ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь рогIера сийлаллин у хIоттийна Оьрсийчоьнан федералан ницкъашна


Нохчийчохь рогIера сийлаллин у хIоттийна Оьрсийчоьнан федералан ницкъашна. Вийначу 129 эскархочун цIе ю тIеязйина, "эскархойн доьналлина а, хьуьнарна а" бохучу дешнашна буха. 2000-чу шарахь дуьйна федералан ницкъаш лаьттачу Хан-ГIалахь хIоттийна у. Ткъа цунна гена доццуш лаьттах Iиттина бIеннашкахь керла-керла декъий карадора тIаьххьара хан тIехIотталц, дацара уьш федералийн –нохчийн дара. Амма хIинца дитина махкарчу бахархойн цигара чалхаш дIалехьор, Оьрсийчоьнан эскарша хIаллакбинчу бахархойн цIераш билгалъяха а ца гIерта хIинца Iедал.

"Эскархойн доьналлина а, хьуьнарна а" цIе тиллина сийлаллин у хьалхо хIоттийнера ханна Росгвардино куп тоьхначу базехь. Хан-ГIала дехьадаьккхина иза. ТIера цIерш ю Уралера, Идал-хина гонахарчу регионашкара, Сибрехара, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкара Нохчийчохь тIемаш бан балийначу, цигахь беллачу лерринчу ницкъашкарчу эскархойн. Шина а тIамехь дакъалаьцнарш бу дагалоцуш.

"Эскарехь тахана гIуллакх дечу накъостийн лаамца оха тахана сийллалин у хIоттийна сирлачу дахаран, регионан кхерамзаллин дуьхьа зуламаллина а, терроризмна а дуьхьал леташ, цхьацца хенашкахь, цхьацца дакъошкахь гIуллакхдеш эгначарна", – аьлла барамехь леринчу ницкъийн дакъойн буьйранчас подполковника Фролов Максима, хаам бо Росвардин сайто.

"Декъийн барз"

20 шо хьалха оццу Хан-ГIалахь карийра лаххара а 50 дакъа дIаIоьттина меттиг. Аьлча а, "декъийн барз", билгалдоккхура хIетахь бакъоларъярхоша. Еа зудчуьн чалхаш а яра цаьрца. Меттиг хааелира федералийн эскарша нохчий лецна латточу Хан-ГIалин кертал арахь.

"Тхуна гинарг: дукхахболучийн куьйгаш дара дихкина. Лаххара а шина декъан лергаш дацара. Декъий довзийтархьама дIаехира бIаьргаш къовлуш йихкина баьхчалгаш. "Мемориалан" белхахоша видео яьккхира (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориала", амма из реза яц оцу къастамца – ред.). Москвахь зийра видео чохь дерг, билгалдаьккхира нах йина кхел а йоцуш хIаллакбина хилар", - боху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин гуманитаран гIуллакхашкахула йолчу урхаллин декъан ReliefWeb сайто.

Цо тоьшалла дарехь, 2001-чу шеран Чиллан-баттахь гучудаьлла и зулам, ткъа иза ша цхьаъ а дац. Оьрсийчоьнан тIеман министраллин векалша "къизаллица байъина нах" карабора "кест-кеста", боху сайто.

Нохчийчоьнан маршо къуьйсуш летта бахархой Оьрсийчоьнан эскарша хIаллак а беш, тIом лаьттинчу Гой-Чу юьртана гергахь ду, масала, цIерш йоцу кешнаш бIеннашкахь. Доладо церан меттигерчу бахархоша.

Шайн гергарнаш муьлхачу кошахь Iохку ца хаьа нахана. Ерриг а Нохчийчуьра санна бу цигахь Iохкурш. Бахархоша шайн ахчанах йойту чалхашна экспертиза, толлуьйту ДНК.

Беза бу декъийн таллам дIахьош боккху мах. Нохчийн "Барт-Маршо" ассоциаци кхоьллинчу Кантиев Якъуба дийцира Кавказ.Реалиига цунах дерг: цхьа дакъа толлург долу 85 эзар сом сов ахча. Iедало шеггара и тайпа таллам дIахьош цкъа бен ца хааделла шена, боху цо – 2016-чу шеран Дечкен-баттахь Нохчийчу нехаш юхкучу галеш чохь дIахкаш еъча.

"Нохчийчуьрчу шина тIамехь беллачийн декъий довза ца гIиртина Официалан тIегIанахь. 2017-гIа шо тIекхочуш Росторвчу лабораторера уьш схьадар доцург, кхин хIума ца дина. Деккъа дIа ноьмарш а хIиттийна дIабоьхкира белларш", - элира шен цIе йовзийта ца луучу Соьлжа-ГIалин вахархочо а.

Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь (1994–1996 шераш) доьза вайначу I09 стеган дакъа цIерш а йоцуш дIадоьллира 2016-чу шеран ГIура-беттан 31-чохь. Бохура, кхин а 50 чалх Нохчийчу кхачор ю. И нах цхьана ор чу боьхкина карийра Байсангуран кIоштахь (Октябрьски – хьалха) цул ши шо хьалха. Оьрсийчоьнан эскарийн буьйранчаша и декъий шайн салтийн ду моьттуш, Ростов эксгумаци яйта дIадаьхьинера, элира Нохчийчоьнан муфтиято. Амма билгалделира 160 дакъах шиъ бен федералан эскархойн доцийла.

Нехаш юхкучу тIоьрмигаш чохь Соьлжа-ГIала кхачийна декъий сихонца дIадоьхкира оццу дийнахь, хIора кошанна ноьмар а луш. Кешнашкахь доIа дира беллачарна тIера муфтис Межиев Салахьа а, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Оццу дийнахь Кадыровс декъалбира махкахой Керлачу шарца, амма ца кхайкхийра тезет хIинцца дIабоьхкинчу, гIелоеш байъинчу махкахойн хьокъехь. Ца хаийтинера махкахошна декъий дIадухкуш дуйла а.

Барт бохош болу сийлаллин хIолламаш

Беза-боккха барам хIоттабой, ерриг а пресса гIаттайой, Москвара баьхкинчу хьешашца цхьана сий до Нохчийчуьрчу Iедалхоша федералан эскархошна, цаьргахьа ваьллачунна хIоллам хIоттош.

Масала, 2017-чу шеран Зазадоккху-беттан 2-чохь Орган чIожехь, боккха барам хIоттийна, жIар юьйгIира Псковрчу десантан 6-чу ротехь тIом беш беллачу эскархошна (2000-чу шеран Чиллан-беттан 29-чохь – Зазадоккху-беттан 1-чохь Улус-Кетанна гергарчу ломахь хилла тIематасадалар). Беллачийн гергарнаш бара Псковра баьхкина, яра Москвара пресса. Десантхойн гергарчарна шайнна магийра хIолламан васт харжа. Эгначаьргара даьлларг "деза хьуьнар" ду бохура цигахь къамел динчу Кадыров Рамзана.

Оьрсийчохь Германера тIамца баьхкинчу фашисташна я Москва яьккхинчу французашна хIоллам хIоттор барий?

Хан-ГIалахь сийлаллин хIоллам эскархошна хIоттор Оьрсийчуьра Iедал "политикехь бIаьрзе хилар ду", аьлла хета дозанал арахь куп тоьхначу Нохчийчоьнан Ичкерин Iедалан векал волчу Закаев Ахьмадна.

"Хила тарлой, муха хета шуна, Оьрсийчохь Германера тIамца баьхкина хиллачу фашисташна я Москва яьккхинчу французашна хIоллам хIоттош? Тахана Нохчийчохь сийлаллин хIолламаш, кхидолу васташ хIиттош болу Оьрсийчуьра эскархой махкахь тIеман зуламаш, Iазап латтийнарш бу, шеко йоццуш. Оцу зуламашна бекхам хир бу, Гаагехь ца хилахь, халкъан трибуналехь", - элира Закаевс.

Цунна гарехь, тахана деш лаьттарг дац юкъаметтигаш тоярхьама деш.

"Цабезаман Iин кIаргдеш бен дац Iедало, и хIолламаш, хIиттош долу кхин васташ бахьанехь дехха лаьттар ду оьрсашний, нохчашний юкъахь девнаш. 30 шо хьалха, Нохчийчоьно шен пачхьалкхалла чIагIдечу хенахь, яцара гамонаш нохчашний, оьрсашний юкъахь. Цабезам бахьанехь ца летара вовшех къаьмнаш. Москвахь я Соьжа-ГIалахь цхьацца барамаш хIиттарх, ца гIоттура гамо я оьрсашна а, я нохчашна а дуьхьал", – билгалдаьккхира политика.

ХIолламашца доцург, кхечу кепашца а тIехIиттабо нохчашна белла федералаш –Нохчийчуьрчу оъекташна, урамашна цIераш тахкарца. Масала, 2008-чу шарахь инарлин Трошевн цIе елла хьалха Краснознаменная хиллачу Соьлжа-ГIалин центрерчу урамна. Республикехь федералан дуккха а эскарийн дакъойн буьйранча лаьттина ву иза. 2001-чу шарахь Трошев тIехIоьттира нохчийн йоI Кунгаева Эльза ерна жоьпе ийзочу полковникна Буданов Юрийна.

Дагестанская цIе лелош хиллачу урамна елла Соьлжа-ГIалахь адмиралан Угрюмов Германан цIе – иза ву Нохчийчохь дуккха а лерина операцеш дIакхехьначу дакъойн буьйранча. Иза "вуно дика вара нохчашца", бохура цунна сийлаллин у хIоттош Кадыров Рамзана.

"Барт-Маршо" ассоциаци кхоллархочунна Кантиевна хетарехь, "дерриг нохчийн къам, цуьнан эгнарш сийсазбар ду иза".

"Дерриг а цхьа зIе йолуш ду, [Оьрсийчоьнан президентан] Путинан цIе урамна ялар, Трошевн урам, Псковрчу десантхошна жIар хIоттор… Оьрсийчохь кIезиг ю и хIолламаш хIитто меттигаш? Псковехь хIотто ца езара цигарчу эскархошна и жIар? Нохчийн къам сийсаздан, пайдабоцчу даккха лелош ду и дерриг а, хьовсал шу, оццул майра бийцинчу, вай хьалхарчу тIамехь эшорца юьхьIаьржа хIиттийначу нохчех хIун дина Оьрсийчоьнан эскаро, алархьама. "Тоьллачо шена луъург до" бохург ду иза", - аьлла хета Кантиевна.

2016-чу шеран Лахьан-баттахь Кавказ.Реалиино бовзийтира Нохчийчохь "Стариновн цIарх болчу леринчу ницкъийн декъанна лерина кIира" аьлла дIабаьхьна дезденойн барамаш. Нохчийчуьрчу бахархоша, оьгIаз а оьхуш, бийца баьккхира, махка Къилбаседа Кавказехь тIемаш бина 100 эскархо вогIу, аьлла баржийна хаам. Сибрехарчу эскархойн боламан декъашхошна ган лиина шаьш тIемаш бина меттигаш, бохура, и лаам тIекIабира Нохчийчуьрчу Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG