахь. Ша студент волуш, мелла а тайп-тайпанчу кепара духарца лелаш вара иза. Кест-кеста, Соьлж-ГӀалахь – полисхоша сацавора иза, и хIун "тамашийна" духар ду хьоттуш. Рустама ша Нохчийчуьра а вац олий, аьшпаш буьттура.
Шайн говзалла харжарехь а маьрша бац нохчий: Рустаман дас-нанас дихкинера цунна журналистан деша вахар, иза "боьршачу стеган говзалла йац" аьлла. Иштта, цара къобал ца дира цуьнан артист хила лаар а. Доьзална лаьара цуьнга лоьран дешар дешийта, тIаьххьаре а уьш реза хилира цуьнга архитектор дешийта.
Нохчийчохь а бац божарий маьрша шайна хӀусамнана харжарехь: Рустамна бевзаш болчу кегийчу нахана йукъахь кӀезиг бу, шайна йезаш хилла йоI йалийна. Бусулба дино магош ду йитина зуда йалор, амма цу тайпа захалонаш Нохчийчохь даима бохург санна дихкина ду кӀенташна.
– Сан шича, марехь хилла йоӀ йало лууш вара. Массо а цунна дуьхьал велира. Цуьнан вешин а ницкъ ца кхечира гергарчаьргара пурба даккха, и йоI йало. Сан нийсархойн коьртехь хӀинца а шайн стереотипаш йу. Цара шайн дахаран безам ца лоьху, гергара нах реза хир болу йоӀ лоьху,- кхетадо къамел дечу.
Цхьана бахьанашца доьзал кхолла ца луучу нохчочунна боккха Ӏаткъам бо гонах болчара.
Рустам - гей ву. Нохчийчуьра Франце дIавахана иза 5 шо хьалха, меттигерчу ницкъахоша лоьхучу нехан тептарехь ша вуйла хиъча. Нохчийчохь вехаш, хьайн сексуалан ориентаци харжа йиш йац хьан. Кху республикерчу ЛГБТ-йукъараллан векалша шаьш муьлш бу лечкъадо, хӀинца а кхерамазалла йу аьлла, ца хета царна. Рустаман накъостий Нохчийчоьнал арахьа бехаш бара, Ӏаламат социалан машанашкахь иза ларлушшехь, гучувелира иза.
Нохчийчуьра дӀавоьдуш, шен дега а нене а ша цхьана шарна кхоллараллин проект дӀайахьа воьдуш ву аьлла цо. Нанас хӀоразза а телефон тоьхча, Европехь нохчийн мехкарий а бу, зуда йало хан кхаьчна хьан, олий дехар дора. ТIаккха Рустама дийцира цуьнга, ша гей хиларх. Цуьнца зIенера дIа ца йелира нана, амма къамелехь оцу халачу теманех ларло хьожу иза.
"Ас сайн хеча цӀахь йуьтур йу"
Бакъонашларъйархочунна Сиражудинова Саидана хетарехь, Къилбаседа Кавказехь кхиъна "чӀогӀа бегӀийла патриархат": хьалха божаршна тӀедиллина хилла жоьпалла хӀинца божаршна а, зударшна а йукъахь декъаделла, ткъа божарша лелийна льготаш цаьргахь йуьсуш йу.
Сиражудинова йевзаш йу "зуда сунт йарна" вуно чIогIа дуьхьал хиларца. Цо дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь цу тайпачу ламасташа дуккха божарий а инзарбоху, амма и зулам сацо церан а аьтто бац. Цхьана оцу хӀумано тоьшалла до, Кавказехь боьрша стаг "йа паччахь, йа дела" а воцийла.
– Къилбаседа Кавказехь зударийн хьал чIогIа гIийла ду, ткъа мелла а алсам бакъонаш а, аьттонаш а бу божарийн, делахь а, цхьа вац маьрша; Масала, Дагестанехь хӀинца а лелаш ду, гергарчара берашна йукъахь захалонаш дар. И бераш даккхий хилча, церан даимна а ца кхочу ницкъ дай-нанойн лаамна дуьхьал бовла. Ишттачу захалоша зудчун а, божарийн дахарна алсам Ӏаткъам бо. Стеган тӀаьхьо шолгӀа доьзал кхолла йиш йу. Доьзалан институтах иштта ловзар оьзда дац, боху Саидас.
Цхьана нохчийн хьаькамо веларца элира: "Со балха воьдуш, сайн хеча цӀахь йуту ас"
Бакъонашларъйархочо иштта дуьйцу, зударий санна, Къилбаседа Кавказехь божарий а хуьлу нуьцкъала говзалла харжа йезаш. Дай-наноша, шайн кӀентийн лааме ца хьоьжуш, юрист, программист, дукха хьолахь – лоьран дешаре дӀахьийсош бу. И Ӏалашо кхочушъйархьама, ЕГЭ экзаменан баллашна ахча а луш.
Вай хьалхо хьахийначу Адама а тӀечӀагӀдо, дуккха а дай-наноша шайн тӀаьхье муьлхха а мах белла, медицинан училище дӀахIитто лууш хилар. Амма, цуьнан доьзалехь дерриг а нийсса бӀостанехьа дара: да-нана духьал доллушехь, лоьрийн дешар хаьржира цо.
Кхечу хаттарехь Сиражудинова Саидас гӀортор ца йо Адамна. Бакъонашларъйархочо бахарехь, Советан Ӏедал долчу хенахь Кавказехь къаьмнашна йукъара захалонаш къобалдеш дара, хӀинца хьал вочу агӀор хийцаделла.
Цо дийцарехь, гендеран нийсалла тӀаьхьарчу шерашкахь репрессин политикехь бен ца нисйелла. Нагахь санна, кавказхойн ламасташца, зударшна гуттар а кӀеда таӀзарш деш хиллехь, хӀинца протестхошна цхьатерра луьра таӀзарш до, йа стаг ву, йа зуда йу хьаьжна доцуш.
Къилбаседа Кавказехь гендеран низам хьокъехь талламаш бина социолог Татьяна (цӀе хийцина йу) тешна йу, иза йеккъа цхьана патриархатах доьзна цахилар.
– Къилбаседа Кавказехь хуьлуш долчух ас мозаикан модернизаци олу. Патриархатан элементаш йу – ламасташ а, гӀиллакхаш а, бусулба дин а, цуьнца наггахь, ламасташ а, гӀиллакхаш а цхьанацадар, советан хенан – культуран а, этикин а тIахьало. Иштта, дуьненан Ӏаткъам а, аьлча а- глобализаци. Кавказехь массара а интернетах пайда оьцу; изза информаци йу дуьненахь массанхьа а санна. Коьрта ду, Къилбаседа Кавказан хIора регионан специфика тидаме эцар. Гендеран низамца уггаре а консервативе йу ГӀалгӀайчоь, хӀунда аьлча, иза уггаре а жима республика йу, цигахь адамаш вовшашца алсам зӀе йолуш а, гуш -девзаш ду. Нохчийчуьрчу дахарна боккха Ӏаткъам бина шина тӀамо а, Кадыровн Ӏедало а, цара хIоттош ду низамаш а, леларан кеп а. Кадыров ву “ультра- боьршаллан” масал гойтуш, муьлххачу а иерархин лакхахь ву – иза дац кхечу нохчийн божарийн изза лело таро йу бохург. Тхоьца къамел динчу цхьаммо, нохчийн хьаькамо, бегаш бира: "Со балха воьдуш, сайн хеча цӀахь йуьту ас" аьлла. Метафорах кхетий шу? Балха тӀехь йуьхьӀаьржа хӀотто тарло, боьрша стаге ца до къамел а деш. И йуьхьӀаьржа хӀотторан система чIагIйелла дIахIоьттина Нохчийчохь. ГӀалгӀайчохь а. Дагестанехь хьал мелла а гIоле ду, аьлла хета социологна.
Татьянас дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь божаршна, йукъаралло дуккха сов жоьпалла тӀедуьллу. Масала, массо а гергарчу нахах а, ахчанца а, кхин долу хIумнаш тIехь. Социологан хеттаршна жоп деллачу божарша дӀахьедира, и шадерг а лан атта ца хилар. Цхьаболчара латкъам бора, йукъаралло дихкина хилар, шайн зударшка а, берашка а безам-марзо а гуш-хезаш гайтар, бохуш.
– Оха къамел динчу ГӀалгӀайчуьра а, Нохчийчуьра а божаршна йукъахь масех вара, дас-нанас зуда йалийна. Цхьаболчарна, шозза-кхузза гина шайн хинйолу зуда, цхьана ГӀалгӀайчуьрчу стага дуьйцура, шена дуьххьара гира шен нускал, йалийна ловзаргахь, бохуш. Амма, и хIума, шайна тIехь ницкъ бар ца хета царна. Уьш тешна бара, шайн дай-наношна дикоха хаьа шаьш мила йало йеза, бохуш.
Дуккха а божарша мукӀарло дора, шайн нанна муьтIах ца хила йиш йац, аьлла
Социологна хетарехь, Къилбаседа Кавказехь кест-кеста нисло гендеран нийсалла цахилар, зударша шаьш кхуллуш а, латтош а.
– Гендеран иерархи хилла ца Ӏаш, тӀаьхьенийн иерархи а йу. Баккхийчера аьттонаш а, бакъо йу тӀекхуьучу чкъуре, шайн нийса хетарг ала а, дайта а. Ма-дарра аьлча, доьзалан коьртехь йерг нана йу. Иза йу сацам беш. Оха кӀорггера къамелаш динчу дуккха а божарша мукӀарло дира, шайн наношна муьтӀахь ца хила йиш йац, бохуш,- кхетадо Татьянас.
Талламехь дакъалаьцначех цхьаммо дийцира социологе, шен нанас омра дира шен хӀусамнене хьиджаб лело йеза, аьлла. Стаг а, цуьнан зуда а дуьхьал дара, амма нанна дуьхьал довла ца хIоьттира.
– Амма хӀинца дуккха а хӀума хийцаделла. Нагахь санна, доьзалехь дай-наной башха динца бала боцуш делахь а, доьзалхоша даггара бусалба дин леладо. ТIаккха берийн кхин авторитеташ хуьла, цаьрга алсам тешам хир бу церан бохуш, билгалдаьккхира Татьянас.
Иштта цо тидам тӀебахийтира кавказхойн духарна:
– Къилбаседа Кавказехь дуккха а божарий бу инзаре модникаш а, "дендиш" а. Цара шайн тIехь Ӏуналла до, брендан духарш леладо, хаздарш а. Амма, дуккха сов ца буьйлуш. Муьлхха а ЛГБТ-н, йа зудчун кепехь къадор хилахь, цунна йемалдийра ду. Дресс-код консервативе йу, масала, Москвара духаре хьажча. Ткъа Къилбаседа Кавказехь стеган динехь хиларе хьаьжжина ду дуккха а хӀума. Кегийчу божаршна йукъахь алсамбовлуш болчу салафиташна дино магийна мекхаш ца лелош, маж лелор. Хечин когаш жимма хьала карчийна хила дезаш ду.
Кавказхойн мачизм Татьянас йозуш йац Къилбаседа Кавказерчу божарша Украинина тӀелатар дарехь дакъалацарца. Масала, Нохчийчохь къонах-тӀемалочун васт коьрта делахь а, дукхахберш тӀаме боьлху "дуьхьало йан йиш цахиларна".
- Кадыров Рамзанан йоьIаршна керла даржаш кхочу, совгIаташ лехьадо цара, бизнесера пайда а хуьлу царна. Нохчийчоьнан урхалхочунна луьйш болчара цунах кхетадо матриархат йаржорца, политикан цхьахйолчу йоIа мехкан урхалла дан тарло аьлла а хета царна. Оцу йукъанна Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дагадоуьйту: республикера зударийн бакъонаш эшош хилар, ткъа шайна хеттарг дан йиш хилар Кадыровн гергарчу зударийн.
- Кху аьхка кхело таIзарш кхайкхийра нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина а, гIалгIайн протестан декъашхочунна Саутиева Зарифина а. Иштта гезгамашин-баттахь Росфинмониторинго Муртазалиева Зараъ экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIайайира. Цунна таIзар динера теракт кечйеш хилла аьлла. Лакхахь хьахийначарна дуьхьал айдина хилла доллу гIуллакхаш политикан бух болуш дара аьлла хета бакъоларйархошна. Зударшна тIаьхьабийлар Кавказехь цкъа а хилла доцург ду – Iедалхоша оцу кепашца "дIабоху товшбоцурш" а, церан гергарнаш а, билгалдоккху редакцино хеттарш динчу эксперташа.
- Официалан хаамашца, Кадыров Рамзанан йалх йоI йу. 25 шо долу Iайшат мехкан вице-премьеран даржехь йу. 2020-чу шарахь цкъа хьалха регионан культурин министран хьалхара гIовс хIоттийра иза, ткъа 2021-чу шарахь министр хилира цунах. Цуьнан хIусамда Мацуев Висхан стохка товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра.