Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхошка а, Пачхьалкхан думан депутаташка а кхайкхамбина Дагестанерчу юристаша, Саратовн кIоштарчу ФСИН-н лоьмар 1 йолчу туберкулезан лазартнехь ницкъбарх парламентан талламбаран хьокъехь долу хаттар юха а листахьара аьлла. Цигахь сий дойъуш, ницкъбинчарлахь бу Къилбаседа Кавказера хантоьхнарш а.
"Бакъонан пачхьалкхехь цхьана стагана тIехь ницкъбан йиш яц. Иштта дацахь, Оьрсийчоь бакъонан пачхьалкх санна лара мегар дац, 20-чу бIешерийн 30-чу шерашкахь пачхьалкхан режимо бахархошна тIехь лелийна зуламаш емалдан вайн массеран а бакъо дIайолуш ю. Оцу хьелашкахь, политикан хьежамаш а, дин а, къам а муьлхха делахь а, муьлхха а лартIахь волу стаг, нагахь санна, цунна ша хетахь, вайн пачхьалкхан парламентехь къоман векал велахь, ницкъбарна дуьхьал вистхила веза иза", - аьлла ду Дагестанерчу юристаша Оьрсийчоьнан парламентхошка дахьийтинчу диллинчу кехата тIехь.
Юристаша дехар до депутаташка а, сенаторшка а бехкзуламан гIуллакх деллийтий, кхачам боллуш талламбар а, къизаллаш лелийнарш билгалбаьхна ца Iаш, царна уьш магийтинарш а, церан ФСИН-ера лаккхара белхахой а цхьаьна гучубаха аьлла.
Кхайкхаман авторш бу адвокат Абрамов Игорь а, юрист Муртузалиев Зубайр а. Кехатна куьйгъяздинчех цхьаъ - Дагестанан Юкъарчу палатан декъашхо ву, "ГородНаш" болам вовшахтоьхначех волу, "Магомедов а, партнераш а" юридикан фирман куьйгалхо волу Магомедов Арсен.
Саратовн кIоштахь йинчу гIелонца доьзна талламбар доьхуш, хьалхо дехар дира КПРФ фракцино. Инициативана тIетайра "Справедливая Россия - За правду", "ЛДПР, "Новые люди" фракцеш.
Парламентхойх дукхахболчара - "Единая Россия" фракцино хаттар юхатеттира ГIадужу-беттан 14-чохь. Единороссашна хетарехь, парламентхойн талламбаро тIеIаткъамбан тарло, шайгарчу бакъонел а тIехбовларна долийначу бехкзуламан гIуллакхехула бечу талламна.
Пачхьалкхан дума болх бан йолаелчхьана ши парламентхойн таллам бина - 2004-чу шеран Гезгамашин-баттахь Бесланера номер 1 йолчу школехь хилла теракт а, 2009-чу шарахьлера Саяно-Шушенскан ГЭС-хь хилла бохам а.
Дагестанан цIарах Пачхьалкхан думе хаьржинчу депутаташа Умаханов Сайгидпашас а, Гаджиев Iабдулхьаькима а кехаташ дахьийтира Оьрсийчоьнан юридикан министралле а, ФСИН-е а, Саратовн кIоштарчу туберкулезан лазартнехь тутмакхашна тIехь гIело ярх Gulagu.net проекто зорбане яьхна материалаш бахьана долуш.
Масийтта шерашкахь, Саратовн кIоштарчу ФСИН-н туберкулезан дарбан цIийне хьийсийначу тутмакхаша латкъамаш бора шаьш хьийзорна а, гIело латторна а. Цига балха хIиттийначу санитараша а, завхозаша а, ФСИН-н белхахойн тIедахкаршца, тутмакхашна тIехь Iазапаш лелийна ца Iаш, и дерриге а камерашца дIаяздеш а хиллера.
ГIадужу-батта Gulagu.net бакъоларъяран проекто зорбане яьккхира дийнна архив, Саратоврчу кIоштахь лелочух. Оцу материалийн буха тIехь масех бехктакхаман гIуллакх ду долийна.
Видеоматериалаш дIакхачийна проекте Беларусин вахархочо Савельев Сергейс.
ОТБ-1 дарбан цIийнехь цхьана юкъанна видеотергаман камерийн администратор хилла, наркотикаш лелийна аьлла, шена тоьхна 9 шо токхучу хенахь. Цул хьалха Краснодар-махкарчу талламан изоляторехь Iийна иза. Набахтех мукъаваьлча, видеоархив Iора а яьккхина, Оьрсийчуьра вада аьтто баьлла цуьнан, политикан тховкIело яларе хьоьжуш Iа хIинца Францехь.
Савельевна дуьхьал бехктакхам гIуллакх гIаттийна Оьрсийчохь, бакъо а йоцуш компьютеран информаци долаэцарна, къайкхийна лаца. Ткъа тIаьхьо прокуратуро сацам арахийцира оцу барамна дуьхьал – низамехь дац иза лаца гIертар боху.