ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороев БатIал-хьаьжин цIарах маьждиг схьадиллина ТIехьа Мартан тIехь


Нохчийчоь - Нохчийн республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву Батlал-Хьаьжин цмарах долу маьждиг схьадоьллучу церемонехь вистхуьлуш, Тlехьа Марта, Дечкен-беттан 12, 2014
Нохчийчоь - Нохчийн республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву Батlал-Хьаьжин цмарах долу маьждиг схьадоьллучу церемонехь вистхуьлуш, Тlехьа Марта, Дечкен-беттан 12, 2014

Нохчийчохь рогIера маьждиг схьадиллина Iедалша. Кхечарах иза башхалла йолуш ду, цуьнан цIе, луларчу ГIалгIайн махкарчу устазан Белхароев БатIал-хьаьжийн цIарах хилар. Иза дина ТIехьа Мартан тIехь. Оцу Устазан вирд доккхуш, нохчий болчу эвлахь.


ТIехьа Мартан тIехь, схьадиллина долу маьждиг, меттигерчу барамашца жима дац. Цхьаьнаметта цу чу тарлур ву, мел кIезга а, 5 эзар стаг. ЦIе тиллина цунна Белхароев БатIал-хьажийнаг. Иза дина, тахана, оцу кIоштехь а, оцу устазан вирд доккхуш нохчий болун дела.

Маьждиг схьадоьллуш, дуккха а нах гулбеллера Iедалан а, дин дайх болу. Иштта, оцу БатIал хьажийн тIаьхьенах волу Белхароев Султан коьртехь а волуш, ГIалгIайн махкара тоба а еънера.
Нохчийчохь дукхах болчу нахана хууш а дацара, махкахь, гIалгIайн къомах волчу устазан вирд доккхуш нохчий буйла. Амма, иза долуш а ду.

Церан а, гIалгIайн а, юкъметтигаш уьйранаш а, чIогIа а ю, кхечанахьчулла. Ткъа, БатIал-хьажийн вирдах болчеран, уьш чIогIа юьйла хиъна нохчашна, шозлогIа тIом а болабелла, уьш ГIалгIайн махка дехьбоьвлча. Коьрта билгало и вирд лелочу нехан-вовшах буолат санна долу гергарло а, и тоба кхечу нахана къоьвлина хилар а. Дуьйцу оцу махкахь вехачу Рустам цIе йолчу нохчочо.

Рустам: « БатIал-хьажийн вирдехь болу нах, кхаа юьртахь бехаш бу цигахь. Сурхоти а, Экажево а, Iелийн-юртахь а. ЧIогIа барт а бу царна шайна юккъахь. Шай зуда а кхечу вирдехь болчаьрга а йохуьйтуш яцара цара. Схьадийцарехь, кхечу вирдех болчу нахана, хIума яа леррина пхьегIа а хуьлу церан. Нагахь санна, церан пхьегIан чуьра иза йиъча, лаьттах тухий кагйо иза. Иштта цхьацца хIумш дуьйцу царах. Церан вовшах барт болун дела дуьйцу моьтту суна. Сурхоти дIавахча, цецвера ву хьо: даккхий цIенош а, яьккхий машенаш а..».

БатIал-хьажийн вирдехь болу нохчий кхечарах къесташ бац, амма, ГIалгIайн махкахь, и юккъаралла, шен амалш йолуш, могIарерачу гIалгIайх дIаийна яц. Цундела, кхечу нахана, уьш башха безаш а бац, амма, лоруш бу, аьлла кхин дIа а дийцира Рустама.

Рустам: «БатIал-хьажийн вирдехь волчу стагах уоза а ло гIалгIай. Атта цаьрца дов а ца доккху. Диканна а, вуонна а, шай хьалха волуш стаг а волуш, цунна тIе а тоьвжаш бу уьш. Ша мел волу гIалгIай бусулба воцучу хенахь, шаьш бусулба а болуш хилла бу уьш. БатIал-хьежера схьадеана хира ду иза. Тахана, кхузахь болчу нахах дIаийча а хIума-м дацара, амма, дIауьйш-м бац уьш. Бухахь Iачу гIалгIашна безаш-м бац уьш, церан барт болун дела. Цара шайх пIелгаш ца Iуьттуьйту, забарш а ца йойту».

Маршо радио: «Нохчашца хIун гергарло ду церан?

Руслам: Схьадийцарехь, БатIал-хьажийн нана нохчий хилла. Кунта-хьаьжийца цхьана лелла а ву боху иза. Цуьнца Ножай-юьрт а, цу агIора Iийна а ву иза. Цуо Iама а вина, бусулба дина даржо ГIалгIайн махка дIавахана хилла иза. Иза Устаз ву, Делера цхьа дика шена хилла. Иза санна, кху дуьненахь ша мел волу стаг хиллехьарий, ялсмане хира яра кху дуьненахь. Дика стаг хилла иза».

Нохчийчохь хиллачу шинна а тIамехь, БатIал-хьажийн вирдехь болчу нахера доккха гIо хиллера, доьххьара тIемалошна. Герз а, тIеман гIирсаш а, царах болчу цхьана нахехула хуьлура шайна бохуш, цкъа маршо радионна корреспонденте дийцира цхьана хиллачу тIемалочо.

Иштта, лазийначарна а, дарба дар а шайна тIелоцуш хилла цара. Амма, тIаккха а, таханлерачу дийнахь, нохчашка дIаяхийтина, я схьаялийна а зуда яц цаьргахь. Шай могIанаш чIогIа ларбо БатIал-хьажийн вирд лелочу наха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG