Кху шеран хьалхарчу исс беттан жамIашца, пачхьалкхехь некъан бохамашкахь дукха нах леш хиларца хьалхара ю Нохчийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан статистикаца, хIора некъан бохамехь нисвелла пхоьазлагIниг леш ву.
Юккъерчу барамехь аьлча, Оьрсийчохь лазийначу бIеннах велла нислуш ву 7,9 стаг. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь гойту терахь ду - 11,1 бу лен нах. Нохчийчохь некъан хьовзамашкахь кху шарахь велла лоруш ву 22,1 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь – 16,7.
Кхул а хьалха хиллачу шина шеран гайтамашца дуьстича Нохчийчохь оццу хеначохь беллачийн терахь жимма лахделлера (26), ткъа ГIебарта-Балкхаройчохь – 14 стагана тIера бIенне гIоьртина терахь.
Лакхара ду ишта нах баларш ГIалгIайчохь (15,6), Адыгейхь (14,8), Ростовн кIоштахь (14,2), Дагестанехь (12,9).
Некъан хьовзамашкахь лечу нехан терахь лахара гайтина Оьрсийчоьнан Къилберчу а, Къилбаседа Кавказан а регионашлахь цхьана Къилбаседа ХIирийчохь (6,8), аьлла ду чоьхьарчу гIуллакхийн министралло арахецначу статистикехь.
Оцу юкъанна, Нохчийчохь Дечкен-баттера Гезгамашин-батте кхаччалц 152 некъан бохам хилла, чевнаш йина, байина нах а нислуш, кIезиг некъан хьовзамаш хуьлучу 10 субъектан могIарехь ю республика. Къилбан регионашлахь некъан бохамаш лахара гойтучарлахь ю ГIалгIайчоь – 123.
Дустуш аьлча, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а, бахархойн терахь Нохчийчохьчул а лахара долчу, исс беттачохь 300 некъан бохам хилла, нах лазош.
- Къоман рейтинган агенталлан эксперташца юкъахь шаьш дIабаьхьначу талламашца 2019-чу шарахь РБК агенталло билгалдаьккхира, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а къаьсттина алсам хуьлуш хиларх некъан бохамаш. Шаьш зераш дIахьочу заманчохь цхьа могIа гайтамаш леринера цара, ишта машен лелоран хатI а, маса хахкар а, машенашкахь йоккху хан а цхьана. 14 эзар машен чу хIоттийначу тематикан гIирсаца гулйина эксперташа шайн информаци.
- Бинчу талламийн жамIаш баллашкахь Iорадаьхнера цара. Масала, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а 75, 1 балл кхечира. Некъаш тIехь хьал кхераме хиларца къастийра ишта Забайкальскийн (75,6), Оренбургскан, Ленинградскан (шиннан а 77, 1 балл), Челябинскан (77,2) кIошташ.