Ша Юсафзай Малала хIицна а Лондонехь шена йинчу чевнех йоьрзуш ю. Цундела цуьнан цIарах совгIат схьаэца веанера цуьнан да Зияуддин Юсафзай. Ткъа йоIана делла долу совгIат яздархочун а, зударийн бакъонашкахь къийсархо а хиллачу Симона де Бовуаран цIе лелош ду. Иза хIора шарахь доллучу дуьнентIехь а зударийн бакъонаш ларъеш болчу жигархошна луш ду.
СовгIат схьаоьцуш йоьIан дас элира, шена доккха сий ду и кепара преми Малалина ялар, аьлла. „Со вехачу меттигашкахь дай шайн кIентий бахьана долуш бевзаш а, сийдолуш а хуьлуш бу. Ткъа со кIеззиг бен боцучу дайх ву, шайн мехкарий бахьана долуш бевзаш бевллачех“, - элира цуо.
Пакистанехь хIинца а цхьаццайолчу меттигашкахь жигаралла гойтучу тIалибийн тобанех лаьцна цуо элира, уьш хьалха я тIаьхьа Iедалшца берта бахка безар ду, хIунда аьлча цара лерина йолу ша-башха къепе цу махкахь чекхъер йолуш яц, аьлла.
Карарчу хенахь 15 шо долу Юсафзай Малала шен 11 шо долуш йолаеллера, интернет-машанахь блог олуш долу йозанаш дан. Цуо яздора 2007-чуй, 2009-чуй шерашкахь иза ехаш хиллачу Сват -чIожанехь Iедал шайн дола даьккхина хиллачу тIалибийн леламех а, цара цу чIожера массо а зудабераш доьшуш йолу ишколаш дIакъовлийтина хиларх а лаьцна.
2011 шарахь БиБиСи телерадиокампанино цунна Дуьненаюкъара берийн совгIат далар даздар бахьана долуш дуьненна а гIараяьлла йолу иза тIалибаша шайн а, Делан а мостагI кхайкхийнера, иза ен чIагIо а еш. Ткъа гIадужучу баттахь ишколера цIа йIогIуш йолчу цунна герз диттинера цабевзаш болчу тIалибаша. ХIетахь дуьйна Британехь дарба деш ю иза, ткъа цуьнан дарбанашца йоьзна йолу харжаш Пакистанерачу Iедало шена тIеэцна.