Цуьнан коьрта турпалхо вара Iаьрбийн мехкан Кувейт-пачхьалкхера веана, дуьненна а вевза, цIарна цIе яхана КъорIан дешархо Мишари Рашида аль Афаси. Цуьнца цхьана цхьа нашид-назма аьлла мехкан куьйгалхочуьнан йоIа Кадырова Хьутмата а.
Мехкан Iедалана дайшца цу суьйренехь дакъа лаьцна цхьацца генара а, гергара а пачхьалкхашкара баьхкинчу бевзаш болчу динан дайша а, Iилманчаша а. Меттигера дешан говзанчаш а, журналисташ а боцурш, цу хиламах дийца а, гайта а Соьлж-гIала баьхкинера дуккха а зорбанан гIирсийн векалш а.
Телевизионехь гойтучу хьожийлехь а гуш дара, Соьлж-гIалан юккъе дIагулбеллачу нехан Мишарис олучу назманаша бинчу тIеIаткъамо, дегнаш кIаддийна, дуьйлу бIаьрхиш. Деле къинхетам бехаран, Дцунна хьастадаларан суьйре дIаерзоран ша-тайпа лакхе а хилла дIахIоьттира, стигал кхагош, бес-бесар седарчий летош, шатлакхаш кхиссар.
И дагалацаме суьйре дIайирзича, журналисташка шен дог-ойла а йовзуьйтуш, шена хиллачу тIеIаткъамах лаьцна дийцина цу хиламан коьртачу турпалхочо Рашида Мишарис.
-ХIинццалц, оццул хазахетар а хуьлуш, цкъа а декъашхо хилла вацара со ишттачу гуламехь. Ас даггара баркалла боху иштта суьйре вовшахтохарна а,со кхуза кхайкхарна а, - элира Мишарис.
Лакхахь хьахийна ма-хиллара, Iаьрбийн маттах дика кхеташ болчара тоьшалла а деш, нашид боху кхетам, нохчийн маттахь, узаман илли бохучу дешнашна хийра бацахь а, назма бохучу дашна герга бу. Вуьшта аьлча, нашидах нохчийн маттахь назманча ала тарлуш ду.
Деле къинхетам, гечдар дехар, яьллачу ледарлонна, летийначу къиношна дохковаьлла Далла велхар, цуьнан Дикане сатийсар, ладогIархой имане, гIиллакх-оьздангалле бехар. Дацдина аьлча, герггарчу барамехь иштта бу Мишарис ша язьеш, дIаолуш долчу назманийн чулацам.
Цунна къаро йо масийтта шарчохь Iаьрбийн махкахь, бусалбан динан кIоргенаш йостуш, къахьегна волчу Iелам стага.Теркйист-кIоштан Ломаз-юьртарчу Лечиев ШахIид Хьаьжас а.
ЗIенехула ша динчу къамелехь цо совнаха а тоьшалла дира, исламан дуьненахь Кувейт-пачхьалкхара шайх, вуно чIогIа вевзаш, кIорггера хаарш а долуш лараме стаг хиларан.
Официалан кхайкхош дацахь а, хIуучара дийцарехь, Iаламат дукха харж йина меттигерчу Iедалан дайша и стаг Нохчийчу вало а, цу тайпа суьйре Соьлж-гIалахь вовшахтоха а.