ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достуш бу бусулбанаш - бирзи Рамадан бутт


Москвахь Iийд деш, Стигалкъекъа-беттан 2-гIа де, 2022 ш
Москвахь Iийд деш, Стигалкъекъа-беттан 2-гIа де, 2022 ш

Доллу дуьненчуьра бусулбанаш оршотан дийнахь, кху шарахь Охан-беттан 2-чохь болабелла хилла Рамадан бутт боьрзуш, Марха (Iийд ал-Фитр) досту де даздеш бу.

Бусулба нах дукха болчу Оьрсийчоьнан регионашкахь Рамадан бутт боьрзу де гуттар а мукъа де хуьлу. 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 2-гIа де пачхьалкхехь ишта а дара мукъа, кIиранденца нисделла 1-ра де дIататтарна. Цуьнца доьзна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а марха даста меттигерчу бахархошна кхин а цхьа де делла – Стигалкъекъа-беттан 4-гIа.

Регионийн куьйгалхоша декъалбира марха дастарца Оьрсийчуьра бусулбанаш, иштта президенто Путин Владимира а, премьер-министро Мишустин Михаила а. 2020-чу а, 2021-чу а шерашкахь коронавирусан пандемина тIехула маьджигашка эха юкъадаьхна дозанаш кху шарахь ца лийрира.

  • ГIурба дер а санна, шен мехалла хиларца деза лоруш ду бусулбашлахь марха дастар. Дийцарехь, и де юкъадаьккхина 624-чу шарахь Мохьмад Пайхамара. Дийнна Рамадан баттахь кхаьбна марханаш даздарна лерина ду и деза де.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG