ТIекхочийла долу линкаш

 
Нохчийчоь:"Зуламан терахь лахара ду", амма нах лечкъор хIинца а дIахьош ду
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь:"Зуламан терахь лахара ду", амма нах лечкъор хIинца а дIахьош ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьхь, массо а регионашна йукъахь, зуламаш даран уггаре а лахара терахь ду – иштта жамӀ до чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло, тӀаьххьарчу шеран статистикан терахь а далош. Оцу йукъанна республикехь тIепаза дайначу адаман терахь, Москварчу терахьца нисдала гергга ду. Керла шо деана, цхьа бутт а кхачале, регионера а хаам бо, дукха хан йоццуш ницкъхоша лачкъийна хилла, жима стаг вийна, аьлла. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу хIун ду полисхойн статистико, къайлахьош.

Нохчийчохь керла 2025-гӀа шо йуха а дӀадоладелира нах лечкъорца. Редакцин хаамашца, дечкен-беттан 9-чохь ницкъхоша лачкъинера Устрада-гIалара 19 шо долу Тазуркаев Висхан, дийцарехь, иза дӀавигира гӀалан полицин декъе, цигара цкъа а ара ца ваьлла– цу чохь тIехь Ӏазап латтийна велла иза. Кавказ.Реалии хьостано дийцарехь, Тазуркаев велла шен "цӀа валийначул тӀаьхьа". Гергарчарна, ницкъахоша тӀедожийра иза ша шена тӀе куьг даьхьна велла, аьлла, дӀакхайкхо.

Нохчийчоьнан официалан Ӏедалша комментари ца йира Тазуркаев валарх лаьцна йолчу информацина.

2024-чу шеран аьхка дуьйна Устрада-гIалан, полицин чоьхьарчу гӀуллакхийн декъан куьйгалхо ву Заур Насуханов, 2003-чу шарахь дуьйна полицехь болх беш хилла ву иза. Хьалхо, цо болх бина "Ахмат" а, "Терек" эскарехь, Кадыров Рамзанан уллера накъост Висмурадов Абузайд коьртехь а волуш. NIYSO боламо бинчу хаамца, полицин декъехь ток йетташ хьийзийна Тазуркаев.

Устрада-гIалара полицин декъехь Ӏазап латтош хиларх лаьцна хьалхо а хаамаш бора. 2021-чу шеран гурахь ницкъхоша лачкъийра Комсомольское юьртара 26 шо долу вахархо Татаев Акраман – оццу полицин декъехь латтийра иза, цхьа а бехк а боцуш, кхаа кӀиранах гергга.

Эзарнашкахь адамаш тIепаза дайна

Нохчийчохь нах лечкъор а, а денна хуьлуш ду, шолгӀа тӀом болабелчхьана дуьйна. Мемориалан тIепаза байна нехан тептар тIехь 3-5 эзар стаг ву. Амма официалан статистикехь и терахь лахара гойту: чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло бинчу хаамца, гIадужу-бутт чекхболуш республикехь тӀепаза вайна 1615 стаг ву – бакъонашларъйархошкара хаамашца дуьстича, оцу терахьан нисса ах, хуьлу Къилбаседа Кавказехь лехамашкахь мел болу нехан терахь. Масалла, дуккха а алсам бахархой бехачу Москвахь лехамашкахь 1758 бен стаг вац, ткъа луларчу Москван регионехь – дайна лоруш ду 1698 адам.

Бакъонашларъйархоша билгал ма-даккхара, 2000-гӀа шераш йуккъе даххалц республикехь нах лечкъор а, тӀепаза вар а, федералан эскарша “зачисткаш” йар бахьана долуш дара. Дуккха хьолахь, уьш шайна дуьхьал болу нахах, а тIемлойх а лаьцна информаци йаккха Ӏалашо йолуш хуьлура. Хьал вуно чӀогӀа хийцадала доладелира тIамна "чеченизация" аьлла цIе тоьхна, мур йолайелчхьана– лехамаш,нах лецарш дан меттигерчу ницкъаллин структурашка бакъо йелча.

Украинехь тӀом болабелчахьана, нах лечкъоран кепаш хийцайелира. ХIинца, стаг "къайлаха воккху" йоццачу ханна. Кхерамзаллин ницкъаша лачкъийна нах, тӀаьхьо гучубовлура Украинерчу тӀамехь "волонтерийн" могӀаршкахь, йа бехкебеш бехктакхаман гӀуллакхехь. Ичкерийн политикехь хиллачу нехан а, йукъараллин жигархойн гергарчарна хилла хIуманаш ду уьш.

Масала, 2022-чу шеран оханан-баттахь оппозицин блогеран Халитов Хьусейнан ваша лачкъийна, Украинерчу тӀаме хьажийра. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь, пенсехь волчу федералан суьдхочун кӀанта, бакъонашларъйархочо Янгульбаев Абубакара гергарнаш нуьцкъала тӀаме хьажорах хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дош деллера церан доьзална "йа набахтехь, йа лаьтта бухахь" меттиг лур йу аьлла. 2023-чу шеран товбеца-баттахь лаьцнера Ичкерин премьер-министран Закаев Ахьмадан вешин бераш, вежарий- Закаев Бислан а, Хьусейн а. ТӀаьхьо Бислан маьршаваьккхира, амма Хьусайн Украинерчу тӀаме хьажийра.

Нохчийчоьнан куьйгаллина а, федералан центрна а йукъахь бина барт бу: царна луъург дан бакъо луш

Стаг лачкъор а, тӀаьхьо Украинерчу тIамех дакъалацийта цуьнга контрактна куьйг йаздойтуш, бакъонашларъйархоша дийцарехь, къаьстина дуккха а хилара 2024-шо чекхдолуш. ГIадужу-бутт чекхболуш, "Мемориало" хаам бора, Петропавловская эвлана гергахь "Росгвардин" машенна герз диттинчул тӀаьхьа, ницкъхоша бахархошан цIеношкахь лехамаш беш, нах леца буьйлабелира бохуш. ТӀаьхьо, из-за хьал ницкъхоша Висаитовскан кIоштахь (хьалха,Старопрмысловски кIошта -ред.) а хIоттийра. Бакъонашларъйархоша тIечӀагӀдора, лецначарга Украинерчу тIаме дӀахьажон контрактна куьйгаш йазде хилла бохуш.

Кадыровхойн ницкъхоша лецарш дIадаьхьнера кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахь цул тӀаьхьа а, лецнарш республике дехьа а бохуш.

Иштта, 2023-чу шеран стигалкъега-беттан 20-чохь Омскан кӀоштахь, Казахстанан дозанехь йолчу блок-постехь, ницкъхоша лаьцна Нохчийчу дӀавигира, нохчийн полицин белхахо Халидов Ясин. Iедалан лехамашкахь иза хиларан бахьана- Украинерчу тIамера цӀавеача, балхара дIавала лууш хилла цуьнна, амма куьйгалхоша и ца магийна, бехктакхаман гIуллакх долор ду аьлла. Халидов Ясин лачкъийначул тӀаьхьа бакъонашларъйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх ву аьлла дIакхайкхийна иза. Тахана а, Ясинах хилларг хууш дац.

2023-чу шарахь марсхьокху-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша, Питербургера полицин гӀоьнца, шен гергарчех йедда 26 шо долу Сулейманова Седа лачкъийра. Цул тӀаьхьа, кӀира даьлча Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула волчу комиссара Солтаев Мансура цуьнан сурт зорбане даьккхира, лачкъийна зуда маьрша йу аьлла, хаам бира. Таханлерчу дийне кхаччалц, Седах хууш хӀумма а дац. Йалх бутт гергга хан йаьлча схьадиллинчу “стаг верна” артикалца бехктакхаман гӀуллакхо а жоп ца делла Сулеймановах хӀун хилла бохучу хаттарна.

Уггаре а резонансе а гайтаме гIуллакх ду- 2022-чу шарахь дечкен-баттахь Лахарчу Новгородерчу петарера нохчийн оппозиционерийн нана, 55 шо долу Мусаева Зарема лачкъор. ТӀаьхьо кхело пхи шо ах шо хан туьйхира цунна, къолалла а, полисхочунна тӀелатар дина аьлла. Карарчу хенахь Мусаева лаьцна латтош йу: цунна дуьхьала керла бехктакхаман гӀуллакх долийна, колонин болх талхо кечам барна артикалца.

"Ӏалашо - халъана тIехь Ӏуналла латтор"

2000-гӀа шераш дуьйладелчхьана цхьа а стаг лачкъорна а, йа низамехь доцуш лаьцна латторна а гӀуллакх теллина дац. "Мемориало" билгалдоккху, Ӏедалхоша талламаш саца а беш, цул тӀаьхьа уьш йуха а дӀадолош хилар – ткъа и процесс дуккхаза а карлайаккха мегаш йу. Цара талламаш дIахьош кеп кхуллу: гӀуллакхаш шерашкахь леладо, тIаккха, талламан хан чекхъйалар бахьана, дӀакъовлу.

Нохчийчохь дерриг а, нах лечкъор а Москва реза а йолуш хуьлуш ду, боху Кавказан къаьмнийн ассамблейан президенто Кутаев Руслана. Хьалхо иза а, лачкъийна, хьийзина, наркотикаш лелорна бехке а вина, хан тоьхна вара, Сталинс нохчий махках бахарна лерина конференци дӀайаьхьначул тӀаьхьа.

"Бина барт бу республикан Москвахьа болчу куьйгалхошна а, федералан центрна а йукъахь: царна (республикан Iедална -ред.) шайна луъург дан йиш йу, цунах жоп дала а ца дезаш. Федералан центро терго ца йина йа йийр а йац республикехь хуьлуш долчунна, йа хьалха йа къаьсттина хӀинца а. Кремло Оьрсийчоьнан регионашкахь а долчу зуламашна а ца йо терго, цара дерриге а меттигерчу Ӏедалхойн керахь дитина“, - тешна ву Кутаев.

Нах лечкъор, хIаллакбар, уьш нуьцкъала Украинерчу тIаме хьажор – бахархой муьтӀахь латторан барам бу

Дуккха а шерашкахь Нохчийчуьрчу бахархошна нийсо лохуш гIоьнча хилларг Европерчу адамийн бакъонашкахула йолу кхел йара. Дукха хьолахь, зен хилла нехан гIуллакхаш кхелехь дӀахьош йара бакъонашларъйаран организацеш, масала, "Правовая инициатива" а, "Мемориал" а.

Амма 2009-чу шарахь цхьа могӀа бакъонашларъйархой – Эстемирова Наташа а, 2009-чу шарахь Садулаева Зарема а, цуьнан майра а байинчул тӀаьхьа, 2018-чу шарахь Соьлж-ГӀаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Оюб чувоьллийча, “Комитет против пыток” белхахошна тӀелетарш динчул тӀаьхьа, бакъанашларъйархойн организацеш дӀайахара республикера .

Федералан центро республикан куьйгаллина хьалха хӀоттийна коьрта декхар - халкъана тIехь Ӏуналла латтор ду. Цундела, иза кхочуш дан, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан бакъонан майданера дӀайаккхина, бохуш, кхетадо Венерчу "Ичкерия" културан центран куьйгалхочо Исханов Хьусейна.

"Нах лачкъор, хIаллакбар, нуьцкъала Украине хьежор – иза халкъ муьтӀахь латторан цхьа кеп йу. Ӏедал кхоьру резадацарш хиларна, хӀунда аьлча, цунах шайна кхерам болун дера", - бохуш, кхетадо цо.

Нохчийчуьра нийсо лоьхучу нахана, тӀаьххьара лазаме хилларг - 2022-чу шарахь зазадоккху-баттахь Оьрсийчоь Европан Кхеташонера арайаккхар а, цул тӀаьхьа ЕСПЧ-н сацамаш кхочуш ца дан бакъо луш долу Оьрсийчохь низам тIелацар а. Бакъонан а, къоман политикин а институто бинчу хаамца, Оьрсийчоь Европан кхеташонера арайаллачу хенахь ЕСПЧ-н кхелехь 18 эзар сов Оьрсийчоьнна дуьхьал йадина гӀуллакх дара. ХIинца, дукхаха болу сацамаш хан йоцуш тӀаьхьатеттина.

2024 шеран гезгмашан-беттан 5-чохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн ОБСЕ-н гӀуллакхийн хьаькамо Бракер Кэтринас Венехь хиллачу кхеташонехь жамӀ дира, "Оьрсийчоьно, шен дозанехь кхиийна адамаш лечкъоран инзаре практика, уггаре а ирча хьал ду Нохчийчоь", аьлла, шен къамел дерзийра спикеро.

  • Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатарх. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и ву заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. ХIинца а полицин декъехь латтош ву боху иза. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош ву кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга аьлла: Украинана дуьхьал тIамтIе доьлху шу, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте.
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь ницкъхоша лачкъийна бӀеннашкахь меттигера бахархой, лоьмарш тӀехь "Дустум" дош а, неӀарехь "К13" йоза а долу "Лада Нива" машенах цӀетасар бахьана долуш – машен хиллера Кадыровн кӀанта Адама лелош. Цул тӀаьхьа дуккха а меттигашкахь рейдаш дIайахьарх а, нах лечкъорах а информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Лачкъийначех цхьаъ, нохчийн оппозиционерийн информацица, полисхоша ницкъ бинчул тIаьхьа велла.
  • ГIуран-беттан 17-чу дийнахь оппозицин NIYSO боламо дӀахьедира Нохчийчохь шайн жигархочун гергарнаш лечкъийна бигина аьлла. Вуьйцург ву Мустафинов Ӏабдул-Вахьидан 70 шо долу деваша а, цуьнан кӀант Мухьаммад а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG