ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан премьер-министр хиллачо кхайкхам бина Дарвинан теори школашкахь йехка йеза аьлла


Хучиев Муслим, Кадыров Рамзан
Хучиев Муслим, Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан хиллачу премьер-министро Хучиев Муслима кхайкхам бина, Дарвинан теори школашкахь йехка йеза, иза гӀалате а йу, "динна дуьхьал йу" аьлла. Оцу Iалашонца Оьрсийчоьнан дешаран министре Кравцов Сергейга вистхилира иза йериг Оьрсийчоьнан дай-нанойн комитетан хьалхарчу кхеташонехь, йаздо РБК-но шен зал чуьра корреспондентана тӀе а тевжаш.

Дарвинан теори школашкахь Ӏамор "берийн синан оьздалла талхоран хьалхара гӀулч" йу аьлла Хучиевс.

"Вай йукъара дӀадаккха мегар ду иза. ХIара [Дарвинан теори] бакъ дац, иза динан кхетамна дуьхьал ду, массо а динаша харцйина йу и теори. Кхин хьан харцдан деза иза, дешаран кинжкаш тӀера дӀадаккха, вайн берийн синкхетамна чу ца диллийта?", - аьлла хьаькамо.

Дешаран министро комментарий ца йина оцу дIахьедарна, билгалдоккху РБК-но.

2024-чу шеран стигалкъега-бутт тӀекхаччалц Нохчийчоьнан Ӏедалан коьртехь вара Хучиев Муслим. И дарж Даудов Мохьмадан каракхаьчначул тӀаьхьа, Москва болх бан дIавахара иза Оьрсийчоьнан премьер-министран Мишустин Михаилан гӀоьнча санна.

  • Дарвинан теори хьалха масийттазза "Ӏилманна дуьхьал" йу аьлла дIакхайкхийна йара динан векалша. 2019-чу шарахь доьзалан хеттаршкахула йолчу патриархалан комиссин куьйгалхочо Смирнов Димитрийс дӀахьедира, иза "йуьззина Ӏилманца тӀечӀагӀйина йоцу теори йу" аьлла. Ингалсан Ӏаламан Ӏилманчас Дарвин Чарльза бух биллина йу эволюцин теори. Эволюцин биологи схьайолу цуьнан кхинхьегамехула. 1859-чу шарахь Дарвина гипотеза йовзийтира. Цуьнца а догIуш, эволюцин коьрта фактор йу - Ӏаламан харжам, ткъа 1871-чу шарахь хьесап дира, адамаш маймалех схьадевлла ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG