2022-гIа шо доладелчхьана Къилбаседа Кавказехь дахар дахлур ду аьлла хеттехь а Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а дацделла. Иштта зераш далийна Росстатан могушалла Iалашъяран а, бахархойн а статистикан урхалло.
Йоллу Къилбаседа Кавказан мехкаш Оьрсийчохь лидерш ю дахаран дохалла мел а деха хир долчу мехкашлахь. Хьалхара меттиг ГIалгIайчоьнан бу – 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь 81,6 шо дара цигахь, 2021-чу шеран жамIашца дахаран дохалла республикехь – 80,5 шо.
Пачхьалкхехь шолгIачу меттигехь ю Дагестан – стохкалерачу шеран жамIашца 76,5 шарера 77,3 шаре лакхадаьлла дахаран дохалла кху шеран марсхьокху-баттахь. Кхин дIа ю Москва а, Санкт-Петербург а, пхоьалгIа нисъелла ГIебарта-Балкхаройчоь дахаран дохалла 2021-чу шарахь хиллачу 73,7 шарна тIера 74 шаре лакхадер ду аьлла хеташ хилла. Кхарачой-Чергазийчоь ю кхин дIа – 73,4 тIера 73,6 шаре лакхадаьлла цигахь дахаран дохалла. ИссолгIачу меттигехь ю пачхьалкхехь Нохчийчоь - 2021-чу шеран зерашца 73 шо дара цигахь, ткъа 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь – 72,9. Эххар а, Къилбаседа ХIирийчохь дацделла дахар 72,4 шарна тIера 72,3 шаре.
Йоллу Оьрсийчохь аьлча, стохкалерачу шарца дуьстича, дахаран дохалла 70,06 шарера 71,2 шаре лакхадаьлла кху шеран марсхьокху-баттахь.
- 2021-чу шеран жамIашца Къилбаседа Кавказан ялххе а республика къоман дахаран дикаллин рейтингехь аутсайдершлахь нисъелира.
- 2021-чу шеран лахьан-баттахь хиира, дахаран дохалла дIадахлур долчу тIебогIу пайда лаккхара а, юккъера а болчу 37 пачхьалкхашлахь Оьрсийчоь лидер яларх. И гайтам лахбелла божаршлахь 2,33 шарна, зударшлахь 2,14 шарна. Цунах лаьцна дийцира британхойн BMJ журналехь зорбане баьккхинчу талламехь
- Дахаран дохалла Нохчийчохь деа шарна ала мегар долуш лахдира ковидан пандемино 2020-чу шарахь.
- 2022-чу шеран гезгамашин-беттан жамIашца, Оьрсийчохь бахархошна мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа, - хеттарш дина ах бохург санна бахархой сингаттам, кхерам, оьгIазалла ловш схьабогIу. Церан синхIоттаман индекс охьайер ю мел кIезиг а 14 шерачохь. "Левада-центран" графика тIехь ду иза.