Тахана Нохчийчоьнах, кхуза баьхкинчара дош олуш, уггаре а хьалха тидам беш дерг ду, адамаш, къаьстина божарий чIогIа буьрса хилар. Белакъажар хIун ду ца хаьа царна. Хьажа юккъехь шад хуьлу хьаькамийн, дарж лекха мел ду. И хIума юкъараллехь, массо а тIегIанехь даьржина ду.
Сан цхьана накъоста даима олу, ша рузбанера чувеъча, тахана-м тхуна тIехула пулемет етташ санна, оьгIазе дешнаш бехира имама. Тхо дерриге а жоьжагIате гIур ду бохура цо. Цига баха хьакъдерш а, доцурш а хир ма бу, ша верг цхьаьна хIунда туху, бохуш гуттар а холчухIуттий дуьйцу, шен дахарехь вала а волуш, адамана халахетар дина воцучу оцу стага.
Тахана нохчаша, шайн кхин кхиамаш боцуш санна, оцу буьрсаллин туьтмIаьжигяххьаш тIе а оьзна, латтош ю. Иза нийса ду аьлла цахетарш дукха бу. Царах цхьаъ ву совдегар Эльтуев ВахIид.
"Стаг кхеро-чехо оьшуш дац. Цуьнца кIеда-мерза хила веза. Делах кхеравале, иза веза деза. Далла вай деза дела, Цо дуьне а, эхарт а, Iалам а ма делла. Цундела уггаре хьалха иза веза деза.
ТIаккха Иза реза воцу хIума дан вай хIуьттур дац. Ткъа кхерийча, даьхни санна, жаIун, бежанан гIуллакх хуьлу, стагана тIечовхар. Цундела, стаг шен ницкъ ца хилча, ша кхерийна кеп хIоттор ю. ТIаккха шен аьтто ма-белли, бекхам бийр бу", - аьлла хета цунна.
Нохчийн буьрсалла емалъяр нийса цахетарш бац кIеззиг. Буьрсалла-жоьпалла цхьаъ ду аьлла хета, масала Соьлж-ГIалин вахархочунна Дудугов Шамална.
«И юкъаметтигаш цхьана дийнахь я шина дийнахь хIуьттуш ма яций. Къома юкъахь ерг-м муххале а. Вай жоьпалле ду. Ваьш а забар ца йо вай, вайца а забарш ца йойту. Суна хетарехь, жоьпалла цхьана а заманахь вон хилла-м дац», бохуш вара иза.
Ширачу заманахь, оьшучохь буьрса а, къинхетаме а, беламе а, забар лоруш а болуш дIалелла нохчий. ХIинца, цуьнах дукхахдолчу декъана дешнаш дисина, бохуш хийлазза цуьнан терго йо тезетех пхьоьгIа йинчу къаноша.