ГIалмакхойчуьра колонихь террорхойн йукъаралла кхоьллина аьлла, бехкевечу кхин а ворхIанна Ростов-на-Дону гIалин тIеман кхело таIзарш кхайкхийна. 8 шарера 11 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна. Хьалхо "набахтера джамаIат" гIуллакхехула кхел йинчу кхечу тутмакхаша бехкаш тIе ца лецира, и бехк шайггара биллина бохура цара.
Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, 2023-чу шарахь колонин дозана тIехь Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Ахлю ас-Сунна ва-аль-ДжамаIат" тоба кхолларх, цу йукъа оьхура тутмакхаш аьлла.
Пхеанна хенаш тоьхна 8 шарера 11 шаре кхаччалц къастийначу рожан хьелашкара колонихь йаккха, йаздо "Интерфаксо" кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Царна массарна а таIзар дина террорхойн йукъараллехь дакъалацарна, йалханна массарна а герагхь терроризм къобалйар аьлла артикл тIетоьхна.
Бехкбуьллучийн версица, "радикалан исламан идеологи йаржош" хилла цара, иштта "йаржайора экстремистийн, терроран а чулацам болу материалаш а".
Оцу гIуллакхехула кхул а хьалха таIзар дира гезгамашин-баттахь. ХIетахь Ростовехь Къилбаседа Кавказан мехкашкара йалх вахархо бехке лерира терроризмана пропаганла лелорна, 5 шарна тIера 8 шаре хенаш кхайкхийра царна.
- Оцу кепара "ДжамаIат" кхолларна аьлла гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 2013 шарахь цхьа хьенехан Гасанов Шахбан бохучу стага кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу стага, низамехь доцуш герз дохкарна. 2015 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула 100 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
- Оцу гIуллакхехула бехкаш бехкина волчу СИЗО чохь латточух цхьаьнца къамелдан аьтто хилира Кавказ.Реалиин редакцин. Рамазанов Магомедалис бахарехь, и гIуллакх дерриг харц бух тIехь долийна ду, ша оцу "набахтин джамаIатехь" дакъа лаьцна хилар, йа ур-атталла и "тоба" оцу набахтехь хилар а бакъ дац боху цо.