ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думерчу шина депутатана мидалш елла Путина


Саралиев Шамсаил
Саралиев Шамсаил

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина, Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентерчу шина депутатана пачхьалкхан совгIаташ дарх. Саралиев Шамсаилна Невский Александран орден йелла, Догаев Ахьмадна – Доьналлин орден.

Шен телеграм-каналехь Кадыров тIетевжина,Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран совгIаташ дарх омранаш, президентан официалан сайтехь зорбане хIоттийна дац.

Кадыровс чIагIдарца, Невский Александран орден йелла Саралиевна "парламентаризм кхиорехь доккха дакъалацарна а низамаш дахарехь жигаралла гайтарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а".

Догаевна хIунда дина совгIат, Кадыровс ца дийцина, делахь а билгалдаьккхина, "йийсаре эцна вайн эскархой маьршабахарехь депутатийн корпусо украинхойн агIонца экаме дийцарш деш болх бу дIахьош" аьлла. Иштта Кадыров Рамзана яздина, Догаевн вешин кIант Украинехь кхелхина аьлла, цуьнан цIе а ца йоккхуш, йа кхин сов информаци ца юьйцуш. Диллинчу хьасташкахь Догаевн вешин кIант валарх информаци яц.

  • Шамсаил Саралиев 2011-чу шарера схьа дуьйна ву Оьрсийчоьнан парламентан декъехь, 2016-чу а, 2021-чу а шерашкахь "Единая Россия" партин тептарехула хаьржина ву иза. Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовс а ву иза. Парламентехь болх бечу 11 шерачохь кхеташонашкахь 20-зза бен вистхилла вац иза. ТIаьххьара дош элира цо Соьлжа-ГIалара кIоштийн кхелийн цIераш хуьйцуш низаман проект йийцарейеш, цул хьалха – 2021-чу шеран дечкен-баттахь. 2011-чу шарера схьа дуьйна Саралиев юкъахь волуш 44 низаман проект кхоьллина. Дустуш аьлча: 2021-чу шарахь Думехь 505 низам тIеэцна "Гарант" компанин хаамашца, 2016-чу шарера схьа дуьйна иза уггар лахара барам бу.
  • Ахмед Догаев - Пачхьалкхан Думан депутат хIоьттина "Единая Россия" партин тептарехула 2016-чу шарахь. Кхаьжнаш тесча чекх ца ваьллера иза, делахь а, Кадыров Рамзана шен мандат дIаделира цунна. Парламентан къаьмнийн гIуллакхийн комитета юкъахь ву Догаев. 25 низаман проект кечйина иза юкъахь волуш, цкъа а дош аьлла, вистхилла вац парламентехь.
  • Кху шеран чиллан-баттахь Саралиев Шамсаила хьийхира Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсашкахь бистхиларна доза тоха деза, экстремизмана а, терроризмана а бехкебина, федералан лехамашка беллачу нахана аьлла. Инициатива коьрте еана хила тарлора, федералан лехамашка велла ЯнгулбаевгIеран ши ваша – бакъоларъярхо Абубакар а, оппозиционер ИбрахIим а вистхуьлуш хиларна зорбанашкахь.
  • Иштта чиллан-баттахь Догаев дIакхийтира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Даудов Iумара инстагарамехь юкъаяьккхинчу "Со Кадыровн пехотинец ву" аьллачу флешмобах. Кадыров даржах мукъаваккха аьлла, политико Яшин Ильяс йолийна, 200 эзар куьйг гулдинчу петицина дуьхьал делла жоп дара иза. Верриг а флешмобехь дакъалаьцнарг вара 500 гергга стаг, царех доккхаха долу дакъа – нохчийн хьаькамаш а, кепарчу тIегIанашкара депутаташ а бара.
  • 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь Саралиевс юкъадаьккхира, "мигранташца проблемаш" йерзон еза, царна тIехь дийнахь а, буса а терго латтош, болх бина бевллачул тIаьхьа аэропорте уьш дIа а кхетош аьлла.
  • Бельги веддачу нохчийн гейх лаьцна "Тихий голос" Река Валерик кино гайтахь, "сингаттам боккхур бу" аьлла документалан фильмийн фестиваль вовшахтоьхначарна 2021-чу шеран охан-баттахь кхерамаш тесира. "Новая газетана" гучуваьллера кхерамаш тийсинарг, ша Шамаев Сулиман ву, Саралиев Шамсаилан гIоьнча а ву аьллера цо. Иштта социалан машанашкахь дара Шамаевн Догаев Ахьмадца даьккхина сурт.
  • 2021-чу шеран чиллан-баттахь Саралиевс дехар динера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга, Британера Закаев Ахьмадна экстрадици йе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG