КIайчу цIийне кхайкхамбина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессан Сенато Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх ю алий, къобалдар доьхуш. Кхаарин суьйранна цхьа барт болуш кхаьжнаш тесна тIеэцна резолюци (Москварчу хенаца, Товбеца-беттан 28-чохь) хаамбина The New York Times.
Текстехь сенаторша кхайкхамбо Пачхьалкхан департаменте, "чот йоцуш бехкбоцу божарий, зударий, бераш" дойуш Нохчийчохь а, Гуьржийчохь а, Шемахь а, Украинехь лелийнарг бахьана долуш Оьрсийчоь терроризман спонсор хилар тIелаца аьлла.
Изза резолюци Конгрессе йийцареян хьажийна – америкахойн парламентан лахарчу палате, The New York Times ресурсо хаамбо, Демократин партехь дош лелаш йолчу парламентан спикеро Пелоси Нэнсис къобалъян езаш ю иза аьлла.
Делахь а, конгремсенаша а, сенаторша а шайггара и сацам тIеоьцийла дац, арахьарчу гIуллакхийн министраллин функцеш кхочушъечу Пачхьалкхан департаментан карахь ду и.
- Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх хилар къобалде аьлла, Стигалкъекъа-беттан 3-чохь шина а Конгрессан палате дехар дира Украинан Лакхарчу Радас. Оцу кхайкхамца дуьненан юкъаралле вуьйлу президент Зеленский Владимир а, арахьарчу гIуллакхийн министр Кулеба Дмитрий а. Президентан Офисан куьйгалхочо Ермак Андрейс Товбеца-баттахь интервьюхь элира, Зеленскийн администрацина и шайн уггар а коьртачех арахьарчу политикан Iалашонех хета аьлла.
- Карарчу хенахь Американ пачхьалкхийн-спонсорийн тептарехь бу биъ мохк: Шема, Куба, ГIажарийчоь, Къилбаседа Корея а. Оцу тептаре нисвалар ду пачхьалкхашна юкъара дипломатийн уьйраш дIахедор, шога санкцеш царна дуьхьалъяхар а.