ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан лауреат Муратов: "Нобелан комитета юкъахь со хиллехь, ас Навальныйна кхаж лур бара"


Муратов Дмитрий
Муратов Дмитрий

"Нагахь санна, со Нобелан комитета юкъахь хиллехь, букмекерша къастийначу стагана кхаж тосур бара ас. Делахь а, со тешна ву, цуьнан доллу дахар хIинца а хьалха ду, ас вуьйцург Навальный Алексей ву", - аьлла йоьдучу пресс-конференцехь Нобелан машаран совгIат кхаьчначу, "Новая газетан" коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс.

Оьрсийчохь цензурана муха тIеIаткъам бийр бу цо аьллачу хаттарна жоп луш, Муратовс аьлла: "Дуккха а медиаш, къаьсттина талламаy бен стартапаш "арахьара агенташ" лоруш, юкъаяьккхинчу цензурана цо хIун тIеIаткъам бийр бу ала суна ца хаьа, амма билггал цхьаъ эра дара ас шуьга: оршотан дийнахь охьа а хевшина, оха ойла йийр ю, и преми муха дIасадоькъур ду".

Цо бахарехь, чолхечу лазаршца долу бераш а, "Вера" хоспис а йоцург а, премин цхьа дакъа дIалур ду Оьрсийчуьра бозуш боцчу хаамийн гIирсашна гIоьнна.

Журналистийн талламаш а беш, репортажаш йо "Новая газето". Машаран преми дала Муратов хьалхатеттинарг ву Советан пачхьалкхан хилла президент Горбачев Михаил.

Оппозицин Rappler сайтан редакцин куьйгалала дечу Филиппинашкарчу Ресса Марияца доькъур ду преми Муратовс.

Журналисташна совгIат кхачийна "демократин а, чIогIачу машаран а бух буьллучу, шена хетарг дIаала маршо Iалашъян гIертарна" аьлла Нобелан комитето.

"Новая газетан" коьрта редактор санна Муратов Дмитрий вара 1995-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц, ткъа 2019-чу шарахь юха а оцу дарже веара иза. Цул совнах, бакъонашларъярхо а, юкъаралхо а ву Муратов.

"Суна хетарехь, хIара преми - киллерша вийначу Домников Игорян а, дIавш делла, кхелхинчу Шекочихин Юрин а, 15 шо хьалха йийначу Политковская Анин а, Маркелов Стасан а, Бабурова Настин а, Эстемирова Наташин а ду. ХIара совгIат сан беллачу, суна безачу доттагIийн а, белхан накъостийн а ду, хIара преми церан ду", иштта дIахьедина Муратов Дмитрийс оьрсийн RTVi телеканале, Нобелан машаран премих лаьцна дуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG