Францин президента Макрон Эммануэла геч дан мегар дац аьлла полицино динарг, 60 шо хьалха Парижехь Алжирера схьабеввллачу нехан дуьхьалонан акци къизаллица йохош. И нах баьхкинера Сен-Мишель цIе йолчу тIайна улле, Францин Iедале кхайкхам бан Алжирера тIом сацабе аьлла. Цунах лоаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Евроньюс" телеканала тIе а ттевжаш.
1961-чу шарахь хиллачу бохамах лаьцнарг къйладахьна дара иттаннаш шерашкахь. Оцу дийнахь байъинчу нехан терахь билггала хууш дац тахана а. Официалан версица, уьш иттаннашкахь бара.
Францхойн дьненаюкъарчу радионо хаам бо: "Хиллачух лаьцна билггала хаамаш гулбан аьтто ца баьлла, бевзаш болчу историкаша уггар кIорга бинчу таллмаца, вийна хила мегаш ву аьлла хета лаххара а 200 стаг".
Алжирхойн манифистанташ къиза дIасалахка аьлла омра делларг вара Парижан полицин префект Папон Морис. 38 шо даьллачул тIаьхьа цунна кхел йира, адамаллина дуьхьал зулам дарна.
- Макрона къамел дар нисделла, хIара бутт болалуш Парижна а, Алжирна а юкъахь иккхина дипломатин конфликт дIайоьдуш а йолуш. Къомах алжирхой болчу кегийрхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь президента Макрона дIахьедира, Алжиран куьйгалло " оцу мехкан официалан истори юхаязйина, Францега болу цабезам оцу юкъа а буьллуш" аьлла.