ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна дронашца дина тIелатар а, нах лечкъор а. КIиранан жамIаш


Нохчийчоь, гайтаман сурт
Нохчийчоь, гайтаман сурт

Нохчийн спецназан командирах университетан "сийдолу профессор" хилла, Нохчийчоьнна дронашца доьалгIа тIелатар дина, жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 94-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Нохчийчоьнна дина тIелатар

Къилбаседа Кавказана а, Оьрсийчоьнан къилбана а дронашца а, ракеташца а тIелетарш до. Украинехь тIом болийчхьана кху кIиранах хIинцале а доьалгIа дронаш йаьхкира Нохчийчу

ГIуран-беттан 15-чу дийнахь Ӏуьйранна ши дрон чуйожийра, ткъа кхоалгӀаниг охьайоьжнера "Ахмат-Грозный" ОМОН-ан дозана тӀе, дIахьедира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, вийна а, лазийна цхьа а вац. Шайн бӀаьргашца и сурт гинчара йаьхна видеош гучуйевлира интернетехь. Оппозицин Niyso боламан хаамашца, меттигера бахархой эргIад баханера, нах бехачу кӀошташкахь бен-башха доцуш герзаш а детташ, эскархой дронаш йохон гӀертарна. Жигархоша чIагIдо, ОМОН-н база йоцург, лаамхой олурш Украине хьийсочу тIеман кхин цхьа база а йохийна бохуш. Официалехь и тIечIагIдина дац. Къаьсттина Украинера схьа тIелетарш до Ростовн кIоштана. ТIаьххьарчу ворхI дийнахь цига йеана хилла 36 дрон йохийна, ишта 13 ракета а.

Алаудинов МГУ-н "сийдолу профессор"

Кху кIиранах хилла керла масех хаам хьакхало нохчийн "Ахмат" спецназан командир волчу Алаудинов Аптих.

Кху шеран гIадужу-баттахь дуьйна федералан каналаша а, Ӏедалан хьукматаша а Алаудинов вийцар сацийнашехь – цхьана гезгамашин-баттахь ТАСС агенталла б1е цхьайттаза цIе йаьккхира цуьнан. Ткъа гIадужу-баттахь шозза бен ца хьахийна, амма телеграм-каналаша хӀинца а жигара терго латтайо цо лелочунна тIехь.

Цу кепара гӀараделира, хӀинца инарла-лейтенант волчу Алаудиновн а, Москвара пачхьалкхан университетан политологин факультетан шолгӀачу курсан студентийн а цхьаьнакхетарх лаьцна. Хетарехь, цига цуьнан вахар доьзна долчух тера ду "тикток-эскаршна" тIехула даьллачу девнаца. Дешархойх цхьаннан, "Дом-2" телепроектехь дакъалаьцна хиллачу Балтер Анастасиян юкъарчу чатехь дов даьллера шеца цхьана доьшучу 19 шо долчу Саныгина Викторица. ТӀаьххьарчо дагадаийтира, тIамана йуьстах нохчийн дакъоша тIом болабелчхьана кепаш хIиттош йоху роликаш бахьана долуш, царах "тикток-эскарш" олуш.

Оцу тIехула Батлера тIедожийнера Саныгина доьшучуьра дIайаккха, цунна дуьхьал "экстремизман" артиклехь бехкзуламан гIуллакх а доладе аьлла. Цул тIаьхьа цо ша латкъамбира, цхьана доьшуш болчу студенташа бехкаш доху шегара аьлла.

"Сан групперчу накъосташа суна дуьхьал питана гулдинера, цара соьга бохура, нохчашкахьа гIо дохуш йолу хьо лартIахь йац, соьца цхьаьна доьшийла а йац. Со дIайаккхийта ишта йамартло кечйина цара. Кхеташ ду, уьш бераш хилар а, церачух гIуллакх хир доций а, со нохчашкахьа йу, ткъа цара иштта харцо лелайо соьца", бохура йоIа.

Девна йукъа университетан куьйгалла гIоьртина ца Ӏаш, Алаудинов а цхьана юкъавеара цу конфликтана. ТӀаьхьо Балтера дийцира "Ахматан" командиро шега телефон тохарх лаьцна. Цо дӀахьедина бохура, ша студентана "гечдан" сацам бина, хIунда аьлча, цо шега къинтӀера валар дехна аьлла. ТӀаьхьо университетан телеграм-каналехь гучуйевлира кадыровхочун а, студентийн а цхьаьнакхетарехь даьхна суьрташ. Къаьмнашна йукъахь цабезам ма гӀаттийта аьлла, кхайкхамаш бина а хиллера Алаудиновс, ишта Укаинана дуьхьал тIемаш бечу кхечу декъашхоша куьйгаш йаздина, Москвара университете йеанчу байракха тIехь шен цIе а йитира цо.

Редакцица хиллачу къамелехь политолога Айсин Руслана карладаьккхира, цхьаболчу нахана моттбеттар – карьерехь лакхавала эвсаре гӀирс хилар.

"Моттбеттар, айкхалла лелор Оьрсийчохь политикан билгалонан а, муьтIахьаллин а кеп йу. Тахана хуьлуш дерг – тоххара лелийначун бух бу. Суна хетарехь, тахана "Оьрсийчоьнан уггар а воккха патриот" хила гIерташ, "Ахматан" [Апти] Алаудинов а, Кадыров а хьалха лелхачу йукъанна, хIара цаьргахьа йолу апелляци кхин а гена йер йу".

Цул тӀаьхьа масех де даьлча Алаудинов Апти хилира Къилба-Малхбузерачу федералан университетехь а, цигахь цунах сийлахь профессор вира. И цӀе дукха хьолахь луш йу, нагахь санна, хьо Ӏилманехь а, дешарехь а доккха дакъа лаьцна велахь, наггахь луш йу культурехь а, кхоллареллехь а къа хьегнехь а. Нохчийчохь Ӏазапан набахтеш схьайоьллуш дакъалацарна а, Украинехь зуламаш дарна а санкцеш кхайкхийначу Алаудиновх сийлахь профессор муха хилла – хууш дац.

Шена и цIе йаларх со кхетийра, хьалхо студенташца "синан тIегIанехь къамелаш дарна" аьлла.

Оцу юкъанна, гӀараваьллачу КхойттолгIа z-блогеро, бакъйолу цIе йу Гузенко Егор, бехке бира Алаудиновн куьйга кӀел болу нах гӀело йарна а, хаддаза кхерамаш тийсарна а. ГIадужу-беттан юьххьехь Ставрополь-махкарчу Новопавловскехь лецира Гузенко шина бехкаца: ницкъахошна дуьхьал ницкъ барна а, герзаца харцахьа леларна а. Кхелехь дӀахьедира, 2021-чу шарахь блогеро цхьана стагана газа тапча тоьхнера, цул тӀаьхьа дIасавалар шена дихкина хиллашехь, Украинин оккупаци йинчу дозанаш тӀе дIаваханера аьлла. ХӀинца Гузенко йуха а маьршаваьккхира – кхело бакъо йелира цунна тӀаме ваха.

КхойттолгIачо жигара критика йора "ахматхошна", хетарехь, цу декъан эскархоша ницкъбар оцу тIехула хиллачух тера дара. Дуьйцург хIун ду, Гузенкос билгал ца даьккхира, амма цо элира, набахтен администрацихь Iазап хьегийтира шега аьлла.

Ницкъ барал сов, цо бехке бира кадыровхой, шен нанна кхерамаш тийсарна а, цунна тIаьхьабевлла леларна а. Блогеро тIедожийна, ша Iадвитар, ца хуьлчу далахь, "Ахматаца" хиллачу девнах лаьцна кхин дIа а хаддаза дуьйцур долуш ву иза. Цу хьолах лаьцна комментарий ца йира "Ахматан" командира.

Кадыров а, Шема а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийна Оьрсийчуьра Шема йалта кхидӀа а кхачор хиларх лаьцна. Нагахь санна, йалта кхехьар сацадахь, политик кийча ву Кадыровн цIарахчу йукъараллин фондан чоьтах Шемана йалта латтон.

Нохчийчоьнан Ӏедало оцу чоьтера оьцу Украинина дуьхьал тӀом бан ахча а. Журналисташа дийцарехь, иза Кадыровн шен долара фонд йу, и дIайузу ишта пачхьалкхан белхахойн гIоьнца а.

Оьрсийчоьнан йалта оьцучу нехан тептарехь 24-чу меттехь йу Шема, йаздо РБК хьосто. Кху шарахь гергарчу хьесапехь 300 эзар тонн гӀирс дӀакхачийна цига. ГIуран-бутт болалуш, Башаран Асадан Ӏедал доьжначул тӀаьхьа Reuters агенталло хаамбира, йалта дохьуш догIуш хилла Оьрсийчоьнан ши кема Шема кхаьчна дац аьлла.

И информаци харцйина ца Ӏаш, Кадыровс хьийхира Асад Башар вохийна йолу "ХӀаят Тахрир аш-Шам" тоба Оьрсийчоьнан террорхойн тептарера дIайаккхар а. Цул совнаха, иза кийча ву махкара нохчийн тӀемалой а, тӀеман инструкторш а цу пачхьалкхе хьовсон, нагахь санна, президента Путин Владимира иштта омра дахь.

Тхан редакцино кIорггера дийцира Шемахь хиллачу карчамах лаьцна. Къилбаседа Кавказера бахархоша Асадан Ӏедал дохош дакъалацарх лаьцна йеша таро йу тхан сайтехь.

Мусаева Зарема СИЗО-хь йу

Нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгӀеран 55 шо долу нана, политикан тутмакх Мусаева Зарема йуха а талламан изоляторе дIайигина. Цунна дуьхьал айдина керла бехктакхаман гӀуллакх теллина даллалц цига дехьайаьккхина иза. Дахначу кӀиранах Талламан комитето бехке йира Мусаева таIзар кхочушдаран федералан урахаллин белхахочунна тӀелатар дина аьлла. Официалан версица, дарбан цӀийне йуьгучу заманчохь, зудчо тӀелатар дина кхерамазаллин белхахочунна, цуьнан белш тӀера погон а йожош. ХӀинца Мусаевана набахтехь йаккха кхин а пхи шо хан тоха кхерам бу. Цул а хьалха тоьхна хан чекхйолура цуьнан зазадокху-баттахь.

Мусаевас бехк тIе ца лоцу. ТIаьххьарчу шарахь лазарш чIагIдаларна, йолайалар а халла дара цуьнан. Инсулинах йоьзна диабет а цхьана токхуш схьайогIу иза. Цуьнан дозанал а арахьа бехачу кIенташа бечу оппозицин балхаца доьзна, закъалтхо йина Мусаева Заремех, аьлла хета "Iазапашна дуьхьал Командин" бакъоларйархошна.

Цунна дуьхьал шолгIа гIуллакх айдира, цуьнан цхьахволчу кIанта Кадыров Рамзанах лаьцна кIоршаме къамел дина ши де даьлча.

Дагадоуьйту, Мусаева Зарема 2022-чу шеран дечкен-баттахь дуьйна лаьцна латтош йу. Нохчийн ницкъхоша Лаха Новгородера шен петарера бертаза ара а йаьккхина, Соьлжа-ГӀала дӀайигира иза. Цигахь меттигерчу полисхочунна тӀелатар дарна бехке а йина, 5 шо хан туьйхира зудчунна таӀзаран колонехь йаккха. Юристаша масийттаза билгалдаьккхира цу гӀуллакхехь харцо лелорах, амма цо а Ӏаткъам ца бира кхелан сацамна. ТӀаьхьо Мусаева Зарема хенал а хьалха арайалийта шозза дуьхьало йира.

Жигархочун Нохчийчуьра гергарнаш лечкъор

ГIуран-беттан 17-чу дийнахь оппозицин NIYSO боламо дӀахьедира Нохчийчохь шайн жигархочун гергарнаш лечкъийна бигина аьлла. Вуьйцург ву Мустафинов Ӏабдул-Вахьидан 70 шо долу деваша а, цуьнан кӀант Мухьаммад а.

Уьш лачкъорна бехкево NIYSO-но Кадыров Ахьмадан цӀарахчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан лерринчу полкан буьйранча Чалаев Замид. Дийцарехь, Бенойн БойсагIаран цӀарахчу полкан базехь латтош бу МустафиновгӀар.

"Шингара а даьлла хIума дац, церан гергарчу стага Iедалхойн рожах а, церан зуламех а лаьцна дийцар доцург", - аьлла ду бинчу хаамехь билгалдаьккхина.

Жигархочун гергарнаш боцурш, Iалхан-Йуьртара кхин а ши вахархо - Дадаев Iадлан а, цуьнан кIант Ислам а лачкъийна, дIахьедо боламо. Болчу хаамашца, и шиъ а латтош ву 2-чу лерринчу полкан декъа тIехь. Кхечу хьасташкара хIара информаци тIечIагIйина йац.

ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалин йистехь эскархошна тӀелатар дина аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа йуха а дӀадолийна Нохчийчохь жигара "зачисткаш" йар.

Тхан сайто масийттазза хаамбира, кхерамазаллин структураша кест-кеста меттигера бахархой лечкъош хиларх. Коьртачу декъана кхаа бахьанца хуьлу и: харц бехктакхаман гӀуллакхаш дуьхьал а дохуш, статистика алсамйаккхархьама, йа Украинина дуьхьал тӀом бан нах гулбархьама, йа тIамтIе ца бохуьйтург – ахча даккхархьама.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
  • Audio

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG