ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьрша садаӀа бакъо: хьан, муха гӀо до Къилбаседа Кавказехь доьзалехь бала хьоьгучарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Къилбаседа Кавказехь зуламийн бала хьегна йу аьлла итт эзар гергга зуда билгалъяьккхира. ТӀаьххьарчу йалх шарахь уггар а доккха терахь ду иза. Цуьнца цхьаьна бакъонашларъярхоша хаамбира, республикашкахь зударийн бакъонаш ларъйарца доьзна хьал телхина хиларх: оцу жамӀашка кхаьчна уьш кхелан гӀуллакхашна тӀехь терго а латтош. Кавказ.Реалиин редакцино хьал толлу, регионерчу кризисан вовшахтохараллаша бечу балхах лаьцна а дуьйцуш.

Бакъонашларъйархоша билгалдоккху, Къилбаседа Кавказехь дукха хьолахь низамна тIехь лаьтташ хилар ламасташ а, доьзало тIеIаткъам бар а. Масала, Нохчийчохь къоначу зудчунна кхечу пачхьалкхан паспорт дала мегаш дац цуьнан божарийн гергарчаьргара пурба дацахь, и гӀиллакх федералан низамашна ма-дарра бӀостанехьа делахь а.

Зударий республикашкара дӀа ца баха а тарло, амма чохь а уьш ларбан сих ца ло: къизаллаш лелорна латкъамаш барца доьзна 87% бинчу талламан жамӀашца, Къилбаседа Кавказан республикашкахь ницкъаллин структурийн белхахой дуьхьал хуьлу бехктакхаман гӀуллакхаш доло . 2003-чу шарера схьа дуьйна цу регионашкахь гIело хьегначу зударша чуделлачу кехаташца а догIуш, цхьа а таIзар дина дац цхьанна а.

Доьзалехь бала хьегначу зударшна хала хьулу кхечу регионашка дӀабаха, бохура шен цӀе яккха ца лиъначу цхьана шелтеран куьйгалхочо: "ХӀора а дийцар доьзна хуьлу цхьана шогачу идеологица, и дуккха а кӀорггера хIума ду, хӀунда аьлча, зуда йу априори "харц" ур-атталла полицин тӀегӀанехь а, пачхьалкхехь а, доьзалехь хилла ца Ӏаш. Массо а веддачунна дуьхьал волуш санна, ткъа иза цхьана тамашийначу хӀуманца бен кӀелхьара ца йолу".

2014-чу шарахь шуьйра таллам бира Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а, Дагестанехь а, ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, цу тӀехь 800 гергга респондентца къамел а дина. Цхьа хаттар иштта дара: "Хьуна хьайнна бевзий цIийндайша кест-кеста йетташ болу зударий?" Жоп делла 92,8% нохчийн зударша а, 66,5% дагестанхоша а, 27,6% гӀебартойн зударша а, 18,3% гӀалгӀаша а.

Талламан куьйгалхочо билгалдоккху, йуьхьанца дукха хьолахь зударий ца кхетара, хӀусамдас ницкъ бар бохург хӀун ду. Дукхаъчара и хьал нийса а, хила дезаш а хIума долуш санна тӀеоьцура, майрачо тохар, йеттар ницкъ бар санна ца лорура цара.

"Сий лардеш стаг вер", заьIапе веш операциш"

Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ барх лаьцна 2023-чу шарахь бинчу талламца а догIуш, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГӀалгӀайчохь а зударий байъаран коьрта бахьана ду "сий лардар". И тайпа нах байар нисло, нагахь санна и йоӀ "харцахьа" леллехь. 2009-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц цу кепара 58 адам дийна лоруш ду.

"Сий дойъуш леларна йийна" зуда алахь, кхелехь туху хан лахара хуьлу

Меттигерчу божарийн шеко йац, уьш тешна бу гергарчийн зуда йен бакъо хиларх. Адам дийначух алсамох дог лозу, шен йоI, йиша, йа зуда йуьйчу стага гӀиллакх-оьздангаллин Ӏазап лов аьлла хеташ. Оццу рапортехь билгалдоккху, Нохчийчохь зудчун "оьзда доцу лелар" бахьана долуш йийна аьлча, кхелехь таӀзар кIеданиг кхайкхадо. Амма зудчун дахаран мах хӀинцале а лахара хадабо кхелашкахь боьршачу стеган дахарел а: стаг верна йуккъерчу барамехь ворхӀ шо хан туху, зуда йийначунна пхеа шаре кхаччалц.

Бакъонашларйаран "Бакъонан инициатива" организацино бинчу талламца, мел лаххара а 1240 йоӀ "суннатйо" Дагестанехь шарахь, муфтийн кхеташо цунна дуьхьал йоллушехь. Кхо шо кхачанза долчу зудаберашна йеш йу уьш чолакхе бен операцеш, лоьрийн гIирсаш ца лелош, уьрсан кепехь хIуманца цIахь долчу хьелашкахь.

2022-чу шарахь ГӀалгӀайчохь дуьххьарлера цуьнца доьзна бехктакхаман гӀуллакх диллира. И дIадерзийра кӀедачу таӀзарца – лоьро леррина дегӀана жима зен дарна бехке хилар тӀечӀагӀдина, 30 эзар сом гӀуда а хьарчош цунах. Цу сохьта таӀзарх маьршайаьккхира иза, стаг бехке озон хан тоххара тIехъйаьлла аьлла.

Халахеташ делахь а, Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексехь дац зударийн бехке меженаш талхорна, цу гӀуллакхна йукъахь мел волу стаг бехкевеш низам, комментари йира бакъонашларъйархочо, адамийн бакъонийн говзанчас Грязнова Дарьянас: "Динарг зулам ду аьлла дуьххьалдIа ца хетар бахьана долуш, вуно хала ду зуламхой бехкеозон: и дӀайаздеш болу дай-наной а, уьш йеш болу нах а. Операци йина лараш дIайан тарло, цхьана хIуманан тоьшаллаш дан а хала хир ду. Цу тIе низамо а тидаме ца оьцу оцу операцеша сексуалан функцеш хIаллакъйеш, талхош хилар. ТIаьхьало йиса тарло хьаткъан системица, инфекцишца, кхин йолчу чолхаллаш а".

Бехктакхаман кодексехь йу ницкъ барца а, зулам дарца а, могашаллина кхерам латторца а йоьзна артиклаш. Цундела, нагахь санна зударий суннатбаран, ницкъ бар а, адамийн бакъонаш йохор а санна мах хадо йиш йелахь, иза бехктакхаман гӀуллакх лара мегар ду, тӀетуьйхира шен цӀе йаккха ца лиъначу адвокато: "Цхьацца йолчу регионийн тӀегӀанехь башхаллаш хила тарло низам тидарехь, делахь а, оцу хьолехь а уьш ларбан беза федералан низамашца".

Ницкъбарх ца дийцар

Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГӀалгӀайчуьрчу а бахархойн зӀенаш Iаламат шуьйра хуьлу, дукха хьолахь доьзалехь ницкъ барх кӀелхьарайаьлла зуда кхеташ хила йеза, ша йелла дIайаллалц лечкъаш лела дезарх. Иштта элира "Марем" кризисан тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас: "Дозанехула дехьа йаьллехь а ша маьрша ца хета йоIана. ХӀунда аьлча, даима а, массанхьа а хуьлу дIа а боьлхий, "харцахьа" лела мехкарий лоьхуш, йуьйлайелла лела боьха хIуманаш".

Дозанехула дехьа йаьллехь а ша маьрша ца хета йоIана

Кризисан центрашкахь зенаш хиллачарна хьехар до, шаьш довла а довлуш, шайна бевзаш болчу нахаца зӀене ма довла олий. Нагахь санна тӀаьхьабевллачийн ницкъаллин структурийн хьукматашкахь зӀенаш йелахь, кӀелхьара бовла аьттонаш вуно лахло церан. Хууш ма-хиллара, тIаьхьара дIа ца бовлуш, шаьш лоьхуш хилахь, духарца хийцало уьш, кехаташ хуьйцу цара, терахьаллин кхерамзалла шайн ницкъ мел бу ларйо.

Оьрсийчоьнан полисхоша кест-кеста бӀаьргаш дӀакъовлу Кавказера гӀуллакхашна, "ламасташ", "колорит", "церан культура" а бахьана долуш. Дукха хан йоццуш хилларг масал ду - Дагестанера гергарчара Москвара студент йолу Магомадова Ӏайшат лачкъийна дIайигарх дийцар. Цуьнан гергарчара кхерамаш туьйсуш хиллера цунна, доьзал "йуьхьӀаьржа хӀоттийна" аьлла, амма талламчаш реза ца хиллера стаг лачкъорна бина латкъам тӀеэца. Талламан комитете йаьллачу Магомедован доттагӀчо дийцира, зуламах лаьцна хаам рогӀера бина латкъам санна лорур бу аьлла: 30 дийнахь.

Мила ву гIо дийриг?

"Правовая инициатива" йукъараллин хаамашца, Къилбаседа Кавказан федералан гонан республикашкахь зударшна лерина масех кризисан центр йу, амма кхерамазалла ларъйар бахьана долуш уьш йолу меттиг а, билггал терахь а нахана довзуьйтуш дац.

Цкъацкъа царех лаьцна гучудолу. Иштта нисделира, масала, Дагестанера "Марем" тобанан кризисан петарца, ХIинжа-ГIалара лоьчкъийлера дIайигира 22 шо долу Нохчийчуьра Тарамова Хьалимат нуьцкъала - Дагестанерчу полицино Хьалимат дӀайеллера могIарера духар доьхна нохчийн номерш йолчу машаенкашкара нахе.

"ХӀетахь дуьйна тхан кризисан петар йац, - боху Анохинас. - Ткъа шелтераш латтор маьIне дац, хӀунда аьлча, хьалха-тӀаьхьа иза мичахь йу бодаршна хуур дара. Цо гӀоьналлин центраш а, зударий а кхерамна кIел латтабо. ХӀунда аьлча, рейдаш хир йу, цара чу а лелхаш, мохь хьоькхуш, манипуляцеш лелор йу, хIусама чу воьддучохь гӀарол дийр ду, неӀарш бухйохур йу. Тоххараоха Оьрсийчуьра шелтерашка маса нах дӀабуьгура, амма хӀинца аьтто бац".

Республикашкахь векалаллаш а йоцуш болх бо тахана тобанийн доккхаха долчу декъо – кризисан тоба "Марем", "Силсила" фонд, Ad Rem юристийн тоба.

"Ас дуьйцур дац шуна, тхаьш кхерамазалла муха латтайо. ХӀунда аьлча, иза кхерамазаллин гӀуллакх ду, - бохура шен цӀе къайлайаьхьначу цхьана шелтеран куьйгалхочо. Амма дика хир дара, тхан неӀаршкахь ха деш полици хилча. Со теша, цхьана дийнахь вай цу тӀе кхочур ду аьлла, амма цкъачунна дуккха а нюансаш ю... Хьо кхета-кх".

Республикера зударий арабохуш фондана гIо дечу адамех лаьцна дуьйцуш, "Мареман" куьйгалхочо билгалдаьккхира, волонтерашна хиллачух лаьцна хӀумма а хууш цахилар. Царна координаташ а, хан а ло йоӀана аьлла керла телефон мичахь йита йеза, йа карти тӀехь кегий дакъош: мичара, стенга цунна аьлла такси кхайкха йеза (уьдучу нахана лерина машенаш хийца йеза ма-хуьллу кест-кеста).

Ишта меттигаш а нислора таксхо йухавоьрузра, йоI полицига дIа а луш

"Цхьацца меттигаш нислора, цхьана таксхочо, масала, машен йуха а йерзайой, йоI поицига дIалуш, и ша цхьаъ йоьдуш хиларна. Иштта цIа йуьгура иза. Ткъа цхьа гӀуллакх дара, гIодийриг схьа а карийна, цунна кхерамаш тийса буьйлабеллера", - дагалоьцу Анохинас. Иза мел кхераме дара хоуьйтуш, цо дагадоуьйту Яндиева Маринин дийцар. Кхузза гӀоьртинера йоӀ ГӀалгӀайчуьра йада.

2011-чу шарахь Москварчу университете деша йаханера Марина, амма диъ шо даьлча гергарчарна схьакарийра иза, даймахка йуха а йигира иза. 2016-чу шарахь Марина шолгӀа а дӀайаха гӀоьртира, амма муьлш бу ца хуучу наха иза карийна, ГӀалгӀайчу дӀахьажийра. Цул тӀаьхьа ворхӀ шо цӀахь даьккхира йоӀа, ур-атталла цуьнан гергарчарах цхьаъ цуьнца цхьана чохь йуьжуьйтуш.

Марина кхозлагӀа гӀоьртира цIера йада 2023-чу шеран гIадужу-баттахь. ЙоӀа орца дехнера бакъонашларъйархошка, цара гӀо дина иза кхечу гӀала дӀакхачийра. Адвокато Аламов Мохьмада гӀо дира цунна, амма цунна ца хаьара шен некъан накъостан цӀе а, йа иза стеннга йоьдуш йу а.

Дукха хан йалале, Маринин гергарнаш зӀене бевлира Аламовца. Цунна бехкам хӀоттийра: йа йоӀ цӀа ерзайо цо, йа масех де даьлча вуьйр ву иза аьлла. Цуьнан берашца а, зудчуьнца а, массо а гергарчаьрца а цхьаьна. Яндиевас бакъонашларъяран комиссаре Москалькова Татьянехула дӀахьедар дира, шена Аламовх лаьцна хӀумма а ца хаьа, шен лаамехь цӀера арайаьлла йу ша аьлла. Мохьмадана йеххачу заманчохь Ӏаткъам латтийра, амма кхерамаш кхочуш ца бира цара.

Цкъацкха йоьIарий йухабоьлху

Доьзалехь ницкъ бинарш кест-кеста юхабоьрзу шайга бала хьегийтинчарна тIе – иза хьакхало Къилбаседа Кавказан мехкашкара зударех а, бохуш дуьйцу Анохинас: "Церан дахарехь Ӏаламат доккха дакъа дIалоцу доьзало, ткъа царна кхечу кепара баха ца хаьа. Цхьа хIума шайн дахарера цаьрга хийцийта, психологца дуккха а болх бан беза. Керлачу пачхьалкхехь дIатарвала, шен меттиг карон царна новкъарло хуьлу уьш кхерарна, церан дешна аьлла, карахь кехат цахиларна а, лартIахь баха зеделларг ца хиларнна а. Нагахь санна йеддачун 18–20 шарел сов хан йелахь, цуьнан хила тарло бераш а, цо а хьал кхин тIе а чолхе доккху".

Цунна йада ца оьшу. Цунна тоьа, шех ца летчхьана

Дукхачарна баккъалла а ца лаьа бовда - царна лаьа оцу доьзалехь лартIахь баха, хӀора дийнахь шайн дахарх ца кхоьруш, тӀетуьйхира къамелхочо: "Дукха хьолахь хӀорш вуно кегий мехкарий хуьлу, 14–16 шо долу. Алахьа, стенна оьшу цунна йада, стенга? Цунна йада ца лаьа. Шех лета а ца леташ, ша Iадйита лаьа цунна".

Иштта меттинаш а хуьлура: йоI цIера йоду, цуьнан гергарчара цуьнга кехаташ йаздо: "Тхуна ца хаьара хьо оццул баехь йуйла. "Йодучу" тIе йаллал хьо холчахь хиллехь, оха хьо йуха тIеоьцур йу, Iалашйийр йу олий. Цхьа йоӀ доьазза цIера йеддера, доьаззе а йуха а йоьдура, хӀунда аьлча, хӀоразза а цуьнга ладугӀуш хуьлура керла-керла гергарнаш, дагалоьцу Анохинас: "Дуьххьара вежарий бара уьш, тӀаккха нана, доьалгӀа – да. Ткъа цо, схьагарехь, эххара а цхьаъ динчух тера дара, цунна ма-хетта иза йахийта".

Эксперто бахарехь, нагахь санна хьалха бала хьоьгурш коьртачу декъана Оьрсийчу дӀабуьгуш хиллехь, хӀинца буьззинчу барамехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа уьш кхечу меттигашка буьгу. ТӀом болабелча, хӀинца дерриге а маьӀна доцуш ду, моьттура Анохина Светланина: "Со Ӏовдал санна хиъна Ӏара, хIун дан деза ца хууш, корах ара а хьоьжуш. ТIамо дерриг а бертал тоьхнера. Со мел тешнарг, суна нийса мел хеттарг, адамаллин мел леринарг ас. ТIаккха хаамаш кхочура соьга зудаберашкара – шайна йиттина хиларх тоьшаллина суьрташ гойтуш, орца доьхура цара. ТIаккха со болх бан йолайелира, царна гӀо оьшуш хиларна. Цо метта а йалийра со".

Вукху йистехь билггал адам дара, суо йуьстах теттира ас цхьана ханна, ткъа хIинца – оцу йоIана гIо оьшура, кхин дIа дийцира бакъоларйархочо: "Иза бен кхин хIумма а дац хӀинца со дӀатоттуш дерг. ХӀунда аьлча, ас лелош дерг билггал, кхеташ, шеко йоццуш нийса дерг ду: ас стагана, цуьнан шен дахарехь дуьххьара, маьрша садаӀа аьтто боккху".

  • Къилбаседа Кавказехь ницкъ барх уьдуш берш кест-кеста гергарчара хьийзабо. Ницкъаллин структурийн белхахоша дӀалоьцу уьш – дукха хьолахь бахьана ду зуламаш дарна харц бехкаш дахкар, цул тӀаьхьа церан гергарчара нуьцкъала йухабуьгу уьш даймахка.
  • Нохчийчуьра схьаяьллачу Заурбекова Лияс шозза видеохаамаш дӀаязбира, цIера йадар шен лаамехь хилар чӀагӀдеш. Ша ма леха аьллера, ша маьрша хиларх тешийра, доьзалехь дегӀана а, сина а ницкъ барх лаьцна дийцира цо. ЙоӀа бахарехь, гергарчара ша йерна кхоьруш хилла иза.
  • Охан-баттахь Талламан комитето бехктакхаман гӀуллакх долийра Сулейманова Седа къайлайаккхарца доьзна –шо кхочуш ду, иза Петарбухехь нохчийн ницкъахоша лачкъийна, Соьлжа-гӀала дӀайигина. Стаг вер аьллачу артиклехула толлуш ду и гӀуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG