Нохчийчухула йолчу Росреестран куьйгалхочун гIовс хилла волчу, Хьалх-Мартанан кIоштан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсас Мустаев Мовсара кхелехула йухайерзийна шена экономикан Iиманан кандидатан цIе. Хьалхо Оьрсийчоьнан Iилманан министралло цуьнгара дIайаьккхинера иза, диссертацехь дуккха а кхечу белхашкара схьаэцна дакъош хиларна.
"Шога къийсам болчу хьелашкахь регионера йохк-эцаран инфраструктурина пачхьалкхан Iуналла даран барамаш кхоллабалар (Нохчийн Республикан масаллица)" боху темица йара цо 2011 шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаькктан техническан университетехь гайтина диссертаци. "Диссернет" олучу йукъараллин декъашхошна билгалделира, оцу балха тIехь масех схьаэцна дакъош хилар: Умова Нинин, Сангинов Облокулан, Бисултанова Азин, Архипова Василисин а, кхинболчу Iилманчийн а белхашкара. Оцу буха тIехь Iилманан министралло нохчийн хьаькам Iилманан кандидатан цIарх ваьккхира.
Шен орзехь Мустаев Мовсара бохура, аттестацин лаккхара комисси цо ша дакъа ца лоцуш дIайаьхьира, шега хаам ца бинера цунах лаьцна, почтехула тийсина кехаташ схьа ца кхачарна, аьлла цо. Цо бохучунна реза а хилла, кхело йухаийцира Iилманан министралло бина сацам.
Официалерчу биографица а догIуш, 38 шо долчу Мустаев Мовсара Волгоградера пачхьалкхан техническан университет чекхйаьккхина, иштта Нохчийн пачхьалкхан университет, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолу пачхьалкхан белхан а, къоман даьхнийн а оьрсийн академи, Оьрсийн агротехнологическан институт а. 2006-2009 шерашкахь "Международный комитет Спасения" олучу корпорацин филиалан менеджер вара иза. 2011 шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин мэрехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, урхаллин а администрацехь болх бан кхиъна иза. Росреестрехь даржехь ву иза 2020 шеран зазадоккху-баттахь дуьйна.
- Iилманан даржаш ду аьлла совнаха тIедаьхначу ахчаш схьадахаран хьокъехь Кхарачой-Чергазийчоьнан МВД-но Абдулхамидов Асланна, Хубиев Мохьмадна а дуьхьал делла арз къобалдан дуьхьал хилла кхел – кхин а МВД-н 11 белхахочо оьцуш хилла совнаха ахча оцу хьукматехь, Iедало къобалйина йоцучу организацеша йеллачу Iилманан цIершца.
- Ростовн мехкан низамаш дахаран кхеташонан депутатера Куринова Янера схьайаьккхира юридикан Iилманийн кандидатан цIе – цуьнан диссертацехь дуккха а тIеэцна дакъош хиларна. Iилманан министралло бинера и сацам, цунах лаьцна хиира лахьан-беттан 15-хь.
- Къилбаседа Кавказера политикашлахь даьржина ду Iилманан цIерш лелор, царах доккхачу дакъо цкъа а институташкахь белхаш ца бинехь а, бехха талламаш ца лелийнехь а. Царах цхьаболучара политикица цхьаьна Iилманан гIуллакх леладора, кандидатан, докторан а диссертацеш йазйеш. Оцу диссертацийн цхьа дакъа плагиат хуьлура. Кавказ.Реалиин сайто теллира, Къилбаседа Кавказера политикаша шайн белхаш кхечеран белхашна тIера "схьайазбина" меттигаш.