ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашка шайн кIентий тIаме хьовсабе аьлла Кадыровс – уьш "таллархьама"


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIаме хьовсабе аьлла нохчашка шайн кIентий, уьш "таллархьама", царна "тIом хIун йу гайтархьама" а. Регионерчу Iедало гуттара а арахоьцу "лаамхойн" керла тобанаш Украине хьийсоран видеош, тIаккха дайначу шарахь Кадыровс республикан бахархойх доьалгIа дакъа тIаме хьийсор хьийхира. "СК SOS" кризисан тобанерчу бакъоларйархоша чIагIдора, республикера бахархой нуьцкъаха тIаме хьийсийна меттигаш йевза бохуш.

ТIом бан ца луучех "лечкъархой", "ледара божарий", "тешам боцу нах" элира Кадыровс. Оьрсийчохь мобилизаци йолийча, регионан Iедало тIамна дуьхьал болучех обаргех санна дийца долийра – оцу кепарчу манипуляцех Кавказ.Реалиин сайте дийцира "Европерчу нохчийн Ассоциацин" куьйгалхочо Муртазалиев Аслана.

  • Йайначу гурахь Кадыровс тIедожийра, армех кхайкхарх уьдучаьрга повесткаш кхехьийта аьлла. Цул тIаьхьа нуьцкъаха тIеман Iаморашка нах дIатекхор доладелира Нохчийчохь: царлахь бара арахьара паспорт даккха арз чуделларш, йа шайн регистраци йина меттиг хийца гIоьртинарш.
  • Гезгмашин-беттан 21 Соьлжа-ГIалах масех иттанаш зударий протесте арабовла гIоьртира мобилизацина дуьхьал, амма уьш берриг дIалецира. Кадыров оьгIазе винера оцу акцино. Цул тIаьхьа цунах лаьцна дуьйцура 1ADAT оппозицин боламан векало Янгулбаев ИбрахIима: цуьнан зерашца, оцу зударийн гергарчарга "лаамхой" хила реза бу аьлла кехатна куьйг йаздайтина.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий - 16 шо долу Ахьмад, 15 шо долу Эли, 14 шо долу Адам – "ДНР" олучу меттиге кхечира. Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь дукха дуьйцура уьш цига бахарх лаьцна – шен кхиазхойн хенаш йолу бераша баккъала а долчу тIеман тийсдаларшкахь дакъалаьцна хилар чIагIдо цо. Критикаша видеона монтаж йина хиларх дIахьедира. ТIаьхьо и тIелецира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG