ТIекхочийла долу линкаш

 
"Монополи латто гӀерта": Кадыровс Нохчийчохь эскаршна тӀехь Ӏуналла дар хӀунда чӀагӀдо?
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Монополи латто гӀерта": Кадыровс Нохчийчохь эскаршна тӀехь Ӏуналла дар хӀунда чӀагӀдо?


Кадыров Рамзан а Владимир Путин а
Кадыров Рамзан а Владимир Путин а

Кадыров Рамзана дӀахьедира, Нохчийчохь долу дерриге а тӀеман дакъош шен жопалехь ду аьлла. Кавказ.Реалии редакцис листина, хIунда лаьцна регионан куьйгалхочу тидаме ницкъаллийн структураншна тӀехь Ӏуналла даран хаттар.

"Со воцург (хьаькам) цхьа а вац. Ас хIиттийна шу массо а (даржашка). Ас бохург дерриг а дийр ду аша, ас шуьга иза дойтур а ду. Реза воцучо дӀахьедар йазде", - элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо дечкен- беттан 8-чохь шен ден мемориал схьайоьллуш.

2009-чу шарахь "Маршо" радиона йеллачу интервьюхь Кадыровс кхечу кепара кхетийра бакъонаш дӀасайекъар: "Вайн ницкъаллин структураш (Нохчийчоьнан) президентана жоьпалехь йац, уьш хӀиттш бу, чоьхьарчу гӀуллакхийн министро, Оьрсийчоьнан президенто со санна. Нохчийчоьнан прокуратура а, наркотикашна дуьхьало йо урхалла а, массо а Нохчийчоьнан структураш а (Нохчийчоьнан) президентана Iуналехь йац".

2011-чу шарахь кхин тайпа дӀахьедар дира Кадыровс, цуьнан хинйолу политика билгалйоккхуш: цо ша цхьаъ бен воцу куьйгалхо ву аьлла кхайкхийра, регионца а, нохчашца а доьзна долчу массо а хаттаршкахь сацам тӀеоьцуш.

"Со воцург Нохчийчохь кхин Ӏедал дац, со ву хьаькам, со ву урхаллехь. Соьца кхин цхьа а вац. Со ву хьалха! Рамзанс а, Адамс [Делимхановс] элира, Рамзанс а, Лордс а (Магомед Даудов , хӀинца Нохчийчоьнан Iедалийн председатель — Ред.) элира. Ца аьлла! Рамзанс аьлла! Кхетий хьо! Кхечара олу, ас аьлларг!" – дIахьедар дира цо шен агӀончашка.

ХӀетахь дуьйна цуьнан гонера цхьа а ваьхьаш вацара Кадыровн куьйгалла къовса. Цуьнан дешнашна критика йар, йа шеконе диллар, ур-атталла федералан хьаькамашна а магийна дац. Наггахь, дина дӀахьедарш Нохчийчоьнан куьйгалхочунна бӀостанехьа хиллехь, бехказа бийла декхаре хуьлу уьш.

Шерашкахь, Рамзан санна нохчийчоьнан куйгалохо хилла а, йа хира а вац бохуш, ойла кхоьллина  Москвана гергахь

Шерашкахь республикехь Кадыровна гонаха личностан культ а "халкъан да" васт кхоллайелла, нохчийн къомахь лелла хӀума дац иза.

"Кавказан къаьмнийн ассамблеян" председательна Кутаев Русланна хетарехь, Кадыровн личностан культ Москвара охьайаийтина йу: "Нохчийн ламаст дац иза. Иза советан куьйгалхойн культанах тера ду, церан хилла хӀума ду иза, стагах мифически васт кхолла а, цунна Iибадат дар а."

Соьлж-ГӀаларчу политологна хетарехь (редакцино цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца), дуккха а орденаш а, мидалш а, цӀераш а – Ӏаламан Ӏилманийн академикна тӀера сийлахьчу стоматологе кхаччалц, Кадыров даггара теша, и дерриге а совгӀаташ шена хьакъ долуш делла аьлла.

"Тахана вай дуьйцург дац республикехь долу Ӏедалан конструктивалла. Нах алсам кхоьру шайх нийса цакхетарна, хӀунда аьлча, цунах таӀзар дан тарло. Ур-атталла со а, сан белхан накъостий а, регионехь хуьлуш дерг дийцаре дечу хенахь, ницкъ кхочуш йукъара формулировкаш лела йо, хӀунда аьлча, массо а кхоьру мот тохарехь ", – билгалдоккху политолого.

Цо тӀетуьйхира, Кадыров "республикехь бакъдолчуьнца уьйр йолуш вац", бахархой шена хьалха декхарийлахь "гӀо дарна а, мохк меттахӀотторна а", даггара а, ма-хуьллу кест-кеста а баркалла ала дезаш бу аьлла хета цунна.

"Москвана гергахь, шерашкахь, Рамзан санна куьйгалхо хилла а вац бохуш, кеп хIиттийна. Оьрсийчохь кхин цхьанна а регионан куьйгалхочун йац, нохчийн куьйгалхочунна магош долчу бакъонийн цхьа дакъа а. Цундела цецвала хӀума дац, Кадыровна ша цхьаъ бен воцу лидер хитар, шен тӀеман ницкъашна тӀехь Ӏуналла а деш, и ницкъхой федералан бюджетера ахча а луш, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллехула а, Оьрсийчоьнан къоман гвардехула а, тӀеман министраллехула а латтош белахь а," - аьлла, дерзийра хьостано.

Цо дечу дӀахьедаршка хьаьжча, республикин куьйгалхо башха саготта вац, финансийн хаттаршна. Кадыровс Нохчийчохь берриг а сацамаш, шен лаамехь тӀеоьцу, ткъа инзаре дукха ахча федералан Ӏедална тIехдолуш ду, 2015-чу шарахь дийцира Навальный Алексейн накъоста Ашурков Владимира The Guardian газетана йеллачу интервьюхь .

Федералан центро луш йолчу ресурсел сов, Кадыровс жигара пайда оьцу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан структурехь йолчу полицин Ахмат Кадыровн цӀарахчу полках (ППС). Мероприятин меттиге йа бараме хьаьжжина, полкан терахь ши эзар стаге кхача тарло.

Кадыровн амбицеш регионал арахьа а йу – шена дерриг а исламан дуьненна "лардархочун" васт кхолла гӀерташ ву. Цуьнца цхьаьна, цо уггаре а луьрачу кепехь таӀзар до республикан чоьхьарчу шен критика йеш болчу дуьхьалончашна:махкара арабохуш, церан цӀенош дагош, ур-атталла арахьа берш а хӀаллакбийр бу аьлла, гуш-хезаш кхерамаш туьйсуш. Амма и тайпа хIумнаш догӀуш дац бусалба динан низамца.

Кху деношкахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо махкахь ницкъалийн структурашна тIехь Iуналла деш ша цхьаъ бен вац, аьлла дина дӀахьедар, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр Соьлжа гIала, варца доьзна дара, аьлла хета Финляндехь вехачу нохчийн жигархочунна Ломаев Мусана. Оцу тӀегӀанера федералан хьаькам вар, дуьххьара дара Кадыровс тергал ца деш дитар.

Цу хиларо билгалдоккху республикан куьйгалхошна а, федералан центрна а йукъахь лаьтта къийсам, къаьстина ницкъаллин структурашца доьзна. Хьалхо гIура-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо, дуьххьалдIа эфирехь, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, Талламан комитетан а куьйгалхой шайн болха ца барна бехке бира, уьш "шайн меттехь бац" аьлла. И дешнаш доьзна дара Москох 14 шо долчу нохчийн къомах волчу Мурдиев Романан (Муслиман) а, цуьнан нийсархойн йукъахь хиллачу вовшахлатарехь. Кадыровс гӀортор йира кхиазхочунна, ницкъаллин структураш озабезаме хиларна бехке а беш.

Цул совнаха, хьалха 2024-чу шеран аьхка, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Бастрыкине дIахьедар дира, бусалба динах лаьцна ша дечу дӀахьедаршна ларлуш хила аьлла. Иза хилира, Быстрикинс Дагестанехь дина теракташна а, Ростов-гӀаларчу СИЗО-хь закъалтана нах лецарна, а исламхойн декъашхой хилла аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа.

Хетарехь, иза тӀамна кечлуш ву, вац НАТОца йа Украиница, амма ву Оьрсийчоьнца

"Новая газета Европа" хьостанаша дийцарехь, 2019-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан президентан клиникан дарбан цӀийнехь, рогӀера дарбан процедураш йан йолийна Кадыровс.

Журналисташна хетарехь, Рамзанна, пехашна а, жаннашна а зен деш йолу цамгар йу аьлла, хаддаза диализ йан йезаш. И дӀахьедарш харцдан гӀерташ, регионан куьйгалхочо видеош йаьхнера шен цӀахь йолчу спортзалера. амма и гӀертарш тешош дацара.

Цул совнаха, Кадыровн могашаллина эшам хилар, тоьшал до, цуьнан чоьхьарчу гонора наха, Карибан пачхьалкхашкара паспорташ эцаро. Кавказ.Реалии редакцин хьостанаш дийцарехь, чиновникаш шайн куьйгалхочун хьал къастадаллалц чиновникаш "махкара бовда дог ойла", хилар билгало йу иза."

Ша Нохчийчоьнан куьйгалхо хетарехь саготта ву, цӀаьххьана ша дарж дитахь, шен доьзал, ахчанца а кхин долу шен гӀо-накъосталла доцуш бисарна. Оьрсийчоьнан Конституцица а догӀуш 30 шо кхаьчна волу муьлхха а вахархо хила йиш йу субъектан куьйгалхо. Карарчу хенахь регионан Ӏедалан куьйгалхочун гӀовсан даржехь йолчу Кадыровн йоккхах йолчу йоьӀан Ӏайшатан дукха хан йоццуш 26 шо кхаьчна. Спортан министр волу, цуьнан воккхахволчу кӀентан Ахьматан 19 шо ду.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьна метта, кхин стаг хӀотторехь, Москван а Ахмат-юртан дог ойла хеттарехь къаьсташ йу. Республикан куьйгалхочунна луур дара, шен карара Ӏедал, доьзалан декъашхойх цхьаьнга – кӀанте йа йоӀе дӀадала. Бакъду, хаамийн гӀирсашан версехь, Кремлан ойла Кадыровн доьзалан арахьа йу, амма гергарчу гона йукъара стаг лоьху цара, регионан куьйгалхочунна тешаме а волуш.

Шен метта кандидат лоьхуш бу, аьлла дийцаршца дуьхьал ду аьлла хета Украинерчу "Сова" экспертийн куьйгалхочунна Савва Михаилна, кху деношкахь Кадыровс республикехь ша цхьаъ бен буьйранча вац, аьлла дина дӀахьедар.

"Иза вуно дика кхета, нохчийн буьйранчашна хьакамалла мел деза, хIоранне а эскар шен долахь хилийта лаьа. Ша а ву иза, иштта. Цундела ву Кадыров монополи латто гӀерташ. ЧӀогӀа тера ду, иза тӀамна кечлуш хилар НАТО-ца а, Украиница а боцуш, амма Оьрисйчоьнца. Щеко йоцуш иза хила мегаш ду Путин дIавахча. Хетарехь, цунна цхьаъ хаьа…" -дерзадо эксперто шен къамел.

  • Оьрсийчоьнан интернет-кинотеатрашкахь гайтинчу "Безаман Ӏалам" цӀе йолчу филмьна йукъера дIахадийна Кадыров Рамзан хьахор. Фильман оригиналан версехь, дийцархоша Нохчийчоьнан куьйгалхо дагалоьцу диктаторех лаьцна динчу къамелехь, амма оьрсийн маттахь йолчу версехь и кийсаг дӀайаьккхина.
  • Американ а, Евробертан а санкцешна кӀел лаьттачу Кадыров Ахматан цӀарахчу йолчу фондо 36 миллиард гергга ахча дайина Украинера тIеман Iалашонашна. Кавказ.Реалии сайто теллира и терахь бакъдолчуьнца догӀуш ду йа дац, иштта Кадыровн тӀамна миллиардаш ахчанаш дайар пайде дуй йа дац а.
  • Украинан агIор тIемаш бечу нохчийн эскархоша жигара кхиош йу шайн информацин каналаш, чIагIйо диаспоран лидершца уьйраш. И дерриге а лерина ду церан бакъонаш Iалашйан а, нохчийн пачхьалкхалла йуха меттахIоттийна хIума хилахь, хинйолчу политикан системи йукъахь интеграци йайта а. Тхан реадкцино листира нохчаша тIамехь дакъалацаран бахьанаш, церан боламан политизаци а, 2025-чу шеран йуьххьехь долчу хьолаца керла Iалашонаш кхолла тIамо бина Iаткъам а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG