Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, низам дохийначийн боллу гергарчара жоп дала деза аьлла. Цунах лаьцна цо аьлла Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн куьйгалхошца дIайаьхьначу кхеташонехь, ГIалгIайчуьра контртерроран операцица доьзна. Цигахь вийна тIемалой бара боху йалх стаг.
Оцу кхеташонех лаьцна шен телеграм-каналехь дуьйцучу Кадыровс йаздо, бакъоларйаран органаша байъинчийн Нохчийчуьра гергархошлахь "информаци теллина", церан цаьрца "цхьана а кепара зIе цахилар" тIечIагIдина цара.
Публикацица цхьаьна хIоттийна видеорепортаж йу кхеташонех лаьцна, Кадыровс къамел до нохчийн маттахь, къамел гочдина зорбане даьккхина пачхьалкхан "Грозный-Информ" агенталло.
"Вайн дайша деш хилла и – бехкеверг махкара йа эвлара аравоккхуш. Кадыровс цхьаъ эккхийна шайна ма-ттов бохийла аш. Нийса а дина! Нохчийн маьршачу дахарана новкъарло йеш мел верг аравоккхур ву", - дIахьедина Нохчийчоьнан урхалхочо.
Иштта Кадыровс тIетоьхна, массо а жоьпалле хIоттор а – мацахлера нохчийн ламаст ду, кху заманан йукъараллехь а и лелор долуш ду, цундела Нохчийчохь доьзалша жоп лур ду шайн наха динчу зуламах аьлла.
Дуьненайукъарчу а, бакъоларйаран а йукъараллаша масийттаза терго йира Оьрсийчоьнан низамаш доха а деш, Кадыровн рожо "бехкалабахначийн" гергарчарна таIзар деш, республикера арабохуш.
Кавказ.Реалии сайто йаздира, оцу тайпана репрессеш йан бахьанаш хила тарло гIаттамхошца бозар, забарен хаамаш, хи дацарна латкъамаш дар, дарбан хIусамашкахь ахчанах доху алар, хьаькамийн балхана критика йар.
- Зазадокху-беттан 2-чохь Карабулакехь леррина операци дIайаьхира ницкъахоша нах бехачу секторехь. Официалан дIахьедарца, йалх стаг вийна, царех кхоъ лоьхуш хиллера 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелеттера аьлла. "ГIалгIайн суверенитетен Комитето" дIахьедар дина, байъинарш "тIемалой-муджахIидаш" бара аьлла. Кавказ.Реалии сайто хаттарш динчу эксперташа шеконе дуьллу къайлахчу сервисийн герзаш деттарх хаамаш а, байъинарш "ГIалгIайн суверенитетан Комитетан" декъашхой бара бохург а.
- Кадыров Рамзана кест-кеста дIахьедо Нохчийчуьра чIирхой бертабахийтарх, амма ша кхерамаш туьйсу бекхам бийр бу бохуш. 2011-чу шарахь Динан урхалла коьртехь а йолуш, Нохчийчохь маслаIат ден леррина комисси вовшахтуьйхира цо. Кавказ.Реалии сайте дийцира Нохчийчуьра бахархоша, маслаIат бертаза лелош ду аьлла.